ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнна урхалла дар шен "вешега" дIадала кийча ву Кадыров


Нохчийчоь - Кадыров Рамзан волчехь хьошалгIахь ву Сурков Владислав, Стиг2013

Нохчийчоь - Кадыров Рамзан волчехь хьошалгIахь ву Сурков Владислав, Стиг2013

Нохчийчохь тIемалой лаьмнашкахь бисина а бац, уьш ГIалгIайн махкаца долчу дозанехь бен бац аьлла дIахьедар дина, ша волчу баьхкиничу журналисташка, республика куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иштта цо хаам бина Сурков Владиславе Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан дарж дIадала кийча а ву ша аьлла.

Нохчийн лаьмнашкахь, ГIалгIайчоьнца йолчу цхьана асанехь бен тIемалой бисина бац, аьлла дIахьедар дина республика куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Бисинчеран терахь билгла мел ду хууш дац, амма, шина мехка дозанехь хьаннашкахь лелаш верг иттанашкахь ву аьлла тидам бина цо.

Церан хIокху дуьненахь долу денош а лерина даьлла ду. Ша верг хIаллак вийра ву аьлла, рогIера уза, дIахьедар дина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

ТIаьххьарчу хенахь, тергамхоша а даре до, тIемалошца долу тасадаларш а махкхаь кIезга хуьлуш хилар. ГIора хьалха санна церан доцийла хууш ду, амма, ишшта тийналла хIоьттича, уьш бац бохурглара ца оьшу, аьлла хета, царах цхьаболчарна. ТIемалоша тактика а, стратеги а хийцина хилар гуш ду, цундела, даиманна сема бу низамхой. Махкхахь, шорта нах а гулбеш, мел хуьлуш долу цхьанакхетарш кхерамазаллийн хьелаш лаккхарчу тIегIан тIехь чIагI а деш дIахьо.

ТIемалошца нийса тасадалар тIаьххьара хIара шо дуоладелча хиллера. ХIета, ГакаевгIеран ши ваша а , церан уллера накъост а, кхиъ иттех тIемало а ве аьтто баьллера меттигерачу низамхойн. Тахана Нохчийчохь дIалуьйцуш берш дукхачу хьолехь бу, тIемалошна юучуьнца а, молучуьнца а гIо деш берш.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а, шина республикан юккъметтиг, Iедалша доза къовсар бахьанца дика йоцун дела, гарехь аьттот беш бу цигахь бисина бу бохучу тIемалойн. Амма, доьххьара Евкуров Юнус-Бека дIахьедар динера, доза къовсар долу хаттар дIадирзина ду аьлла.

Тахана Кадыров Рамзана а аьлла, ша, гIалгIайн къомаца латта къоьвсина дов доккхура дац, уьш вежарий болун дела. Цаьрца йолу юкъметтиг лерина, царна латта тIедала а кийча ву ша, боху Нохчийоьнана куьйгалхочо.

И дIахьедар цо дина, Соьлжа-гIала Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн коьрта редакторш баьхкича. Цаьрца хиллачу цхьанакхетарехь, Кадыров Рамзана, бовзийтина шен дуьнене болу хьежам а, тахана махкахь долу хьал а.

Дукха хан йоцуш, пачхьалкха вице-премьеран даржера дIаваьллачу Сурков Владиславах лаьцна дуккха а довха дешнаш аьлла цо. Оьрсийчоьнана политикан «Iаьржа кардинал» олуш хилла волу, шен схьавалар Нохчичуьра долу Сурковна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна дарж а дIадала кийча ву Кадыров Рамзан. - Шен ваша ву иза, цундела, новкъа хира далахь а, дацахь а, иза ваша хуьлучуьра ца волу, аьлла тидам бина цо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG