ТIекхочийла долу линкаш

Бан болх боцуш иза лоьхучу наха дохадо Соьлж-ГIалин сирла сибат


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, Болх лоьху нах гуллуш болу меттиг. 27Лахь2014

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, Болх лоьху нах гуллуш болу меттиг. 27Лахь2014

Шен дахараехь цкъа карахь кепек а йоцуш, бан болх а боцуш висина хилла стаг бен кхетар вац и хьал хьоьгучу наха ечу гIийлачу ойланах.

Ткъа цу тайпа нах бу кху сохьта а лаьтташ, масала, Соьлж-гIалахь. Биржа олу уьш гуллуш болчу меттигах. Мел беза а, хала а хиларх муьлхха а болх бан кийча бу уьш шайн доьзал кхаба напх даккха. Амма иза дан наггахь а бен аьтто ца болу.

Соьлж-ГIалар шина "биржах" цхьаъ ю хIара меттиг.

Соьлж-ГIалар шина "биржах" цхьаъ ю хIара меттиг.

​Нохчийчоь Оьрсийчоьнан ерриг а регионашлахь уггаре а дика а, сиха а кхуьучех цхьаъ ю, олий, даима а кхайкхадо мехкан Iедало. Иза дерриг а бакъду олийла дара, белхан меттигашца а иштта хилича. Махкахь, дукхаъчу меттигашкахь гIишлошъяран белхаш ду дIадоьлхуш. Амма тахана а алссам доьзалш бу къеллин зилна гергахь бехаш.

Болх лоьхучу наха тоьхна хIара кехат.

Болх лоьхучу наха тоьхна хIара кехат.

ГIишлошъяран а, кхидолу а белхаш дан стаг лаха хала дац Нохчийчохь. Муьлххачу гIишлонна тIе а, арахь мел лаьттачу бIогIама тIе а летийна го болх лоьхучийн дIакхайкхораш. Меттиг ца тоьаш, тIех-тIехула а ду уьш тIелетийна. Сантехник а, электрик а, кибирчиг юьттург а, чуьра кхидолу белхаш дийриг а... – муьлххха говзанча каравойла ду оцу кхайкхамашкахь. Массара а шайн йозанна буха тIетуху, мехаш дорах ду, дика болх бо, олий.

Гуттара а борах болх бен нах безарш белхан бирже боьлху. Цигахь караво муьлха а говзанча. Соьлж-гIалахь шиъ ю и тайпа нах гулло меттиг. Машен шайна уллехь сецча, ша-ша хьалха вала а гIерташ, тIевогIу, «хIун болх бу хьоьгахь», олий.

​Иштта сан машенна а тIе а баьхкира. Церан хьолах лаьцна прессехь дийца воллу со аьлча, догдуьйхира церан, амма жимма хан яьлча, бовл-бовлуш, къамеле бевлира.

Маршо Радио: Дукха хуьлий кхузахь болх лоьху нах?

Болх лоьхург: «Дукха хуьлу. Кибирчиг а юьллу. Кегийчарна кибарчиг йилла ца хаа. Ас, масала, эчиг латадо. ХIора дийнахь а ца хуьлу болх. КIиранах цкъа а, шозза а карабо. Кхуза чубаьхкинчу гастарбайтерша бина болх юхабар бен, тхуна кхача а ца кхочу».

Маршо Радио: Цара дика ца бо болх? Борах бо бохуш ма дуьйцу?.

Болх лоьхург: « ЛартIехь болу болх борах бийр буй? Борах баре терра, гIурт а бо цара. Цундела юхабан безаш хуьлу иза. Баттахь кхузахь мел ахча доккху ца хаьа суна, нагахь санна хьан бан болх белахь, хIора баттахь 30 эзар кибирчиг ас охьаюьллур ю-кх хьуна. Сайна хилича, бийр бара ас и болх. Бац. Вукхарна бу, нохчашна - бац. ДIавахханчу петаршчохь болх беш бу хьуна гуьржий, узбекаш...»

Маршо Радио: Тахана болх а боцуш висар мел хала хIума ду?

Болх лоьхург: «Хала хIума ду дера. Рицкъ лаха ца деза? Телехьожийлашкахь болх бу боху. Бан ма бац иза. Мичахь бу иза? Оцу узбекашна дIалуш долу цхьа цIа вайна схьадалийтахь. Царел сиха дIахIоттор ду-кх вай. Кхузахь, биржехь, лаьттарш берраш а яьрташкара бу. ХIора Iуьйранна схьа а богIу, хIора Iуьйранна цIа а боьлху. Со кхуза Шелара схьалела нийсса кхо шо хан ю. Нажи-Юьртара а бу, ТIехьа-Мартанара а, Шелковскера а бу, массанхьара а шортта бу».

Гайтаме сурт санна, кечйинчу Соьлжа-гIалахь шашаха хIоьттина биржа хилар ца товчух тера ду Iедална. Шаьш даима а кху меттера полицино лоьхку, бохуш, кхидIа а дуьйцу болх лоьхучу наха.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG