ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIокху кIиранан Нохчийчура коьрта хаамаш


Нохчийчоь -- Оьрсийн премьер Медведев Дмитрий (Аьт), Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан (Аьр), Соьлж-гlалахь Лермонтовн цlарах оьрсийн пачхьалкхан театр схьайоьллуш, 20Ман2012
Нохчийчоь -- Оьрсийн премьер Медведев Дмитрий (Аьт), Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан (Аьр), Соьлж-гlалахь Лермонтовн цlарах оьрсийн пачхьалкхан театр схьайоьллуш, 20Ман2012

Нохчийчохь ши тIемало вийна. И шиъ Кадыровна тIелатар дан кечлуш хиллера боху меттигерчу Iедалийн ницкъаша. ХIун хир ду Къилбаседа Кавказ кхиоран федералан программех? Дешаран системехь цхьа дан деза Нохчийчохь. Эхал тIехъэккхаш бен нохчийн дешархойн аьтто ца баьлла пачхьалкхан экзаменах чехкбовла. ХIокху кIирнах Къилбаседа Кавказехь хиллачуьн хьесапдеш ю Фуллер Элизабет.

Яханчу шоьтан буса карарчу беттан 18 дийнахь Соьлж-гIалара Октябр кIоштахь вийра 2 тIемало – Алихаджиев Алберт а, Кусуев Сайхан а. Пхеа лерринчу сервисан эпсарца и операци дIаяьхьначу Куршлой эвлан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Декъан хьаькамо Эдельгериев Хьамзата бахарехь, и шиъ Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIелатар дан гIерташ вара.

Ши тIемало верах лаьцна Эдельгериевс аьллачун мах хадош Фуллер Элизабет элира.

Фуллер Элизабет: И ша долу дIахьедарш шеконе ду. Хьалхара, нагахь санна Кадыров вен операци кечъеш хилча, иза къайлайохуьйтур яра массарах а, масех командир воцчух. Хьалххе дуьйна Умаровс хааме доккхур дацара иза. Умаров цхьа геннара хьекъалш долу командир ца хила а мега, амма цхьа маьIна доцчу кхерамна кIел шен план а, нах а тосур бацара.

ШолгIа, нагахь санна Москохана муьтIахь долчу Нохчийчоьнан куьйгаллина тIемалошна юкъахь Умаровна тIекхаччалц а, церан коьрта къайленаш а хаъал шайн стаг хилча, Умаров волу меттиг хIунда ца юьйцу цо шен куьйгалле – эшахь иза лацийта я вейта.

Шайн мобилан телефонашца суьрташ доху нохчийн бахархоша тlемалой бу бохучу нахана lедалан ницкъаша герзаш деттачу хенахь, Соьлж-гlала, 15Тов2011
Шайн мобилан телефонашца суьрташ доху нохчийн бахархоша тlемалой бу бохучу нахана lедалан ницкъаша герзаш деттачу хенахь, Соьлж-гlала, 15Тов2011
КхоалгIа, Эдилгериевс ша керстадо ша дуьйцург. Цкъа делахь, тIемалошна юкъавахийтинчу шайн стага дийцина боху цо, ши стаг Кадыровна тIелатар дан кечлуш хиларх лаьцна. ТIаккха боху, иза билгалделира, царшинна тIаьхьахIиттийна хиллачу наха и шиъ билггал терроран тIелатар дан кечлуш вуй хиинчул таьхьа.

ДиалгIа, веккъа ши тIемало тоьаш вац Кадыровн улле а кхаьчна, вен. Гуттар а Кадыровна улле даьккхинчу гIаролан барам гича, цунах кхета хала дац. Мел лаххара а кхин цхьаъ а, я алсамо тIемалой хила беза. Цул сво, кхин а масех стаг оьшу, царах цхьаъ Кадыровна улле кхаьчча, оьккхургана генара урхалла дан.

ПхиалгIа, пхи полисхо кIезиг ву шиъ зеделлар долу тIемало хIаллакван. Ялх шо хьалха Ичкерин президент Салаев Iабдул-Хьалим вен бIеннаш оьрсийн эскархой а, нохчийн полици а яхийтинера.

Маршо радио:
Ларамаза ши тIемало каравеъча, Куршлой эвларчу полицино герзаш а тоьхна, вийна. Цунах шайна алссам пайда баккха а хьаьвсина уьш. Цхьана агIора, шаьш сема ду боху, вукху агIора, Умаров, карахь хIумма доцу командир санна гайта хьовсу, аьлла хета Фуллер Элизабетна. Ткъа хIун хир ду Къилбаседа Кавказ кхиоран федералан программех?

Фуллер Элизабет: ХIинций дуьйна 2025-гIа кхаччалц Къилбаседа Кавказ кхиорна лерринчу федералан программин хьокъехь эххар а вистхилла Медведев Дмитрий. Амма Соьлжа гIалахь, Къилбаседа Каваказан Федералан Гонан Социалан а, Экономика кхиоран а пачхьалкхан комиссин цхьанакхетарехь Медведевс а, Регион Кхиоарн министро Говорун Олега а бина хаам инзаре а, тамехь а бацара Нохчийчоьнан куьйгаллина.

