ТIекхочийла долу линкаш

Юкъаметтигаш галморзах ца евлчхьана...


Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а карта

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а карта

Нохчийчоьнний, ГΙалгΙайчоьнний юкъара доза къасторан тема уггаре а йийцаре ечух ю шина а махкахь. Маршо Радионо довзуьйту Нохчийчуьрчу бахархошна хетарг.


Масех кIира ду шина мехкан куьйгалхоша, зил-дозанаш а хьехош, латтанаш тIехула дешан кхиссарш а еш, дIахьедарш ден. Дол-долуш, гена долуш лаьтта «цакхетар».

Кху деношкахь ша дIаяьхьначу кхеташонехь дов дижош гIулч яьккхина Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьнан президентан векал волчу Хлопонин Александра.

«Ас шуьга доьху совцар. Дуьхь-дуьхьал вирзинчуьра юхавала ший а. Вовшашна Iиттарш а ма е, бехкаш а ма даха. И тема гуттаренна а дIакъовла езаш ю, кхин коьртах йоккхур йоцуш. Цу хьокъехь шу къийса а дац. Шу цхьа къам-вежарий ду. Хьалха белхан тобанаша зераш а дина, барт хуьлу агIо йийр ю. Цара дийцаре дийр ду латтанаш къасторан бухехь муьлха кехаташ хила догIу а, тIаьхьа-хьалха хIун лара догIу а».

Хлопонина билгалдаккхарца, латтаца доьзна хаттар Къилбаседа Кавказехь уггар чолхечех, ирачех цхьаъ ду, къаьмнашна юкъара барт эгIоран кхерам а болуш. Инарла-губернатора ма-аллара аьлча, цу кепара латтаца йоьзна истореш, цхьа хан мосазза йолу, карлайохурш цхьацца юкъараллин цхьаьнакхетарш ю, стенгара йогIу а ца хууш, схьахIуьттушйолу а, хьан ло а ца хууш, ахча латтош, кхобуш йолу а.

Цхьаболчу эксперташа-говзанчаша чIагIдарца латтанаш тIехь йист яккха гIерташ Кадыровс йоху гIулчаш кIоштера политикан хьал –дIахIоттам галдаккха там болуш кхераме хIума ду.

Ткъа могIарерчу бахархошна хетачух аьлча, цара тIаьхьало а йолуш, маьIне ца лору куьйгалхоша юьхьарлаьцнарг. ШолгIа, нахана хетарехь, Москох урх озошшехь сацалур долуш дов ду Евкуровний, Кадыровний юкъарниг. Цу хьокъехь шен хьажам бовзуьйтуш ву Соьлжа-гIалара тергамхо Муртаз.

Муртаз: "Суна,масала, хьашт дац и къамелаш, барт эгIабо цара. Я ахахочунна я кхечу могIархочунна а ца оьшу. Вай массо а Оьрсийчоьнан дахархой ду бохуш делахь, герга лара беза-кх латта дахьа меттиг а йоцуш йолу ерриг а пачхьалкх.
Москох хIун деш Iа-м ца хаьа суна, хьаькамашка вайнахана юкъа и питана а туьйсуьйтуш. Долу-хьуна иза меттах цхьаъ шена лийча-м, етта а хаьа, нах хьийзо а хаьа. ...Харцо ю-кх гобаьккхина".

Цхьаболчу бахархойн ойла иштта ю лелачу къовсамехь. Бакъду кIезиг бац, вежаршлахь а хила беза латтанаш тIехь къастам аьлла ойла кхобуш берш а.
XS
SM
MD
LG