ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: Кхо бутт хьалха полисхошна тIелеттарш байиний-те баккъал а?


Бакъоларъяран «Мемориал» центре официалехь кхаьчначу жоьпаша гайтарехь, дахначу шеран ГIуран-беттан 17-18-чу деношкахь полисхошна тIелетта кегийрхой а бойъуш, лаьцна хиллачу кхаа стагах цхьа а вац Iедало нах лецна кхобучу меттигашкахь.

Полисхошна тIелатарна бехктакхаман дов айдинчу талламашкахь хьахийна а яц хIетахь йийна бохуш йийцина йоI.

Оцу деношкахь лерина операци дIахьош вийра 7 жимха, лазийна, лаьцна, гIалин 9-чу дарбан цIийне кхачийра Юсупов Асхьаб, Бергоев ИсмаьIал, Шахбиева Мадина.

Шо довш Нохчийчоьнан могашаллин министраллерчу хьостанна тIе а тевжаш, даржийра прессо и кхо стаг дарбан цIенна чулилхинчу герзахоша вийна аьлла.

«Мемориало» бахарехь, иштта йийна 26 шо долу Шахбиева Мадина дIайоьллира децIахь Шалажехь.

Бакъоларъяран «Мемориал» центран хеттаршна жоьпаш луш, Нохчийчуьрчу талламан комитето жоп делла динчу тIелатар толлуш дов айдина аьлла, амма ца хаийтина дийна бу я бац хIетахь лецна хилларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG