ТIекхочийла долу линкаш

ДогΙанаш тоьхна лаьтта туьканаш хΙинца а


Нохчийчоь -- Iедало къевлина латточу туьканна тIелатийна кехат, Соьлж-ГIала, 10Ман2012.

Нохчийчоь -- Iедало къевлина латточу туьканна тIелатийна кехат, Соьлж-ГIала, 10Ман2012.

Йохка-эцар лелочарна гIо дан деза, бохуш, Iедалан лаккхарчу тIегIанахь цхьана агIор деш дIахьедарш а долуш, вукху агIор хаза нехан санна тIеIаткъам беш бу кху муьрехь Нохчийчохь шайн долахь туьканаш йолчу бизнесхошна. Кху сохьта еккъа цхьана Соьлж-ГIалахь хIинца а къевлина лаьтташ ю цхьа эзар сов туька. Цунна дередо гIалин гIантдас Хучиев Муслима а.


«ХIара шо дале, низаман хоршахь, цо ма хьоьхху болх беш хир ю Соьлж-гIалара йохка-эцаран меттигаш», - боху Хучиевс. БIеннашкахь аьлча а харц хир доцуш, Iедалан зерахоша мухIарш тоьхна, къевлина лаьтташ туьканаш ю кIошташкахь а. Цунна бахьана ду цхьаболчу долахошна токхамаш бан цалаар а, вукхеран оьшуш мел долу кехат а нисдина, туьканаш схьаелла таро цахилар.

Ярташкахь дукхахйолу туьканаш, некъаца бехачу бахархоша, Iедало дина гIо а доцуш, шайн керташкахь йина ю, юьртдайшкара бакъо а яьккхина йоьгIна а ю, Iедална йогIу ял охьа а юьллуш, болх беш а ю. Стенга, хьенан кисана доьдуш хилла и ахча?

Ма-дарра аьлча, и хаттар ду тахана коьртах даьлларг. Iедална яла йогIу ял а ца йоккхуш, битина бац зераш дечу белхоша долахой. «ХIара тхуна схьаделчахьана мегар ду ,шайн гIуллакх де»,- бохуш, маситта шарахь белхаш байтина йохка-эцархошка, ткъа хIинца, низам талхо уьш марз а балийтина, царна тIедожийна кехаташ кечдар.

ДIакъевлинчу туьканийн хьокъехь ял йоккхучу урхаллин маьхькамхоша, деш иштта дIахьедарш ду: «Церан долахошка Iедало бохург цхьаъ ду - низамца нисдалар, кийтарлонаш а ца лелош, Iедална йогIу ял охьайилла. Харцонаш кхийдайо, ца догIу ахчанаш доху бохург хабарш ду».

ЕакIов 40 метр дIалоцуш туька а йолуш, туькан долахо ю Новр-кIоштера йохкархо, ас хийцина цIе йоккхуш йолу Лариса. Цхьаъ бен чоь йоцчу жимачу туьканах 80 эзар охьа а диллина, Iедалера бакъо а яьккхина, схьаеллийтина цо шен туька, хIинцца кху деношкахь. И ю дуьйцуш ша бечу балхах а, ша бинчу токхамах а.

Лариса: «Цара даха ца бохуш цхьа кехаташ дац… Ва –а, Дела! 80 эзар даьккхи, диканна даьккхи-кх тхоьгара хIара жима туька схьайоьллург. ГIалара дуьйна хIорш охьахевшина хиларна цунах дIадерзи-кх. Гуттаренна а бакъо ю-м боху хIинца. Цхьа озабезам боцуш, массо ял охьайилла езаш, и кехат хIинца компьтер чохь ду, боху-кх. Ьассаьрга а охьадохкуьйту иштта ахчанаш. Iедал хIоьттаний, республика а хIуттий, бохуш, хабарш ду, цунна доккха хирг хир ду-кх хIара а»

ХIинццалц схьа, бохура Ларисас, дала дезачу ахчанах, тоькана а, газана а, кхечунна а, ах а, эха ах а дIа а луш, и мага а могуьйтуш, Iаш дара шаьш, хIинца санна чIагIделла Iедал а доцуш.

Лариса: «ХIинца диъ эзар даьлла-кх тхан тоькана кхаа кIирнах. 3880 ас охьа-м диллина, бахка а баьхкина, счетчика тIехь ма-хиллара. Ткъа хьалха оха кхо эзар, ши эзар бен ца лора. Татин гота а еш, иштта лаьтташ дара... "для политики" ах-ух дIа а луш… Цара ло аьлларг дIа а луш. Кара дIа а луш... Дукха ца алара цара.»

Нехан дуьхьа, бохуш, хабарш а дуьйцуш, нийсо а, бакъо а толийта, низам хIотто шаьш лелаш хилча, бохура соьца къамел дечу туькан долахочо Ларисас, туька дIакъовла, аьлла, цIе яьлча санна, коча а ца богIуш, сиха телхаш йолу хIума тхоьга дIа стенна ца яккхийтира кху чуьра? Ткъа къа стенга даха деза?

Маршо радио: -Туька дIакъовлуш хилча, телхар йолу хIума хьесапе ца оьцу цара. Хан ца ло уьш дIайохка?

Лариса: «Деладахь, цара уьш тергал дIа-м ца йо, тергал дIа. Ас цхьана дийнахь цхьа-ши кийла наьрс а кхоьссина хьуна дIа, сан банан а Iаржъеллера. ДIо шийла мох тухург болх беш а яра хьуна. Кху йовхонехь хIума талха ма телха чIогIа».

Туьканийн долахоша а,кхечу йохка -эцархоша а дере а деш, Iедална йогIу ял дIаялар дац Нохчийчохь халаниг. Ницкъ бийриг ду ца йогIу ясакх охьайиллийтар.

«Амал а, гIад а дайина, низамхойн хьаькаман цIарх, я цхьанан Iедалден-маьхькамхочуьнан цIарх схьахIьуьттучу геланчаша, 5 эзар охьадиллий, I0 эзар охьадиллий бохуш. Цкъа делча долуш делара иза а… Ца делча цхьа бахьна а хIоттадой туька дIакъолу. И схьаеллийта, корта бетташ тхо леллашехь чуьра хIума хIаллакьхуьлу…» Герггарчу барамехь, иштта леткъамаш бо дукхахболчу совдегарша. И шатайпа низамаш маццалц лаьттар ду олалла деш махкахь? Цу хаттарна жоп ца хааро шалха а, кхалха а йоккху шайгара гIайгIа ,боху йохка-эцарах болх-некъ биначара.
XS
SM
MD
LG