ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахлуш де Кутаевна кхел яр


Кутаев Руслан, суьдехь.
Кутаев Руслан, суьдехь.

Кутаев Русланан тIехь йолчу кхелан процессан рогIера кхеташо дIаяхьара тахана. Керла хIума ца даьлла кхин гучу, амма, адвокаташа бахарехь, и гIуллакх, кхечу Оьрсийчоьнан кIошташкахь хир дацара.

Вевзаш волчу бакъонашларъярхочунна Кутаев Русланан тIехь йолчу кхелан рогIера кхеташо яхъеллера. Делкъахенахь йолаелла йолу иза, сарралца лаьттира. Ле беш бара оцу процессехь дакъа мел долу стаг: теш а, полисхой а , иштта ша гурана чохь валлаш волу бакъонашларъярхо а.

ХIинцалца, оцу кхеле, журналисташ а, чохь валлачуьнна гергар нах а чубаха меттиг яцара. И процесс йиллина лоруш ялахь а, кхелхочо, дихкина тIекхойкхучу а, бехк бу бохучуьнна агIонна, вовшах хеттарш дечу хенахь, хаамийн гIирсийн белхахой хилийта. И къийсадаларш ду, кхелаан процессашкахь, уггаре а маьIне хIума. Кутаев Русланан адвоката Заикин Петра, Маршо радиога бахарехь, цигара хIума гIар ца далийта лелош а ду иза.

Процесс а, бакъонашларъярхо дIалацар санна, дуккха а низамаш а дохош хилла бохуш терго йо адвокаташ. Масалла, Кутаев Руслан Гихтахь дIалоцучу хенахь, теш валийна хилла стаг ву, ша а наркотикаш бахьанехь дукха хан йоцуш дIалаьцна хилла, юха ца кхетачу бахьанашца мокъваьккхина хилла волу стаг. Иза, адвокатийн шеко яц, цу метте полисхоша, аьлларг даре дийра долун дела, шайца схьавалийна хилла ву.

Кутаев Русланан адвокаташ, кхайкхам бинера, кхеле, процесс чекхяьллалца, иза талламан изолятор чуьра мокъ вита аьлла. Цуьнан кегий бераш хилар а, ша а 60 шарелла тIехваьлла хилар а, тидам ца ийцира кхело. Цуьнан адвокатийн агIо лоцуш ю «Къизалшна доьхьал комитет» цIе йолу цхьантуохаралла. Цу юккъерачу декъашхочо, адвоката Заикин Петра, маршо радиога дийциира, тахана и кхел дIа муха яхьара.

Заикин Петр: «Процесс кхин хIума а доцуш, цхьана эшшара дIаяхара. Ле ванн везаш мел верг оха левира. ТIекхойкхучу агIонна ши теш вара левина. Иштта, бехк бечу агIонийн ши теш а вара. И тешш, охал е ца бира. Хеттарш дира, кхечу регионера баьхкина берш. Дика моменташ а ю цу юккъахь. Керла тоьшалша гучдоьвла цигахь, Кутаев дIалоцучу хенахь, хилла йолу харцонаш. Ма дарра кхин дийца йиша яц сан, агIонаш къийсалучу хенахьа, адвокатийн позици йоха ца ейта».

Кутаев Руслана кхелехь къамел, шен адвокатехулий бен ца дина. Цуьнан могашалла а, коьртаниг дог-ойла а дика ю, аьлла даре до Заикин Петра. Цуо иштта, билгалдоккху, бехтакхаман системан, Нохчийочхь долу дакъа, дикачу агIора къаьсташ ю, меттигерачу полицех, аьлла.

Заикин Петр: «Руслан вистхуьлуш вацара. Ццуо хеттарш бен ца дира, соьгахула. Цкъаьчунна, эра вац «хан ца кхаьчна, цуьнга къамел дайта». Со цецвоккхуш цхьа хIума ду. Нохчийн полицехь долу оьзда доцу хIумш, аьттехь дац, бекхтаман урхаллийн Нохчийчохь долчу декъехь. Ала йиша ю, Оьрсийчуьрчу оцу урхаллан масалле а яло мегар ду иза».

Кутаев Русланан адвокат Заикин Петр, цецваьлла волуш вац, цунна доьхьала йолйиначу кхелах. ХIара санна долу гIуллакх, шен схьавалар долчу Лаххарчу Новгородехь хуьлийла дацара,элира цуо.

Заикин Петр: «Суна хетарехь, Лаххарчу Новгородехь, хIара тайпа гIуллакх, кхеле а кхочура дацара. Прокуроро , бехк беш болчу сацаман кIела куьг таIора дацара. Иштта оьзда доцучу хIуманна кIела куьг таIо йиша яц».

Гарехь Кутаев Русланан доьхьала долийна долчу гIуллакхан процесс яхъяла мега. Адвокаташ дийцарехь, иза ша а кхеташ ву цуьнах. Амма, куьйгаш вахь а дохуьйтура дац цуо а, шаьш а боху цара. Ала догIу, и гIуллакх, дуьненаюккъерачу цхьанатохараллийн тидамехь ду. Царах цхьайолчара, кхайкхамаш бина, харц долийна долу иза, сацде аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG