ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Русланан кхел



Кху беттан 25-чу дийнахь доладо кхело полицехь лаьцна латточу Кавказан къаьмнийн ассоциацин президентна Кутаев Русланна дуьхьал гIаттийна дов. Цунна бехкедо наркотикаш лелор. Бутт гергга хьалха иза лецира Хьалха-Мартанарчу полицин декъо Гихтахь.

Чохь кхобучехь цунна йиттина, чIагIдо Оьрсийчуьрчу «Iазапна духьало яран комитетан» куьйгалхочо Каляпин Игора а, цуьнан белхан накъосташа а.

Дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн юкъаралло Кутаев Руслан лацар дузу цо бахначу беттан 18-чу дийнахь вайнах махкахбахар хьахош Нохчийчуьрчу Iедалан лаамза конференци хIотторца. Доллучунна а буха йиллинарг политика ю, аьлла хета бакъоларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG