ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Судья продажная ..." къинтIера ваьккхина бохург бакъ ца до Соьлж-ГIалахь


Нохчийчоь -- Футболан суьдхочо Вилков Михаила "Теркан" футболхо Уциев Ризван (аьрроагIор шолгIа) ловзарна юкъара дIаваккха сацам бира, цунна цIен карточка а гайтина, Соьлж-ГIалара "Терк" Казанерчу "Рубинца" ловзуш, 17Заз2013
Нохчийчоь -- Футболан суьдхочо Вилков Михаила "Теркан" футболхо Уциев Ризван (аьрроагIор шолгIа) ловзарна юкъара дIаваккха сацам бира, цунна цIен карточка а гайтина, Соьлж-ГIалара "Терк" Казанерчу "Рубинца" ловзуш, 17Заз2013

«Терек» футболан клубо Зазадоккху-беттан 17-чу дийнахь Солж-ГIалахь стадионехь хилларг бахьана долуш къинтIера ваьккхина суьдхо Вилков Михаил аьлла хаам баржийна Оьрсийчоьнан футболан кхеташоно.

Цу дийнахь, футболах ловзар дIадоьдуш а долуш, Кадыров Рамзана суьдхо емал веш мохь тоьхнера микрофонехула. Амма шаьш и суьдхо къинтIера ваьккхина бохург бакъ дац бах «Терекан» вице-президенто Алханов Хьайдара.

ХIокху дешнашца, билгалъяьлера Соьлжа-гIалахь дIаяхьана йолу «Рубинан» а «Терекан» а юккъахь йолу и матч. Нохчийн футболхо Уциев Ризван цIе кехат а гайтина ловзаран юккъера ваьккхина аьлла, микрофон чухулла мох белира «Йохкаелла кхелхо. Газа ю хьо».

Арбитран Вилков Михаилан маьттаз дош аьлларг Кадыров Рамзана вуйла хууш дара массарна а, ткъа, «Терек» тобан зорбан-секретара Хаджиев Казбека, ша диканиг до бохуш иза бехказваккха гIоьртира. Амма, Нохчийчоьнан куьйгалхочо, и дешнаш аьлларг ша ву алар сов, уьш юха эца дагахь вац, аьлла дIахьедар динера, хаттарш деллачу журналисташка.

Ткъа, хIинца Вилков Михаила, Оьрсийчоьнан футболан кхеташонехь хаам бина, ша кIинтIера ваьккхина нохчаша аьлла. «Терек»тобанна вице-президент волчу Алханов Хьайдара а, шена ца хаа аьлла Виклов кIинтIера ваьккхинарг. Иза хIунда дан деза а ца хаа шена боху цо, арбитрш, тобанаш харцочу хенахь, уьш а ца бовлий шаьш лелочуьнна дохкох, бохуш дуьйцу, орсийчоьнан спортах лаьцна яздечу цхьана газето.

Нохчийчохь, «Терек» тобанна фанаташна, халонга яьллера, зазадоккхучу баттахь хилчу оцу ловзарера инцидент. Хьовсархой а, футболан фанаташ а, кIинтIера баьхнера Кадыров Рамзана. Ткъа, и кхелхо а кIинтIера ваьккхича, эхье хIума ца хилар сов, иза пайдехь хIума хира дара аьлла хета, цхьаболчу футбол езархошна. Рамзан цIе йолчу хIокху стаганна санна.

Рамзан: «Суна иза аьлча нийс ахира дара аьлла хета. Иза схьавеана вай махка хьаша санна ма ву. Цуьнгара цхьа гIалат даьлча, сихвала ца везара аьлла хета суна. Амма, цхьана агIора цунна аьлларг нийса аьлла дара. ТIаккха а, иза дукха айждина дуьйцуш долун дела, клу цIарах далахьа, ян фанатийн цIарах аьлла а ала мегар дара».

Нохчийн амалца ду, къинхетаме а, дог кIеда хилар а. Амма, йоккха политкех ловзучарна, хетарехь, кIеда-мерза хилар, шен ледарло санна хета. Цундела, Вилков Михаилан бехказвалар дешнаш аьлларг Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллехь тамаш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG