ТIекхочийла долу линкаш

Кхин цхьа седа а буьйжи "паччахьан" дагтIера


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалин мэр лаьттина Хучиев Муслим вохийна даржера, Соьлж-Гала, 16Заз2011

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалин мэр лаьттина Хучиев Муслим вохийна даржера, Соьлж-Гала, 16Заз2011

Нохчийчоьнан хьаькамийн могΙаршкахь хийцамаш хилла юха а. Мехкан администратора Кадыров Рамзана, телевизионехула нахала а воккхуш, даржах вохийна шерашкахь шен уллера накъост хилла лелла, тΙаьххьарчу хенахь Соьлж-ГΙалин мэр Ιийна Хучиев Муслим. Хьалха балхара дIаьбаьхначу префекташна а, мэрашна а санна, цунна а бехке до латтанаш духкуш хьарамлонаш лелор.



Хучиев Муслим, веккъа, Iедалан даржхо хилла Iаш вацара. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уггаре а ца торуш волу, тешаме белхан накъост вара иза.

Журналист волчу Хучиевн Iедалан ирхенашка некъ болабеллера президентан Алханов Iалун зорбан-сервисе кхачарца. Цигара иза «Кадырован тоба» шех олучу гоне дехьавелира. Кадыров Рамзанна уггаре герга болучу хьаькамех а ларалуш схьавеънера хIинцалц Хучиев Муслим. Цуьнан гIовс а, хьехамча а, зорбан-секретарь а хилира иза. ТIаьххьара дарж - Соьлж-ГIалин мэр. 5-6 шарахь Iийра оцу меттехь. Хучиевца дузура херцаршкара шахьара гIаттор а.

Хучиев Муслимах Кадыровн тешаш хилар гойтуш дара республикехь мел айечу проектана миллиардашкахь ахча дойучу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондехь цунна вице-президентан дарж дукхаъчу шерашкахь латтийна хилар. ХIинца иза дерг а дIадели. Цхьана дийнахь.

...Соьлж-ГIалин 194 шо кхачарна леринчу даздаршкахь, цига гулбеллачу даржхошлахь, шахIаран мэр Хучиев Муслим воцург, массо а вара самукъдаьлла. Цуьнга ша дIааьллера, мукъаденош дIа ма девлли, хьо балхара дIаваьккхина ву-хьуна, аьлла, хаийтира махкана тIаьхьо меттигерчу телевизионехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Мэрехь белхахой а гул бина, цаьрца дIадаьхьначу цхьанакхетарехь Кадыровс ша къастийна керла куьйгалхо а вовзийтира. Иза ву цуьнан гергара стаг Кадыров Ислам. Цхьа-ши бутт хьалха оццу мэрехь куьйгалхочун хьалхара гIовс а хилла, юха цигара латтанийн а, хIолан а юкъаметтигийн министр вахийтина вара иза. Республикан вице-премьеран дарж а дара цуьнгахь.

Оцу гуламехь Кадыров Рамзана бахьанаш а довзийтира ша шена оццул герга хилла белхан накъост даржера вохоран. Ах шо хьалха Нохчийчуьра маситта кIоштийн куьйгалхо дIаваьккхира балхара, цара Iедалан латтанаш духкуш хилла, аьлла. Юкъа дукха хан ца юлуш, даржера бохийра Хьалха-Мартанан а, Соьлжан а, Теркйистан а кIоштийн куьйгалхой. ХIетахь дуьйна мел волчу куьйгалхочунна дихкина дара латтанаш деккъар. И шен сацам бохийна хилар шена Соьлж-гIалин мэрера гучудаьлла, элира Кадыров Рамзана.

Шен агIор Хучиев Муслима хиллачу оцу цхьанакхетарехь бехк ца биллар а, къинтIера валар а дийхира мехкан куьйгалхочуьнга шегара гIалат даларна.

- Суна ахь даима а накъосталла динера. Ахь белла тешам соьга дIа ца бахьабелла. Цхьажимма а аьтто белахь, суна къинтIера вала Делан дуьхьа, аьлла, дийхира хиллачу мэро.
- Делан дуьхьа ас дийр доцуш хIума дац, cо къинтIера ваьлла хьуна, амма Iедалца долу гIуллакх талла дезаш ду, - аьлла, ша луьрчу кхело санна, сацам бира мехкан куьйгалхочо.

Кадыровн и дешнаш кIоргга маьIна долуш дуйла хууш ву махкхахь мел веха нохчо.

Соьлжа-гIаларчу бахархойх а, церан лаамах а доьзна дац мэр харжар а я иза дIаваккхар а. Цундела башха тидаме а ца оьцуш дисина кхузахь хилларг. Амма, дукха наха даредо Хучиев коьртехь волчу хенахь гIалахь бакхий кхиамаш баьхна хилар. Зулай цIе йолчу шахьарарчу яхархочо ишшта элира.

Зулай: "Соьга хаьттича, и Хучиев башха вон мэр а вацара. Тхан цIа долчу сих-сиха, буьйсанна хан яьлча а тIехь вогIура иза, йовхо муха ю хьоьжуш. Царна юккъехь дерг хуура дац цхьаннена а. Дахар а шен цхьана хорша дирзина. Хуур ду-кх хIинца хIоттинчу керлачу мэро хIун до, дIаваьккхинчул тIехдаьккхина».

Зийдат цIе йолу йоккха стаг шена Iедалера гIо лоьхуш дукха ихина хьаькамашна тIе. Амма ша цкъа а тIе ца кхачаелла я Хучиевна а я Кадыровна а, элира цо, гIалийн да хийцарх дахарехь шен карча хIума дац,аьлла, тIе а тухуш.

Зидат: "ТIом дIабаьлла а балале, уггаре а халачу хенахь, Хучиевс а, цунна тIаьхьахIиттинчара а къахьийгира, цаьрга иза хьега а хьегийтира. Хийла цунна а, Рамзанна а тIекхача гIиртина со. Амма соьга иза дан ца делла. ХIара гIала цIанъяр бен, суна кхин хилла гIо дац. Со саннарг хIумма а йоцург а хилла Iаш ю кху дуьненахь. Бехаш берш бехаш бу, къеберш къебелла. Суна цига милла а веъча а бен вац-кх".

Хийцамийн муьрехь хийлачу хьаькамна вайн заманахь нислург ду Хучиев Муслимна хилларг. Иза дуьххьара а вац я, гарехь, тIаьххьара а вац, иштта бехк а баьккхина, балхах вохош.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG