ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а - милцо, тIаккха а - милцо


Нохчийчоь - Мехкан куьйгалхой бовлу доккхачу декъанна полисхошлара, кхаралахь а хила тарло кхана воккха хьаькам ваьнверг, Соьлж-ГIала, 2012
Нохчийчоь - Мехкан куьйгалхой бовлу доккхачу декъанна полисхошлара, кхаралахь а хила тарло кхана воккха хьаькам ваьнверг, Соьлж-ГIала, 2012

Нохчийчоьнан куьйгалхоша рогΙера хийцамаш бина Соьлж-ГΙаларчу хьаькамашлахь. Цхьаьна кΙоштан куьйгалхочун метта хΙоттийнарг ву милцо. ХΙинца махкахь наггахь кΙошт а яц полицера хьаькам коьрте ваккханза.



Октябрь кIоштан коьрте хIоттийна керла куьйгалхо ву, полицийн белхахо хилла волу Исмаилов Русланбек. КIоштан администрацин белхахошна иза вовзийтира Соьлжа-гIалин мэра Кадыров Ислама. Керлачу куьйгалхочун дикачу агIонех цхьаъ иза шен уллера накъост а, Кадыров Рамзан ларвеш лелла гIаролхо а ву, аьлла, билгаладаьккхира гIалин дас.

Иза вовзуьйтуш, Кадыров Исламабилгалдаьккхира, керлачу даржехь нагахь санна ларавеш ца хилахь, дIавоккхур ву, аьлла. "Хилла волу префект Гаибов Идрис а ,санна цIаваха дезар ду ларош вацахь, хьан а, сан а", - элира цо.

Гаибов Идрис республикан куьйгалхочун уллера накъост ларалучех цхьаъ вара. Иза Октбярь кIоштан администрацин коьрте хIоттийра 2007 шеран аьхка. Оцу дарже вале Куьршлойн кIоштан куьйгалхо лаьттина иза. ХIинца белхан меттера дIаваккхаран бахьанех лаьцна дуьйцу, берриге а мохк орцах а баьлла, тайинчу "12 -гIа куп" олучу меттехь цо ма- хуьллу цIано ца латтийна бохуш.

Мухха а делахь, республикерчу Iедалехь кеста кхин а хийцамаш хила мегаш бу. Соьлжа-гIалин мэрехь кест-кеста Iедалхошца цхьанакхетарш дIахьо республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен тIаьххьара цигахь хиллачу кхеташонехь цо баккхий кхачамбацараш билгалбехира гIалин еа кIоштийн администрацин балхаца.

Иштта, кIоштийн къеданаш а бац, боху, шайн балхаца ларош. Царалахь ву, республикан куьйгалхочуьнга хаьттича, Куьршлойн кIоштан куьйгалхо Висмурадов АбухIусейн а.

Билгалдаккха деза, Висмурадов Абухьусейн Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIаралан коьртехь волчу "Патриотан" воккхаха ваша хилар. Амма гергарлонашка а ца хьоьжуш, белхан меттигашкара, бIаьрнегIар а ца тухуш, бохабо цо.

Оццу кхеташонехь, балхаца ларош вац аьлла, цо билгалаваьккхина шен шича Ибрагимов Турпал-Iела а. Иза а балхара воха кийча болучеран тептартIехь хилар билгалдаьккхина оцу кхеташонехь. Цунна а, кхечу даржхошна а ши бутт белла, кхачамбацарш дIадаха. Церан белхан дикаллин таллам бе, аьлла, омра ду делла. Йиллинчу хенахь хийцамаш ца хилахь, уьш а Гаибов Идрисана тIаьххье дIахьовсо тарло.
XS
SM
MD
LG