Говоруна бахарехь, программина хIинца билгалдоккхуш долу ахча 1.7 триллион сом барамехь ду. 2011-чу шарахь Товбецан баттахь хьахийначул а 3.89 триллион лахара ду иза. Ахча сел дукха хадоран бахьана ца дуьйцуш дисира. Оьрсийчоьнан финансийн министре Медведев тешавелла, оццул ахча доцуш хиларх.

Хууш дац цуьнан бахьана политикан бух болуш дуй - «тоьар ду Кавказ кхаба» боху радикалан оьрсийн националисташа бохург юьхьар а лаьцна.

Я, ша долу, кхиоарн программина билгалдаьккхина хилла ахча кхечу республикашна юкъахь декънан дера, иза лахделла.

Кадыров Рамзанан амалехь дац, лур ду аьлла билгалдаьхна хиллачу даккхий ахчанех атта дIакъастар. Амма цо и ахчанаш ша муха дойу бохург, кхин хаттар ду.
ХIокху цхьана шина кIирнах нохчийн Iедалша дIахьедар дина шаьш 100 хафизан 4-гIа школа ян гIерташ а ду, Нохчийчура набахтешкахь волчу 800 тутмакхана тIейохка, цхьаннах 100,000 сом доккхуш йолу гIоьмаш эца дагахь а ду, аьлла.

Нохчийчохь керла хафизийн школа схьайоьллуш церемони, Соьлж-гlала, 15Сти2012
Нохчийчохь керла хафизийн школа схьайоьллуш церемони, Соьлж-гlала, 15Сти2012
Оццу хенахь "Кавказан узел" олучу интернет агенталло хаам бина кхушара кIа а, мукх, сос а чугуллур дац, тIелеттачу цIозо иза даале, аьлла. Тоъал комбайнаш яц ялта чудерзон. Юрт-бахаман министраллин хьесапехь, ерриг а Нохчийчохь 300 комбайн бен яц, ткъа уьш а итт шарал а тIех лилхина, хIуманна пайде яц. 400 сихонца оьшуш ю республикехь.

Оцу хIумане ладоьгIча цхьанненна хеталур ду Кадыровн коьртаниг – бусулба дуьне цецдаккхар а, набахтехь болчарна тIехьажар а ду. Амма коьратинг дац, нахана юург латтор.

Цхьа дика агIо хила тарло, федералан программица а догIуш, кIезго ахча билгадьаккхича, цуьнан таро хир яц 14 шо мел кхаьчначу кIантана тIе электронан гIоьмаш а тоьхна, иза хьуьнха дIа ца вадийта.

Маршо радио: Ахча лахдар беккъа цхьа вуон кхаъ бацара Кадыровна хIокху кIирнах.

Фуллер Элизабет: Кхушара Нохчийчура школа яьккхина бовлучу дешархоша пачхьалкхан экзамен дIалуш, стохкалерчул а вуон жамIаш гайтина. И хьал кхин а талхош дерг ду, экзаменаш дIалучехь массанхьа монитораш а хIиттийна, арарчу гIоьнах а, кечдина жоьпаш лелорх а дешархой ларбан гIерташ лаьтташехь, бозбуунчаллаш лелор билгалдаьккхина хилар.

Кадыровс шортта ахча дойур ду школаш еш, классаш чу компьютерш хIиттош а. Амма цу школашкахь къахьоьгуш тоьлла хьехархой бацахь, церан говзаллаш лакхайохуш яцахь, дешархойн цхьаа таро хир яц экзаменах чекхбовла. Таханлерчу дийнахь школийн хьехархошкара оьшург церан Кадыровна йолу муьтIахьалла а, цара хIора хIора баттахь цуьнан фонде дIадала шайн директоршка кхийдош долу ахча а ду. Шайн агIра, школаша кхаьънаш оьцу дай-наношкара. Ахча гулдан беккъа цхьа некъ бу, экзманех чекхбовлуьйтург дешархойн дай-наношкара ахчанаш ийзор.

Дешаран министро Музаев Анзора аьлла Кадыровга, Нохчийчоь а, Владивосток а ю, пачхьалкхан экзаменах дешархой чекхбовларехь Оьрсийчура тIаьххьара меттиг къуьйсуш. Хьехархойн Кадыровна йолчу муьтIахьаллина а, церан духарна а тIе тидам алсам мел бохуьйту лахлуш лаьттар ду, Нохчийчура дешархойн хаарш.

Кхушара пачхьалкхан экзамен дIаеллачу 14 эзар Нохчийчура дершахочух 55% бен чекх ца валавелла. 2011-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича иза 4% процент лахара гайтам бу иза.
XS
SM
MD
LG