ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамашна даймохк а къахьбина Кремло


Гуьржийчоь - Паьнказа баьхкинчу мухIажирийн хIусаман уьйтIахь, 23Ман2013
Гуьржийчоь - Паьнказа баьхкинчу мухIажирийн хIусаман уьйтIахь, 23Ман2013

Оьрсийчоьнан бахархой, шайн Даймохк а буьтуш, тулгIенашкахь дIаоьху кху ткъеха шера чохь Малхбале а, Малхбузе а. Дуьххьара тулгIе дахначу бIешеран чаккхенна кхочуш хиллехь, шолгIа туьлгIе гIаьттира кху керлачу бIешеран юьххьехь. ХIинца рогIера тулгIе а гIаьттина бохуш, орцадоху статисташа.

Дайша олуш ду «Дика пхьид шен Iамчохь екар ю», ткъа логашад къуьйлуш хилча?

ТIаьххьарчу хенахь Оьрсийчуьра нах шайн ка ма йоллу уьдуш бу, хIусамаш дIа а юхкуш.

Стенах уьдуш ду къам шайн махкара? ХIун лоьху цара хийраллехь?

Тергамчашна хетарехь, бахьанаш тайп-тайпана ду: я экономикан бахьанаш, я политикан.

Оьрсийчохь гоьваьллачу поэта-сатирика Иртеньев Игора, ши шо хьалха шен доьзалца Израиле новкъаволуш, иштта довзийтинера шен дIавахаран бахьанаш: «ПаргIат садаIар дац сан кху махкахь. Кхин а 12 шарахь, хIора денна телевизионехула Путине бIаьрг а бетташ, и лан де дац сан», - аьлла хиллера.

Оьрсийчуьра уьду нах даим хилла даккхийчу терахьашца, амма тахана санна жигараллица дIа ца ихина хьалха шерашкахь.

Тайп-тайпанчу статисташна а, тергамчашна а хетарехь, Оьрсийчуьра уьдучийн терахь 1917-чу шарахь революцин карчам хиллачу заманахь санна, десташ ду де дийне мел долу.

Оьрсийчоьнна эшаме дийриг а, даьндерг а ду, цу нахана юкъахь доккхаха долу дакъа Iилманчаш, дешан говзанчаш, экономисташ, журналисташ хилар.

Оьрсийчохь луш долчу лахарчу алапах тоам ца хуьлу шайна, я ширчу техникаца белхаш ца бало шайга, бохуш, леткъамаш бо цара интернетерчу машанашкахь. Мича кхочур-те Оьрсийчоь, я хьаьнца юьсур-те?

Х1унда аьлча, лаккхара Iилма долчу нахал дукха тIаьхьа ца дуьсу Оьрсийчуьра уьдучу мог1арерчу бахархойн терахь а.

Кху деношкахь маьрша ю, белхан меттигашца шорто ю бохуш Iедало хестаечу, денна ирахIиттош керл-керла хIусаман цIенош долчу Нохчийчуьра, шен Даймахкара, цигахь ког билла латта ца карийна, пана махка новкъа яла кечлуш Ламара.

Йина а, кхиъна а ю иза Соьлж-ГIалахь.

ХIун бахьанашна йоьду хьо, йина мохк дIа а тесна, хийрачу Европе, аьлла, Маршо Радионо деллачу хаттарна Ламарас жоп луш, ялхийра Iедалшкара ша а, ша санначара а ловш йолу гIелонаш. Нехан бакъонаш ларъян декхарийлахь болучара, мелхо а, цу нахаца лелаен харцонаш кхидIа лан ницкъ ца хиларна, вада везаш хилла къена къанваллалц ваьхначу махкара.

Маршо Радиоца хиллачу къамелашкахь, Оьрсийчуьра бахархой, шайн мохк а буьтуш, дIаэхар уггаре хьалха дозург дац болх цахилар, я чохь Iен хIусамаш ца хилар, я кхин долу социалан хьелаш цатоар, уггаре коьрта бахьана Оьрсийчохь адамийн бакъонаш янне а ларъеш яцар ду , оьрсийн поэта Иртеньев Игора ма-бохху, «адамаш маьрша садаккха йиш йолуш ца хилар» ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG