ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан пачхьалкх" тобанан дакъа хила лууш бу Имаратан эмираш


Шема -- Пропаганда мехала гIуллакх лору "Ислман пачхьалкх" тобанан декъашхоша. Шаьш дIалаьцначу меттехь шайн байракхаш дIатуху цара. Кобани, 2014 шо

Шема -- Пропаганда мехала гIуллакх лору "Ислман пачхьалкх" тобанан декъашхоша. Шаьш дIалаьцначу меттехь шайн байракхаш дIатуху цара. Кобани, 2014 шо

Кху тIаьхьарчу 6 кIиранах Кавказ Имаратан лаххара а 6 командиро юхаэцна ша Умаров Доккин метта хIоьттина волчу Кебедов Iелаасхьабана муьтIахь хила делла дош. Цара байат дина Исламан пачхьалкх олучу тобан куьйгалхочунна Ал-БагIдади Абубакарна. Маршо Радион аналисто Фуллер Лизас язйина цунах лаьцна материал.

Кавказ Имаратан эскар декъалуш ду. Хьалха Кебековна муьтIахь хила дош делла нах шайн ойланаш хуьйцуш бу. ХIинца царах цхьаболчара чIагIонаш йина Шеман а, Иракъана а цхьайолу кIошташ дIа а лаьцна тIемалоша кхоьллинчу Исламан пачхьалкхан тобан куьйгалхочуьнан куьйгакъеллахть хир ду шаьш аьлла. Верриг а цу тайпа сацам бинараг маса стаг ву хуу дац. Ал-БагIададина байат диначарна юкъахь цкъачунна гучуваьлларг ву кхоъ суьлийн а, кхоъ нохчийн а тIемалойн хьалханча.

ХIорш бу уьш.

Зайналабидов Султан Дагестанера Хасав-юртан кIоштан эмир ву. Стохка Лахьан-баттахь интернетехь YouTube-хь гучуелира цо БагIададина ша муьтахь хир ву аьлла дуй бууш яьккхина видео. Кхин а цхьа бутт сов хан яьлча и видео дIаяьккхира, Зайналабидовн гIовс волчу Абу-ИбраьхIим Ислама иза тIемалошна юкъахь питана даржош ву аьлла емал винчул тIаьхьа.

ШолагIа ву Аселдеров Рустам. Цуьнан тIеэцна цIе ю Кадаран Абу-Мухьаммад. Дагестанера гIаттамхойн тIеман буьйранча хIоттийнера иза Умаровс 2012-чу шарахь. Аселдеров вина ГIалмакхчохь. Иза тIемалойх дIакхийтира 2007-чу шарахь герз лелийна аьлла кхеле озийна ша хьийзийнчул тIаьхьа. Кхело бехказа витира иза.

КхолагIа ву Камбулатов Арслан-Iела. ХIинжа-ГIалана гонах лелачу тIемалойн тобан хьалханча ву иза. 2013-чу шарахь цо варе динера Дагестанера Iедалш, тIемалойн маьрша зударий а, бераш а дайарна, шаьш бекхам бийр бу Iедалхойн гергарчу нахана а аьлла. Цу стага БагIдадина муьтIахь хила дош луш яьккхина видео гучуелира YouTube-хь стохка ГIура-беттан 20-чу дийнахь.

Кхо нохчо а ву Ал-БагIдадина муьтIахь хила чIагIо йина. Саидов Махран а, кхин а ши эмир -- Хьмзат а, Iусман а. Цара и гIуллакх деш яьккхина видео гучуяьлла стохка ГIура-беттан 25-чу дийнахь. Кебековна муьтIахь хилар цу наха дитаран бахьанаш хууш дац. Царах цхьаъ хила мега Кебековс юьхьарлаьцнарг мелла а къеда некъ хилар.

2012-чу шарахь, Дагестанан кхерамазаллин сервисан белхахочунна тIе а тевжаш, Коммерсант газето дийцира Дагестанера тIемалойн болам бекъабелла бу аьлла.

Цхьа дакъа ду диндай байа оьшуш дац, царна Iедалшца юкъаметтигаш лелорна аьлла бехкаш а дохкуш, тоъала уьш бехке хиларан тоьшаллаш а доцуш аьлла хеташ. ШолагIа дакъа ду, и нах коьртачу декъана Аселдеровн тIемалой бу, милла а шайн эмиро аьлларг вуьйр волуш.

Ткъа Кебековс мелхо а дуьйцург ду юкъараллехь гIортор хила еза гIаттамхойн бохург. Ша Умаровн метта Имаратан эмир хIоьттича Кебедовс элира, шайн система дуьхьалхIотто еза Iедалан системана массо а агIор аьлла - политикехь а, экономикехь а, хаамин гIирсашкахь.

Оццу хенахь керлачу Иамаратан куьйгалхочо кхайкхам бира тIемалошка шаьш а леш лелхийтарш дар дита аьлла а, маьрша бахархой ларбе аьлла а.

Полиитикан говзанча Вачагаев Майрбек Къилбаседа Кавказера хьал шен тидамехь латтош ву. Цо дуьйцу Имаратан агIончийн могIарш декъадаларан бахьанех лаьцна.

Мухха делахь а хIинца вовшен дино бохург дохийна бохуш бехкаш дохкуш бу Имаратан эмираш. Цундела хала ду Имаратан муьтIаьхь бисинчу а, Исламан пачхьалкхан тобанехьа бевллачуа нахана юкъахь маслаIат маца хир ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG