ТIекхочийла долу линкаш

Муьлш бара ГакаевгΙар – «шайтΙанаш» я къоман яхь йолу кIентий?


Нохчийчоь - Дечкен-беттан 24-чу дийнахь кхелхина вежарий-амираш Хьусайн а, Муслим а

Нохчийчоь - Дечкен-беттан 24-чу дийнахь кхелхина вежарий-амираш Хьусайн а, Муслим а

Кху беттан 24-чу дийнахь Элистанжа-юьртана гергарчу хьаннашкахь Нохчийчуьрчу тΙеман а, полицин а дакъоша вийна 12 гΙаттамхо, шайлахь баьччанаш, ши ваша ГакаевгΙар - Хьусайн а, Муслим а волуш. Махкарчу Ιедалан хьостанаша оцу хьокъехь хестабо шен герзахой, уьш тIамехь тоьлла бохуш. Ткъа гучудолуш ду тΙемалой шайгара патармаш кхачийча лилхина хилар.



Шина хьесапехь, шина амалехь, шина шовкъехь ехара ши Нохчийчоь.

Цхьаъ – толуш, хазлуш, яха чухьадда хьийзарг ПайхΙамаран ду боху чоаш, кΙажар, бедарш яхьаш баьхкинчу Ιаьрбаша ирсах ехьайора, хазахетарх елхайора.

ШолгΙа Нохчийчоь – лаьмнийн чΙажашка йирззинчохь, герз а карахь, елла дΙайоллуш лаьтта маршонан охΙла Нохчийчоь – рогΙера шахΙадат тΙеоьцуш яра оццу ПайхΙамаран дуьхьа.

Ший а Нохчийчоь тергонехь кхобуш, хуьлучух жоп луш, урхалла деш вара цхьана Нохчийчоьно шен да а лоруш, вукху Нохчийчоьно мостагΙ олий бен цΙе йоккхуш а воцу мехкан коьрта хьаькам.

Оцу дийнан сарахь Кадыров Рамзана мехкан телехьожийлехула дозаллийца хаийтира ша шерашкахь сатийсинарг Элистанжарчу хьаннашкахь кхочуш хиллийла. Шен децΙа Хоси-Юьрт цкъа цΙарла а тΙехь хьарчийна болу вежарий ГакаевгΙар – Муслим а, Хьусайн, и "шайтΙанаш", Кавказ-Имаратан амирал Умаров Доккел а кхераме бара, амма Ιедалан ницкъаша хьуьнар гайтар бахьана долуш уьш байъина, аьлла дара дΙахьедар.

Информацин дина хууш нисло дуьххьара дош аьлларг, иза харц делахь а, бакъ делахь а – Кадыровс бина хаам зен аьтто ца белира ГакаевгΙар кхелхина ши де даллалц, аьлча а, кхелхинчу тобан видеоператорх бисина гайтам – иза муха кхаьчна вайна ца хаахь а - YouTube кхаччалц.

Амма Кадыров Рамзана юьйцу цуьнан ницкъийн майралла бахьане а йоцуш, тоьпашна патармаш кхачадарний, дийна карабаха гIаттамхой реза цахилларний, уьш шаьш-шайн лилхина кхелхинийла гойту YouTube-хула шен Кадыровн векалша яржийначу видеоно.

Цу тΙехь Ιедалан герзахоша шаьш а дийцаре до, ГакаевгΙара а, церан вукху итт накъоста а шаьш-шайн лехийтина хилар, видеогайтамо а тоьшалла до хилла чевнаш адамаш лилхича бен хуьлийла доцучу кепехь юйла.



Кадыровн агΙоно интернете юьллучу хенахь ГакаевгΙеран тобано, ша тΙом беш Ιаччохь, яьккхина видео а йиллина YouTube.

Иштта ду цу тΙера аьзнаш. ТΙаьххьарчу шина шера чохь Кавказ-Имарато Нохчийчоьнан амир лоруш хилла Гакаев Хьусайн ву бухабуьсучу махкахошка, нохчашка, шен весет дΙакхайкхош.




Нохчийчуьрчу шина тΙамехь кхелхинера ГакаевгΙарах виъ ваша - Джамалай, Сайд-Ιусман, Хьасан, Ризван. Лачкъийна, доьза яйира церан йиша Манжаъ. Элистанжара децΙа дагийна кΙуьрзе дерзийра. ХΙинца вац ала догΙу тΙаьххьара шиъ а – Хьусайн, Муслим.

Хилларг муха кхето догΙу, хьуна хетарехь, муьлш бара вежарий ГакаевгΙар, аьлла, Маршо Радионо шега динчу хаттарна дуьхьал иштта жоп луш ву кхелхина ший а амир дика вевзаш хилла, Малхбалехь эмиграцехь йолчу Ичкерин министрийн кабинетан куьйгалхо Закаев Ахьмад.


Хууш ма-хиллара, Кадыров Рамзанна еккъа цхьа цΙе бен ца карайо, нохчашна шайн кхетамехь маршо а лоьхуш, иза шайца къуьйсуш летачу гΙаттамхойн яккха – шайтΙанаш. Мелла а къинхетаме болучара вахΙабхой олу лаьмнашкахь Ичкерин ницкъех дисинчу декъах.

...Кхачабелла ГакаевгΙеран доьзал. Ткъа олийла дац йоьжна цкъа цхьана нохчаша, шайн кхетамца маршо кхайкхош, айина байракх. Церан могΙарш лекъна бохуш Кадыров Рамзан а, цуьнан дагара болу нах а хьийза ду масситта шо. Амма лекъаш бац хьаннашкарчу гΙаттамхошна тΙебоьлху некъаш. Хьалхарчу тΙамехь эгначийн кΙентий хьовха, берийн бераш а карадо тахана гΙаттамхошлахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG