ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францойн поэзи нохчийн маттахь а ека хаза


Нохчийн мотт шарбойла, халкъалахь чIагIбойла ду, цхьамогIа кхечу хьелашца, цу матте яьккхина дуьненан литература хилахь. Иза кхетош болчу поэтех ву поэт, гочдархо, меттан говзанча Хатаев Хьусайн.

Кху цIахь берш боцуш, цIарна цIе яххана исбаьхьаллин дешан говзанчаш беха тахана Европехь. Кху Нохчийчохь а, цигахь а бехачарлахь кIезиг бац стигал Iаьршашка кхачош , исбаьхьаллин дешан къайле ястаелларш,нохчийн литературан дозанаш шординарш. Багарбан хьашто а йоцуш, дукха а бу.

Уьш мел бу, тIехIотта да воцуш, байлахь юьсур яц нохчийн исбаьхьаллин литература аьлла, тешам а бу. Бакъду, цу яздархошлахь дукха бац литературах, дахарх, махкахь долчу хьолах, бIо ца къажош, шена хетарг дIаала хIуттуш верг.

Иштачех цхьаъ ву байтанча, гочдархо, ненан меттан говзанча Хатаев Хьусайн. Ша мел гена велахь а иза куьг кхочехь ву,мичча хена кийча а ву, хьулам боцуш, шен хьажам-ойла ялхо.

Тахана Францехь веха Хьусайн тIетаьIIа къахьоьгуш ву. Цигахь нохчийн матте яьккхина ваьлла хьесап ду иза Пушкинан «Евгений Онегин» роман.

Бакъду, литературах а, гочдарех а тхойшиннан къамел нисделла 15-чу бIешарахь ваьхначу фаранцойн байтанчех (бакъйолу цIе де Монкорбье йолчу) Франсуа Вийонах.

Къамел доладелира Хатаев Хьусайна нохчийн матте яьккхинчу жимачу «Илли билгалонех» цIе йолу байта тIера.

Девза шурин мозий вай,Вевза стаг а духарца,

Бевза хIоттам беза бай, Девза дитт а гарца чкъор,

Бевза чхар а,леша бокх, Бевза муьста нах а хьуна,

Девза хьал,пхьор доцург токх: Амма со ца вевза суна.

Вевза денна буург тIуо,Вевза хьехам чIогIа бийриг,

Вевза лай шен кхобург вон, Евза хIолбат хиъна Iийриг,

Вевза даржо хьоьсту бохь,Вевза лерца пуьталг, хьуна,

Девза чагIар черми чохь: Амма со-о ца вевза суна.

Евза говр а,ловзош берг,Девза декхар,такхар иза,

Евза гIам дерг,оьзда ерг,Евза нийсо,харцо къиза,

Евза само,мерза гIан,Девза Делан дехкарш, хьуна,

Евза адам толлу хан: Амма со-о ца вевза суна.

Хьенех,дийца дукха ду, Кхаъ бац хIара дуьне, хьуна,

Девза далар-синан Iу: Амма со-о ца вевза суна.

Цунах, Франсуа Вийонах а, цуьнан синхааман турпалхочух а, исбаьхьаллин литературах а ду тхойшиннан кхиндIа къамел.

Маршо Радио: Хьусайн, «Со-о ца вевза сунна..» цуьнан синхаам турпалхочуьнга ша ала гIортийнарг аладелла аьлла хетий хьуна?

Хатаев: «Дера аладелла. Цуо боху дуьне,гонаха мел дерг девзина шена, амма ша-м ца вевзина шена. Ша-шех ца кхуьу боху цо ша. Вевза а моьттуш цунна ша вевзина ца хилла. Ишта даре до цуо талламаш бинчул тIаьхьа. Франсуа Вийон шен заманал а кхо корта лакхара стаг лоруш хилла иза,кхетамца а,хьежамца а,леларца а».

Маршо Радио: ХIинца цигахь, Европехь, мелла а хан яьккхинчул тIаьхьа, изза Вийон Франсуа, Шекспир, Гете кхиберш а тIеэцар,кхетор кхечу кепара-м дац хьан?

Хатаев: «Цара бух биллина. Оьрсийн литература ю бохург, шолгIа бен яц. Цара дукха хIума кегийна, массо тайпана кепаш хIиттийна. Хьо маттах кхиа а воьлча, иртийн чулацам оригиналана герга йовза а воьлча,хьуна хаьа уьш мел ницкъала хилла. Уьш ца хиллехь Пушкин а хир вацара,кхиверг а хир вацара… Хьалхара гIулч цаьргахь ю».

Маршо Радио: Лакхарчу доьшийлашкахь дозанал арахьара литература Iамор, изза Франсуа, Гете, Байрон, кхиберш а бовзар цхьа декъаза,къовзийна ду боху-кх ахь?

Хатаев: «Боху. Стенна аьлча оьрсаша шаьш шайчара лакхе яьккхина,шайчара къаьхьде дина бохуш дуьйцу… И лакхе яккхар а ур-аттал, кхаьргара схьаэцнарг бен церан хIумма а дац. Кеп елахь а,ойла елахь а… И ойла а тIе басар тухуш,дIаерзош,схьаерзош хIумнаш-м мелла а дина хир ду цара. Вуьшта оьрсаша шайггара керла даьккхина цхьа хIума дац. Дозаллий,хьехамашший,массо нисваррий цаьргахь бахьа меттиг а йоцуш ду…»

Францой байталлах тIетовжийла а йина, исбаьхьаллин литературах дийцина байтанча, гочдархо Хатаев Хьусайн, даима а санна, тешна ву кхечу къаьмнийн исбаьхьаллин ирташ нохчийн матте яхаро, хи тодеш,стамдеш,цунах дIаэлучу шовданех тера,оцу гочдарша ненан меттан таронаш шорьярехь, кIаргьярехь вуно мехала дакъалоцу аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG