ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магомадов Русланан "ЦIа" тайна дуьненна


Австри-- Нохчийн кинорежиссер Магомадов Руслан, Шен "ЦIа" филмо даьккхина совгIат схьаэца веъна иза Вене, 22Гез2012
Австри-- Нохчийн кинорежиссер Магомадов Руслан, Шен "ЦIа" филмо даьккхина совгIат схьаэца веъна иза Вене, 22Гез2012

Кху деношкахь Австрин шахьарахь Венехь дIаяьхьира дуьненаюкъара кинофестиваль. Цигахь дакъалоцуш хиллачу нохчийн режиссеран Магомадов Русланан „ЦIа“ фильмо хьовсархойн совгIат даьккхина.




«LETS СEE» цIе яра Венехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу кинофестивалан цIе. Юккъерчу а, Малхбалерачу а Европера киноисбаьхьаллин говзанчаш бара цигахь шайн кхолларалла хьовсархойн а, жюрин а кхеле йиллинарш. Дуккхаъчу тергамхоша билгалдаккхарехь, цу меттигашкара кинематограф карарчу хенахь шен уггаре а кхиаме хан токхуш ю.

Цуьнан бахьана, цхьана агIор, кинояккхархой, мацахлера къаьмнашна а, пачхьалкхашна а юккъера дозанаш доьхна хилар бахьана долуш, тIаьхь-тIаьхьа дика Iемаш бу, хьовсархойн дагах кхетачу агIор фильмаш яха. Вукху агIор, уьш шайн Малхбузерчу, дерриге а девзина шайна аьлла хеташ, кхоллараллах Iаьбча санна болу коллегаш санна а боцуш, яккхий амбицеш йолуш а, шайн кхолларалин некъ керла-керлачу исбаьхьаллин таронашца лоьхуш а бу.

Ишттачех лерира Венерчу кинофестивалан жюрино къоначу нохчийн режиссеран йоца фильм „ЦIа“. Цу фильмехь Магомадовс гойту тIом болчу хенахь гIаличохь цхьаъ висина хиллачу цхьана оьрсийн воккхачу стеган дахарера пхийттех минот. Цхьа пIелг санна ша ву иза тIамо йийсаре йинчу кхерамечу а, шийлачу а, аьхналлин хьаса шеца бисина боцчу Соьлжа-гIалахь. И цхьа шен хIусам-цIаьлг доцург кхин дисина хIума а дац цунна.

Вене шен фильм гайта веъначу Магомадов Руслана дийцира Маршо Радионе, хIинцалц дуккхаъчу дуьненаюкъарчу кинофестивалашкахь тоьлла меттигаш яьхна йолчу шен фильман къайле ша иза доггах яьккхина а, бакъболчу хиламашна тIехь яьккхина а хиларехь хета, аьлла.

Магомадов: „И фильм ас йоккхучу хенахь суна ца моьттура, иза иштта кхиаме хир ю а, я иза Дуьненаюкъарчу фестивалашка кхочур ю а. Со дуьххьал дIа сайн дипломан болх бан Iалашо йолуш вара цуьнца. Со цхьаъ бен нохчо вацара цигахь доьшуш. Тхоьца хиллачу эрмлоша а, азербаджанхоша а, кхечу кхаьмнийн векалша а кинош йохура, шайн къаьмний башхаллаш а, колорит а гойтуш. Суна а чIогIа лиинера иштта сайн къомах лаьцна фильм яккха“.

И фильм яьккхина ша ваьлча а, дуьххьара цхьана Малхбузерчу фестивале иза ша хьажийча а, шена ца моьттура, боху Руслана, Европерачу хьовсархошна цу тIехь ша гайта гIиртинарг хиллане а герга хир ду а, я уьш цунах кхетар бу а.

Магомадов: „Тамашенарг хIун ду хьуна аьлча, кхузахь, Малхбузехь, нах кхетар бац моьттура суна цу фильмах, хIунда аьлча, царна хийра хир ма юй вайн проблемаш, я царна вайн менталитет а ца евза, я Нохчийчуьрчу тIамах царна хууш а хир дац хIумма а аьлла хетара суна. ХIетте а дуккхаъчу къовсамашкахь шортта совгIаташ делира цунна, со цецвоккхуш.

Соьга хIинца а цхьаболучара олу, и хьан фильм шуьйрачу хьовсархошна мегар йолуш яц, цунах интеллектуалаш а, эксперташ а бен кхетар а бац, олий. Амма дуьххьара цу лентина Нью-Йоркерчу фестивалан совгIат делча – ткъа и совгат хьовсархоша хаьржинчу фильмана луш дара цгахь - тIаккха кхийтира со, уьш харц хила мега-кх, аьлла“.

Карарчу хенахь нохчийн къам дIадохадарах лаьцна йолчу фильмана тIехь болх беш ву Руслан. „ГIура-бутт“ аьлла цIе ю цуьнан. Ролаш ловзорхой а, фильм йоккху меттигаш а – и дерриге а билгалдаьлла ду шен боху цо.

Цкъа хьалха фильм яьккха ахчанца гIо дийр ду аьллачу меттигерчу Iедалша кхин шайн дош кхочуш ца деш дисина хилар бахьана долуш, дийначу фильман идея кхузза язъян йийзира шен бохуш дуьйцу режиссеро, цхьана сахьтехь хила еза иза эха сахьте кхаччалц, сценарий дIа а хадош.

Магомадов: „ГIура-бутт“ ас яккха лерина дукха хан ю. Хьалха-м иза дийна фильм санна яккха кечвеллера со, нохчийн къоман историн кхо дакъа гойтуш, дIадохорна тIера дIа йолийна нах цIаберзарна тIе кхаччалц, ткъа цул тIаьхьа кхин а ткъа шо даьлча хилларг а дара гайта лерина.

Амма дукха хан елира суна иза яккха ахча ца карош. Цундела иза дикка яцъян дезна сан, эха сохьте кхаччалц. Историкаллин фильм хир ю иза, бакъболчу хиламашна тIехь яьккхина. Цхьадолу хIуманаш суна сайн денанас дуьйцуш хезна хIумнаш ду, кхиндерш суна Нохчийчохь хезна хиламаш бу. Коьрта турпалхой – уьш ши ваша ву, ткъа ерриге а сюжет церан дахарна гонаха кхоьллина ю“.

Маршо Радио: Хьан дуьххьарлера фильм тIамах лаьцна яра, ткъа шозлагIниг – къам дохадарах ю. Кхоллам бу те иза нохчийн исбаьхьаллахочун – даима а бохамех фильмаш яхар?

Магомадов: „Сан кхоллам – иза Нохчийчоьнца йоьзна фильмаш яхар бу. Сан рогIера проект, масала, вайн вевзаш волчу обаргах Зеламхах лаьцна фильм яккхар ю. Суна нохчийн исторех кинош яха лаьа, уьш гайта а лаьа доллучу дуьнентIехь. Массо а нахана дIагайта а, вай дикачу агIор довзийта а. Вайн цхьа акха зуламхой доцийла, мелхо а, вешан исбаьхьалла а, культура а, истори а йолуш къам дуйла гайта“.

Венера кинофестивал дуьххьарлераниг яц Магомадов Русланан фильм тоьллачех къастийначаралахь, цул хьалха Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Италехь, Германехь, цхьамогIа кхечу мехкашкахь а толамаш бехира цо. Шеко яц и хIинцалераниг а къоначу похIманчин тIаьххьарлера кхиам хирг цахиларх.
XS
SM
MD
LG