ТIекхочийла долу линкаш

Эзарнашкахь адам вовшахдеттар шатайпа ламаст хилла дIахIоьттина Нохчийчохь кху тIаьхьарчу иттех шаррахь хIета а, вета а.

Республикан уггар лакхарчу официало хааме даккхарца, кху беттан 4-чу дийнахь, шайн лаамехь 18 эзар стаг Соьлж-гIала дIа а гулвелла, даздина махкахь халкъан цхьааллин Де.

Ишта, «шайн лаамехь» бахархоша каралаьцна цу боккхачу гуламе кхачийна бес-бесара язораш тIехь долу кхайкхаме транспоранташ, Путин Владимиран а, КадыровгIеран а суьрташ-портреташ.

Хьал ца хуучунна Брежнев хенахь дина къамел ду а моьттур долуш, хастаме дош аьлла цу гуламехь къоман политикан, арахьарчу уьйрийн, зорбанан а, хаамийн а министр волчу Умаров Джамбулата.

Цо кхеторехь, Оьрсийчоьнан йозуш цахилар а, къаьмний барт-цхьаалла а ларйинарг Кадыров воккханиг ву. «Тахана урхаллехь волчу баьччас, Кадыров Рамзана,- аьлла министро, - кхиамечу, маьршачу кхоллараллин новкъа дIадуьгуш ду къам.Цундела тахана вай инарла декхар ду вовшех кхетар а, барт-цхьаалла а».

Лакхахь хьахаделла ма-хиллара, иза Iедалан хьостано, даима а доккхуш ма-хиллара, хааме даьккхинарг ду. Мел герга ду иза дахарна? Баттахь моситтаза а шайн чоьтах коьртачу шахьара дIаида таро а, самукъане хьал а ду бахархошкахь? Майданашкахь гуламашка хIитта а, футболе хьовса а, «Колизей» чохь буй-тIара деш, батош йохош ган а, театр-фестивалашка а, урхаллехь болчарна шаьш резахилар дуьненна дIагайта а кест-кеста шайн лаамехь , эзарнашкахь дIагулло нах?

Цу а, кхечу а хеттаршна могIарерчу наха, Iедалан балхахь болучара ирх-пурх а хIун жоьпаш ло хаа хала дац.

«Низамаш лардеш ехачу пачхьалкхашкахь болчу нахана, - боху тахана а Старопромысал кIоштехь хьехархо болх беш волчу Ризвана, - дуьненахь бакъ моьттур дац Iедалан балхахь мел берш, луьра тIеIаткъам а беш, бертаза публикан декхарш кхочушдан Соьлж-ГIала гулбо бохург. Лаьий, ца лаьий бохург аьттехьа дуьтуш а дац! Лан а, кхето а уггар халаниг Iедалхоша ишта Iаткъамбар шо-шаре мел долу кхуьуш ду.»

Изза бакъдо Невран кIоштехь цхьана школехь лоьрайиша йолчу Тоитас а.

Тоита: «Тхайн болх бан дуьтуш тхо-м дац. Цхьанхьа довдадо, цIе яьлла олий, юха кхечанхьа хьовсадо. ДIасаидош ду. Кху беттан 4-чу дийнахь 20 белхо валаве аьлла омра а дина, гIала дахана лийли. ХIинцца кIирандийнахь юха а футболе ца дахча йиш яц аьлла тохабели. Ас сайн метта мах а белла, гергарчеран кIант вахийти-кх. ХIара-м декъаза болх бу. Кхечанхьа дуй те кхузахь дерг. Ма хьийзабо кхара нах».

Шайн лааме хьаьжна а доцуш, маьхькIамхоша шайх хьовсархой дарх дийцинчу Тоитас билгалдоккху, ша а, школерчу хьехархоша а мах луш, лаххаре а 500 сом (новкъана машенна луш дерг доцуш), оьхуьйтуш хилар шайн метта кхиберш - кхиазхой а, кегийрхой а.

Iедалан балхахь болучара,болх-некъ боцчеран могIарш тIедуза ца лууш, собарца лов шайна бен тIеIаткъам. Цу тIеIаткъамах хьалха буьттуш бац ур-атталла могIарера бахархой а. Иза бIаьрса а, лерса а ирдинна, хьежа а я ладегIа а ца оьшуш, тергалло цхьанхьа ваха ваьллачунна.

Масала, дуьйцуш бахьна а доцуш, адам новкъахь сацийна латто тарло, иттаннаш, бIеннаш нахера цхьа йоккха ледарло яьлча санна. ХIинца дуьххьара а доцуш цунна тIаьххьара теш хилла соьлжагIалахой кху лахьанан беттан 6-чу дийнахь а. Масех сахьтехь латтийна адам ладегIамехь. Наха дийцарехь, бахьана - цхьана министран кIантана нускал далор. Иштачех цхьаъ ву къано-соьлжагIалахо Хьасан а.

Хьасан: «Стагга а дIаса а ца волуьйтуш, гIаш а я говрахь, къевлина латтийна некъаш. ХIун дара цигахь аьлча, Кадыровн йоI маре дIалуш хилла бохура. Хьаькамийн гIуллакх цу тIе даьлла-кх, некъаш дIакъуьйлуш, нах совцийна латтош. ХIара дуьне кхоьлличхьана а охьатеIош лаьтташ бу-кх нохчий. Тахана а ду-кх изза».

Чот йоцуш дукха кхечу махкахоша санна, Делера собар доьхуш, къорза, Iаьржа, тайп-тайпана тIеман барзакъ дуьйхина, муьлш, мичара бу ца хуучу ницкъаллин структурийн декъашхой тергалбеш, шина сохьтехь гергга Соьлж-ГIалахь некъ ларбинчех ю кхузткъара яьлла Тамара а.

Тамара: «Веана бохуш, луьстуш, вуьйцуш хьаша-да а вацара схьахаа. ЦIеххьана цхьа хIун-мила ду а ца хууш, совцийна латтийра, шина сахьтехь сов. Карахь кегий бераш долуш, дарбанцIийнера богIуш берш а, хIинцца дина бер карахь дерш а, цамогуш, дIакхача сиха верг а. Гуш бахьана а доцуш, и некъаш къийларо вуно чIогIа ницкъ бо-кх нахана».

Шайна беш болу Iаткъам кхана-лама, бутт баьлча, шо даьлча, байбаларе дог дохуш, дикане сатуьйсурш дукха белахь а, хена жерахь и гур ду ала дегайовхо механ лерг хьулдаллал а яц.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG