ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн ловзар ду хIоккей


Нохчийчоь--Къона нохчийн хIоккейхо ву ша тIе вала кечлуш. Соьлж-ГIала, 09Чил2013

Нохчийчоь--Къона нохчийн хIоккейхо ву ша тIе вала кечлуш. Соьлж-ГIала, 09Чил2013

Ши шо кхочуш ду Нохчийчохь хIоккейн дуьххьарлера тоба вовшахтоьхна. Иза кхоьллинарг ву, махка болх бан веана Словенера гIишлошъярхо. Шен чоьтах латтош ю цо тоба. Гарехь дикка кхиамаш а бу нохчийн хIоккейхойн.

Дуьззина ши шо а дац Нохчийчохь доьххьарлера хIоккейн тоба кхоьллина, амма, хIинцале, шех, дуьйцутуш ю иза. Дукха хан йоцуш, Словенерачу Любляна-гIалахь, «Змачков» олучу берийн хIоккейн турнирехь шолгIа меттиг а яьккхина цIабаьхкина нохчийн кегийра хIоккейхой. Хьалхара меттиг яьккхинарг ю, иттанаш шерашкахь шай махкхаь хIоккей йолу меттигера тоба.

Нохчийчохь хIоккей кхоллар хиллера оцу Словенера кхуза шен фирмица болх бан Ферков Матиаж веанчул тIаьхьа. Ша а цхьана хенахь хIоккейхо хилла волу иза, Соьлж-ГIалахь ша тIехь хахкавала оьхуш хилла, шен накъосташцаний. Цигахь цо терго йина, нохчийн берашна канкеш хахка лууш хиларна. ТIаккха дагадеана шена элира цо нохчех тоба вовшахтоха.

Ферков Матиаж: «Со хIоккейхо хилла ву Словенехь. Нохчийчу гIишлошъяран болх бан кхуза веъча, суна гира кхузахь болу ша. Ас, кхузара сайн накъосташка хаьттира, хIоккей юй шу кхузахь аьлла. Яц аьлча, суна дагдеара иза кхолла. Ши шо кхочуш дут оба йолу. Бераш дика къахьоьгу, дIагIерта уьш. Ницкъ а, гIора а ду цаьргахь. Ницкъа а , дог а , яхь а оьшуш йолу спорт ю хIоккей».

Шен ахчанах хIоккейхойн лерина духар а, гIирс а эцна, бераш тобане вовшахдетта волавеллера словенхо Ферков Матиаж. ХIоккей яц бохучу махкахь цунна карийра хIоккейхойн тренер Мударов Джамбулат, ша а Оьрсийчоьнан КъилбаСедерачу махкарчу цхьана тобанехь лоьвзина волу.

Цул сов, цуьнан говзалла а хилла хIоккейн-тренеран. Ферков Матиажс, иза алап а луш, балх дIаэцна ву хIинца. Джамбулате хаттар делира Маршо радионо, хIоккей чIагIлура йолуш юй Нохчийчохь аьлла. Цо ишшта жоп делира.

Мударов Джамбулат: «ХIоккей хир йолуш ю. Ца хила йиша яц. Бераш лууш ду ловза. Хьуна гуш бу-кха уьш, церан лаам мел чIогIа бу. Цхьберш хехкалуш ах шо ду, кхиберш шо ду. ХIинцале гуш ю прогресс. Кхуза шайб ерша Iдаэца богIуш дукха нах хуьлу. Футболан академера а дахкадо тхуна бераш. Духар а, меттиг а ца хиларна Iаш ду тхо, уьш дIацаоьцуш».

Тахана, нохчийн хIоккейн тоба, кхаа декъе екъна ю. КIирнахь шина сахьтехь бен ца хуьлу церан Iаморш, амма, гергарчу хенахь ялх сахьте и хан яхъян Iалашо ю. Кхаа баттахь бен ловзуш боцу нохчийн хIоккейхой луларчу ХIирийн махка бигнера цигарчу тобанца ловза.

Дуьххьара эшнера. Цхьа ши бутт баьлча эша а ца оьшуш, тола а ца тулуш лоьвзинера, амма, кхозлогIа бахча, хIирийн тобанера толам а баьккхина цIа бирзинера нохчийн хIоккейхой.

Мударов Джамбулат: «Тхо цига доьлхучу хенахь, цкъа а кхечу тобана лоьвзина а дацара вай бераш. Буру-гIалара тоба йолу 2-3 шо дар. Церан говзалла а лекха яр. Цигахь цхьа жимма яхье боьвлира, амма, ийшира 24-0 а йолуш. Амма, кхин ишшта эшам хира болуш бац вайна».

Уггаре а чIогIа, шай кIентех хIоккейхой хилийта лууш церан дай-наной бу. Баккхийчу доьзалшца оьху уьш, ловзаршка-Iаморшка хьажа. Словенехь хиллачу турнирехь, уггаре а дика чутухушверг ву аьлла билгалваьккхинера нохчийн жима хIоккейхо 9 шо долу Бисултанов Рахьман.

Оцу ловзаршкахь цо 30 шайб чутоьхнера. Баккхийчара забарш йо, гол чутоха оцу кIента лаам дукха чIогIа болуш, иза цу меттехь саца ца винехьарий, шечарна чуетта а мегар бохуш. Иза муха кхаьчна хIоккей дуьйцу цуьнан дас Хизирс.

Бисултанов Хизир: «Ша тIехь хахкавала веанчу хенахь, Матиажна гина иза. Цо ишшта хIоккей лвза ваитахьара аьлла,ишшта кхаьчна иза кхуза. Словенехь 30 уза чутоьхна аьлла. тоьлла бомбардир ву аьлла цIе еллера. Дика ловза бохуш-м ву иза кхузахь».

Сулибанов Iусман цIе йолчу денна шен кIант го кханалерачу заманахь, дуьненахь гIарваьлла хIоккейхо. Оцу гIуллакхан ша хIума кхоъдийра дац, элира цо.

Сулибанов Iусман: «Хьайн езаш йолу спор харжа аьллера ас кIанте. Шена хIоккей ваха лаьара, аьлла цо ша бина харжам бу иза. Цунна лууш дерг ду иза. 4 бутт бен бац кху юккъе иза веан. Цхьа шо ах шарахь ловзучеран тобанна юккъевахийтина иза хIинца. Кхиамаш бу-м боху цуьнана. Хуур ду-кха, тIейогIучу заманахь муха хира ду. ХIума кхоо дагахь-м вац со».

ХIоккей, нохчашкахь чIогIа йогIуш спорт хилар шеко яц оцу берийн дайшна. Ишшта хета Сулибанов Iусманна а.

Сулибанов Iусман: «Нохчийн къомца йогIуш спорт ю хIоккей. Вай амалца а, тIахаьлла хиларца а. Цундела, футбол санна оьшуш ю иза. ХIоккей ловзар а ду, латар а ду. Вай цIахь дукха чIогIа кхиам хира болуш спорт ю хIар».

Церан дог тешадо и тоба кхоьллинчу словенхочо Ферков Матиажс а. Масех шарахь, ша уьш дика гIарабохура бу, элира цо.

Ферков Матиаж: «Суна дика ца йоьвзу Оьрсийчуьра хIоккей. Суна хаа, хIара бераш кхо шо даьлча, шай нийсархошна юккъахь тоьлла хира буйла».

Нохчийчоьнан Iедалш, шай агIора аьтто бийра бу бохуш дIахьедар дина, махкахь хIоккей яьржорехь а , царна аьтто барехь а. 2011 шарахь йина яьлла хила езаш яра, леррина шен шахIар олуш йолу гIишло. Амма ца хуучу бахьанашца иза йина яц хIинца а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG