ТIекхочийла долу линкаш

ДогΙанаша Нохчийчохь а дохийна цΙенош, ткъа иза-м дац дуьйцуш а...


Нохчийчоь - Хьалха-Мартанан кIоштахь йочанаш хиллачу деношкахь, Мангал-бутт 2012

Нохчийчоь - Хьалха-Мартанан кIоштахь йочанаш хиллачу деношкахь, Мангал-бутт 2012

ТΙаьххьарчу кΙиранашкахь ца хеддаш йочанаш лаьтта Нохчийчохь, къаьсттина ломан къошташкахь. Дистинчу хиша цΙенош дохийна ТΙехьа-Мартанан а, Хьалха-Мартанан а, Куьрчалан а кΙошташкахь хин йистошца лаьттачу ярташкахь. Некъаш доьхна, тΙеш дΙадаьхьна, тоькан серий хедда цигахь а, лаьмнашкахь а. Хилла зенаш чоьте эцна меттигерчу а, мехкан а Ιедалша цхьаццайолчу меттигашкахь, делахь а тидамза юьсуш ю дуккха а ярташ. Царех ю, масала, Нажи-Юьртан къоштара Беной-Ведана а.


Баттахь, юкъ-кара бен сацар доцуш, дилхинчу догΙанийн тΙаьхьало хаало Теркаца а, Мартанца а, Ιаьсца а, Басца а, Хулоца а, Органца а, Яьссица а лаьттачу ярташкахь. Кху баттахь доьхна бΙе гергга цΙа, такха кхерам болуш ду оццул а сов цΙенош. Гих-чохь, масала, 4,5 метре кхоччуш хи хьаладаьлча доьхна 20 сов цΙа.

Йочанаша гΙайгΙане яьхначех ю Шуьйтан, Шаройн, Веданан лаьмнашкара ярташ. Царалахь ю Маршо Радионе хаам бина Ахматов Амхьад веха Нажи-Юьртан кIоштара Бена-Ведана а. Шайн юьртана хилла бохам Амхьада иштта бовзуьйту.

Ахматов Амхьад: «Соцуш а доцуш, догΙанаш доьлху дикка хан яра. Бена-Яьсси ду охьадогΙуш, цо гола тухучу меттехь Гуьржий-мохк олуш ю Беной-Ведана чуйогΙу цхьа юьрт, цигахь, цхьа агΙо чу а яьхьна, дийнна некъ, «Жигули» а чекх а ца ялалуш, гатбелла. Ιедалх стагга а меттахволуш а ца хилла, юьртахо ву, Умаров Алмасаз, шен харжаца бердан мара дΙабоккхуьйтуш, хедош, юьртана накъосталла деш воллу иза.

Юьрта йисттехь дерг-м дийца а эшац. Дукха адам ду бажа эцна ламтΙе дахана, цхьаъ бен цига боьдуш некъ а бац, иза текхна лаьтта. «Лоьман Орц» олуш ю Беной-Ведана чуйогΙу жима юьрт, цигара дехьаболуш, лома боьду некъ текхна, чаккхарма гергга охьаеъна и агΙо, цигахь вуно боккха Ιам кхоллабелла. Йоккха ши тарх тΙеттΙаеъна, айелла, кΙорга Ιам хΙоьттина цигахь. Цхьа а да, бала болуш, орцахваьлла а вац.

Цхьа накъост вара, деллахьа, цхьа йозанца-хабарца волу стаг вогΙур вац-те, бохуш, сатуьйсуш. Веъча а, иза вист хила ма ваьхьар вац, газетехула я кхечу чухула шайна хьовзаме дош долуьйтур дац «цара», аьлла, иштта дитира-кх. Цхьа 40 де дисина ломара юьртан бажа цΙаберзон, ткъа нах цигара охьабахка беза меттиг йоьхна, тΙекΙелъяьлла лаьтта».

2000 стаг веха цхьа Бена-Ведана хилла ца Ιаш, такхаршка яхна лаьтта цунна гонахара Йоккха Бена юкъайоьлху ярташ а. Цигахь а текхна некъаш.Хьал кхидΙа а Ιедалхой бала а боцуш латта дисахь, мехкаца йолчу зΙенех хада а сахьт дац шайн ярташ, боху Ахматов Амхьада.

Ахматов Амхьад: « Гонаха дерг: Бена чу йогΙуш ю «Денги-Юьрт» олуш меттиг, цигахь тΙекхна латта, массех цΙено чудаьхьна. Нагахь санна догΙанаш юха ца дерзахь, ламтΙе боьлху некъаш дΙабевр бу. Бежана даххал бен ца бисина цигара некъ а, ткъа бала болуш цигахь а вац, боху-кх юьртахоша, стагга а. Хи дΙадаха меттиг йоккхушший, некъан дола дешший Ιедал дац. Бахархоша токах, хих, газах, машенаш долахь латторах ял ю луш, ткъа некъаш-м тобеш-м вац цхьа а».

Къайле яц цхьана а нохчочунна, махкарчу хьаькамех доккха дакъа оццу Бенара а, Бена-Веданара а нах хилар. Цундела тамаше ду уьш шайн децΙахь доьхна хΙоьттинчу хьолан бала а боцуш, шаьш хьакамалла леладечу Соьлжа-ГΙалахь парггΙат буьйшуш-гΙовттуш, бехаш дΙаΙар а.

Ша дуьненна а комаьрша стаг хилар гайта хьаьгна хьаькам а волуш ехачу Нохчийчоьно деношкахь Кубанехь бохам хиллачу Крымск-гΙала 30 «Камаз»-машен хьажийра шайца цхьацца рицкъа а хьош. Шеко яц иза меле хΙума хиларан.

Ткъа иштта хиш дестарца тΙекхаршка яхначу Бена а, Беной-Ведана а, Соьлжа-ГΙалано шена еллачу кучана дуьхьал коч кховдош, Кубанан коьрта хьаькам Ткачев Александр орцах ца валахь, махкарчу хьаькамашна, шайн ярташкара бала гуш а бац, шаьш уьшалшкахь дуьсуш лаьтта, бохура Маршо Радиоца къамел динчу Бена-Веданарчу Ахматов Амхьада.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG