ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Да воцу латта


Низам а дохош, дола дерзийначу латтанаш тIехь хIусамаш ярна дуьхьал кампани йолийна Нохчийчурчу Iедалша. Амма цу гIуллакхо эргIад бахийтина бу иза хьакхаделла болу бахархой. Шаьш хIоразза а Iедал масозза хийцало, мах а луш, кехаташ а дохуьйтуш лелош ду и къовсаме латтанаш бохуш латкъамаш бо цара.

Карарчу хенахь тергаллучу хьолаца Iедалера пурба а доцуш Нохчийчохь гIулч яккха ваьхьара волуш стагга а вац,юртдена хууш хIума а доцуш,латта дола а даьккхина, шен лаамехь цу тIехь гIишло я-м хьала а,охьа а.Цу кепара, Iедалан хам-пусар а ца деш, баккъалла а и дича санна,бахархоша къиза балица,йолу-йоцу кепекаш вовшах а етташ, хIусмашна йоьттина фундаменташ йохо йолийна Нохчийчохь.

Билггала бакъ а долуш,бульдозар-тракторшца дIахьекхна уьш кху новкъахь Теркйист кIоштехь. ДIахьекхна диъ-пхи шо хьалха, кIоштан гIантда хIинцца чекхбевллачу харжамашкахь депутат ваьккхина Ахметханов Султан волуш цу латтанашна Iедало елла бакъонаш хьесапе а ца оьцуш. МогIарерчу наха дийцарехь уггар лакхарчу тIегIанахь дина омра дахаре дерзош и болх бойтурш бу префект Кутаев Шамал а, цо тIедожорца юртдай а.

МА-дарра аьлчи цу, бахархоша акха лоручу хиламо, йиш йохийна, бIарзбалар а, цецбовлар а цхьаьна а ийна,Iадийча санна латтош бу юьртахой.Нехан кхетаме дуьжуш дац, бIеннаш эзарнашкахь харжаш еш, хала, цIийца йоьттина фундаменташ дIахьоку бохург.

Ишта пусар доцу гIулчаш яха магийтина шайна Iедалехь болчара Лаха-Неврехь а, Ломаз юьртах а кхечу меттигашкахь а. Хьере хиллал карзах а буьйлуш дуьйцу бахархоша Iедалехь болчара лелочух. ХIара къамел Лаха Неврехь деш ду.

Лахановрахоша билгалдоккху кхош ,диъ шо хьалха наха и латтанаш Iедалера, шайна гIишлош ян ахча а луш эцца хилар.

Бахархоша хIусмашна бух буттуш бина токхамаш чоьте а ца оьцуш,хьегначу къина хам-пусар а ца деш, Iедалдай сел эвхьаза а, хамза а лелар коьртах а даьлла дийцаре деш ду Ломаз юьртахь а. Урхаллехь болчарна беш хастамаш бацара цигахь а. Фундаменташ кеггош дIахьаькхначех бу –ИсраиловгIар а, ИсмаиловгIар а, МурадовгIар а, КадыровгIар а.Ломаз юьртахь деш ду хIара къамелаш.

Бахархоша билгалдоккху Iедалдайша нехан фундаменташ йохор ,къуьйш санна буьйсанна хан яьллачу хенахь нисдеш хилар.

Баккхийчара а, говзанчаша а даре до, тахана Нохчийчохь, цIийнан баххаш бохош лелош дерг цхьана а хенахь, цхьана а Iедало шена магийтина хIума дац бохуш. Мел хьолах кхуьуш воцчуьнга а, хьекъална мел аьрта волчуьнга а, воцчуьнга а-цхьангге а кхеталуш хIума дац, дехьа а, сехьа а доьгIна цIенош а долуш, царна юккъехь, хьалххехь лаьцначу декъан тIехь боьттина цIийнан бух хьаьккхина дIабаккхар.

Хууш ма хиллара тахана 4-5 чоь йолчу хIусамна бух ботта лаххаре а 100 эзар сом ахча деза. Хьан меттахIоттор ю юьртахоша йина харж? Мича даха деза цара хьегна къа? И а, кхин а хеттарш жоьпаза дуьтуш цкъачунна Нохчичохь.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG