ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненна гобаккха дагахь ву Муса


Нохчийчоь -- Делтапланна тlехь дуьненна го таса лууш ву Садулаев Муса, Соьлж-гlала, 27Гlа12

Нохчийчоь -- Делтапланна тlехь дуьненна го таса лууш ву Садулаев Муса, Соьлж-гlала, 27Гlа12

Дукха нах хир бац, шаьш жималлехь сатийсинарг кхочуш хилла. Ткъа кхочуш хилла бераллера аьрха лаам Терйистерчу Горагорскехь хьалакхиинчу Садулаев Мусан. Цо моторца стигалдолу дельтаплан эцна, ша даима а кема лело лууш ваьхна хиларе терра. Цунах юьртахоша букъ тΙехьа «тамаше стаг» олу. Амма Мусан дог-м ду кхин а гена стигал кхийдаш...



«От винта»! ( Кеман новкъа доккхуш ден буьйр, оьрсийн маттахь)

Оцу дешнашца хIаваэ гIаьттира, Маршо Радион корреспондент тIехь волу, Садулаев Мусас урхалла ден мотодельтаплан. Масех минот ялале 200 метр лакха хьалаайделира иза. 15-х минот яьлча лаьттахь цунна биллинчу некъа тIе охьахиира.

Ала догIу, хийла сан дIасавахар нисделла кема а ца хиина ишшта кIеда охьа. Дельтаплан лаьтта доьссича, некъа тIехь машенаш а сецийна, лаьтташ бара нах, "хIун ду, мила ду" хаа лууш.

Ишшта хIораза а хуьлу. Ша цунах воьлла, боху Мусас. Нахана хIинца а инзаре хета хIаваэхь сел жима кема гича. ХIаваъкеманашца болу дагалецамаш башха дика а бац вайнехан - дагахь лаьтта, махка тIе бомбанаш етта бен, кеманаш лелла а доцу мур.

Садулаев Мусана дукха жима волчу хенахь дуьйна лаьаара хIаваъкеман пилот хила. ХIинца, жима далахь а, шен долахь ду цуьнан иза. Маршо Радиога дийцира цо шен хоббех лаьцна.

Садулаев: «Жима волуш тIемавала аьттонаш боцуш Iийна со. Ши шо герга хан ю ас хIара кема эцна. ХIетахь дуьйна карадерзош ву.

МР: Нохчийчохь мелла а инзаре хета хIара тайпа кема. Нах тIеоьхий хьуна? Хоьттий кхунах лаьцна?

Садулаев: «Нах чIогIа цец а буьйлу, тIемабовла кхера а кхоьру, амма, тIемабевллачул тIаьхьа, бакхий бийна а ца бовлу. Нохчийчохь гуттара а инзаре ду тIемавалар а, шен долахь, жима далахь а, кема хиларта. Оьрсийчохь а дукха дац хIара тайпа кеманаш».

МР: Ткъа мел кхераме дуй хIара кема?

Садулаев: «Кхераме-м вилспет а ма юй. Вайна ма хаъара, хIора дийнахь аьлча санна, машенаш тIехь нехан баларш хуьлу. Машенашка даьккхича, кеманаш тIехь бохамаш кIезиг хуьлу. Делахь а, машенаш тIехь лела ца кхоьру нах, ткъа, кеманца тIемабовла кхоьру".

МР: ХIуна хIун ло кеманца хьо тIемавийларо?

Садулаев: «ХIаваэ со хьала моссаза волу, сан беран санна, самукъдолу. ХIоразза ас иза лелоран корматалла хьалакхайоккху. Цунах воккхавийна а ца волу со.

ХIара кема ас дорах долундела эцна. Ткъа суна дезарг-м кхин ду. Цхьаболчарна-м иза беракема ду а моьттур ду. Амма иза ишшта дац. Автожир я гироплан а олу цунах. Цу тIехь суна лаьа дуьненна гобаккха. Оцу кеман тIехь цхьана стага дина дац иза. Нагахь санна, сан аьтто хилахь, со дуьххьарлера стаг хир ву.

...20-х сов пачхьалкхехула 42 эзар километр чекхвала дезар ду. Вайн нохчашна хир ю и рекорд, нагахь сан лаам кхочуш хилахь. И «нохчийн лар» йита дагахь ву-кх со жимачу авиацехь».

Жимачу авиацехь «нохчийн лар» йита гIертачу Садулаев Мусан дуьненна гобаккхар тахана-кхана аьлла хир ду аьлла дац. Иза кхочуш хила дукха хIума оьшу. Амма коьртаниг - 46 шо долчу Мусана хетарехь, хIаваэ хьалавала ца кхерар а, хьалха Iалашо хIоттор а ду. Ткъа важадерг-м хиндолу хIума ду, аьлла тешна ву иза.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG