ТIекхочийла долу линкаш

Шалхенех даьккхина ду Iедало Нохчийчоьнан бахархошна кховдош, я дуьтуш долу дахар. Яздинарг иштта ду, иштта хила деза, олий, до муьлххачу а хьакамо шен къамел, дIахьедар. Ткъа Iедалера хIуъа а хьашт хилла вахархо араваьлча, кхин тIедахкарш, декхарш дуьхьалхIуьтту - къайлах-къулах лелаш йолу харцо.

Барта дуьйцуш дерг цхьаъ долуш, амма хьем боцуш кхочуш дан дахаре дерзош дерг кхин а долуш, Iедалехь болчу хьаькамаша,маьхькIамхоша лелочух кхуьуш бац дукха бахархой. Пачхьалкхан балхахь мел болчарна шайн доцу декхарш тIедахкар, кхузахь адам а цецдала меттиг боцуш могIарера гIуллакх ду.

Нохчийчохь мел хуьлчу спортан къийсадаларшка,цирк-концерташка, фестивалашка,бен-бечу политикан гуламашка шайн лаамехь санна дIаузуш ву балхахь мел верг. Цу хиламех боьллачу цара, рогI-рогIана жа-бажо наха шаьш шайлахь хIотточу ражах тера, шайн-шайн хьукхмат-урхаллашкахь,доьшийлашкахь шайна юкъахь рагI хIоттийна,тахана цхьа тоба йоьдуш, кхана кхин…

Цу кеппара «бертахь, даггара шайна лаа а лууш» массо тIегIан белхийлашка кхачош бу болх-некъ мел берш. Урамаш,некъан йистош,хинан бердаш цара дIацIаньеш ю нехех, бIаьрг белош цIена а,куьце а шаьш деха меттигаш ган лаарна.

Юкъараллехь синтеме,къепе хилийта бахархоша шаьш меттах бовлий, наьIалт кхайкхош, нажжаз во, эшахь махках воккху галваьлларг. Цара къобалдарца тIеоьцу,низамо доьхкуш делахь а,ял дIа ца еллачеран газ,ток дIаяккхар.

ТIех йолу а, йоцу а ясакх нахе охьайиллийта, кхерамца боьзна кхайкхамаш барехь тIаьххьарчех бац динан урхаллин белхой а. Лула-куларчу кIошташкахь бехачарна моттане а бакъ а ца моьттуш я уьш теша дукха гена а долуш,маьхькIамхоша шайггара юкъадалийна керланаш кхузахь чот,хьесап доцуш дукха ду: гергарчуьнгара цхьаъ даьлча,балхар вохавар доцуш,махкара а воккхуш,стаг бехке вар; гуш лаьтташехь кхийдо харцо, кхечарна харцо юй хаийта некъ цахилар, шена хетарг,моьттург гIардаьккхинарг,сийсазварца, нахала а вохуш, жоьпе ийзавар.

Дахаран массо тIегIанахь,ког-баькх-баьккхинчохь бу,кхечу кIошташкахь шакарца,маьхьарца лехча а карор боцу бехкамаш. Масала Iедалан балхахь болчара шайнне «лаа а лиъна», яздина охьадехкина дехар –кехаташ ду,хьаькамо терахь а диллина, тIе куьг яздичхьана, уьш балхара дIабовлар тIечIагIдеш долу. И саннарг,шайна белхошна ца хетахь а, маьхькIамхошна дагадар а хета цхьаболчарна тамаше. Цунах дуьйцуш ву Соьлжа гIаларчу цхьана дарбанан цIийнехь къахьоьгуш волу говзанча,

Говзанча: «Тхо кхайкхина дIа а дигна тхойга массаьрга а тхайн лаамехь балхара дIадовла аьлла кехаташ яздайтина. ХIинца тхойгара мичча хена а цхьа хIума даьлла,терахь а диллина тIе куьг яздичхьана,тхуна кампенсаци олу ахча а ца олуш,тхо дIадаха таро ю –кх церан… Яз а дойтуш,охьа-м дахкийтина».

Бахархошна ца богIу тIеIаткъам бар дахаран массо тIегIанахь ду,хуьлда иза балхахь, хуьлда иза базарахь я Iар-дахарехь. «Кхо шо ду сан зуда мах бечуьра сецна,-боху Ножай юьрта кIоштерчу Лечас,-оццул хан яьллехь а тхо токхамаш бен бохуш хьийзош ду. Низамо шу мел бакъ дахь а суьде девлча, шу аьтто хир бу ала ша ваьхьар вац боху адвокато а,ладогIахь!-карзахе дуьйцуш ву ламанхо Леча. Кхин дIа цо элира.

Леча: «ХIинцца хилла хIума ду-кх сан хIусамненаца. Иза мах бечуьра сецна кхо шо ду. Ял йоккхучу урхаллера кехат а ду хIара декхаре яц аьлла. Оццул хан яьллачул тIаьхьа 70 эзар декхаре ю аьлла кехат деъна.Кхуьнга обходной ду,массо тайра испаравкаш ю,кехаташ ду хIара бехказа юьтуш. Кхин цхьа кехат а хила дезара и дацара,цундела бойтуш бу бохура и токхамаш.

ТIаккха адвокате орца дехна оха мах а белла. Цуо боху. -Цуьнгахь и кехат дацахь а , - боху адвокато, - ял йоккхучу урхалло ша схьадаийта дезаш дара шуьга, ши кIира далале. И цхьаъ. ШолгIа,кхо шо даьллачул тIаьхьа,хан яларна низамо шу хьалха дуьтуш ду цу декхарх. Ишта доллушехь шу тоьлур ду аьлла, шуьга харж яйта а ваьхьар вац со. Суд лелаш яц. Iедална бага а хьажна Iаш бу кхелахой.

-Ишта къамел дир-кх адвокато. Цундела дIаоьхуш бу-кх нах.Кххузахь олалла деш харцо йолу дела».

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG