ТIекхочийла долу линкаш

Таршхойн лаьмнашкарчу ГIалашка нускал дига бахханчохь Кадыров Рамзанан бIаьхоша хIаллакбина вежарий Зоврбек а, ИбрахIим а АвдорхановгIар, аьлла, кхаъ баржийра Соьлж-ГIаларчу хьостанаша бутт хьалха. Байъинарш банне а бац уьш, аьлла, дуьхьалвелира Евкуров Юнус-Бек. Иштта иккхинчу къовсамо эгIийра нохчийн а, гIалгIайн а ши администратор .



Бакъду, гIалгIайниг дикка галваьккхинчух тера дара цуьнан куьйга къелхьарчу бIоно - цIа чохь лилхина, аьлла, цо бийцинарш кхин нах хиллехь а, АвдорхановгIар ГIалашкахь гIазот хиллийла хаийтира Кавказ-Имаратан векалша.

Шайн-шайн мехкашкахь, "паччахь" олий, вазвеш волу ши хьаькам оцу дар-дацар тIера ваьлла хIинца шина мехкан дозанаш къестадечу тIегIантIе.

ГIалгIайчоьнан Iедало Нохчийчоьнца доза къасторан комисси кхуллуш кхо шо хьалха арахецна омра

ГIалгIайчоьнан Iедало Нохчийчоьнца доза къасторан комисси кхуллуш кхо шо хьалха арахецна омра

...Амма. Нохчийн куьйгалхо, цуьнца хаалучу диктаторан амалша иза мел луьра стаг хоьтуйтуш нислахь а, дуьххьара дозанаш хьехо ваьлларг-м ца хилла иза а.

ХIинцццалц Iора даькхина а дацарна, сенсацин могIарара ду хIара гIалгIайн Iедало хIинцачул кхо шо ах шо хьалха мехкан дозанаш билгалдахар юьхьара оьцуш кечдина омра.

"2009-гIачу шеран Дечкен-беттан 19-гIа де. № 27-р. Федералан ... низам кхочушдеш, Нохчийчоьнан Республикаца ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш къастор дийцаре дан: 1. ГIалгIайчоьнан Iедалан комисси кхолла... 2. Комисси декхаре йо бертан кеп а, оьшуш долу кхин кехаташ а низамца а догIуш кечдан. 3. Iедалан аппаратна тIедожадо кху омран копи Нохчийчоьнан Iедале дIахьажор". Официоз "ега а йина", довзийтича, иштта ду документ.

ХIинцца гучудевллачу кху кехаташа гойту шина вайнехан къоман ши мохк, зил а тоьхна, дIасахадон дагадарца Кадыров Рамзан хьалхарниг воцийла, и дан дуьххьара арабевлларш гIалгIайн Iедалхой хиллийла.

Дозанаш къастор Кадыровс дийца даккхаро халахетар доссийнера оцу некъан тIаьхье мел къиза хир ю кхетачийн кортошка. ХIунда аьлча, Оьрсийн импери яра 200 шо хьалха вайнехан цхьа къам гаранашка даьккхинарг, делахь а я гIалгIай а я нохчий а ца хIуьттура шайн вошалла латтанийн дозане дохадайта.



Ткъа Несарахь кхо шо хьалха когахIиттийначу кехаташа гойту вежарийн зама кхачош юйла. Шичой хилла дуьсуррий те цул тIаьхьа, я маьхчой? "Вайнах" боху нохчийн а, гIалгIайн а синош эзарнаш шерашкахь хьистина мерза дош хийца дезар-м дац те кестта "хийранах" бохучух? ...Кийра ша боссабо оцу шеконаша.
ГIалгIайчоьнан Iедало Нохчийчоьнца доза къастон кечйинчу комиссин декъашхой

ГIалгIайчоьнан Iедало Нохчийчоьнца доза къастон кечйинчу комиссин декъашхой

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG