ТIекхочийла долу линкаш

"Эццахь бIаьрг буьзира сан цунах" (Масхадов Асланах дийцарш)


Нохчийчоь --Пресс-конференци луш ву Нохчийчоьнан президент Махсхадов Аслан, Соьлж-ГIала, 03ГIа1999

Нохчийчоь --Пресс-конференци луш ву Нохчийчоьнан президент Махсхадов Аслан, Соьлж-ГIала, 03ГIа1999

...ШолгIачу тIамо ца хилча ца мега лидер Масхадов Аслан а вожийна битира нохчий. ТIаккха къам мачаделира. Дамар-дарц хилира маршонах. Ткъа мила вара и стаг халкъана оццул эша, ца хилча ца мага? ТIеман баьччашка, президентна Масхадовна уллехь леллачаьрга дош ло Маршо Радионо.


Дашо адам данне дац дуьнентΙехь – бу хΙораннан кхечу нехан кхетамца богΙуш ца хуьлу кхетам, ю гонахарчийн бΙаьргаша шайн-шайн хьесапехь туьду ледарлонаш.

Яц Маршо Радион Ιалашо нохчийн къомо заманашкахь вуьйцуш вехар волчу баьччанах Масхадов Асланах я дела ван а, я лахвина могΙара нохчо ван а. Ιалашо цхьаъ ю – мила вара иза, хΙун адам дара, тоьлла агΙонаш стенца яра, кхечу адаман а санна, даьндарго лаца хала а доцу цуьнан дог муха дара, лазамаш муьлхарш бара гайтар.

Дукха ду Масхадов Аслан вевзинчийн, везначийн цунах лаьцна дийца. Оха хΙара дийцар хΙоттадо цуьнца шайн хилла самукъне а, беламе боцу а хиламаш бовзуьйтучу къонахошца цхьаьна.

Масхадов Асланан амал, хатΙ, стогалла, доьналла, майралла, ледарлонаш, уьш цуьнгара евлира аьлла хетахь, царех лаьцна а дагалецамашка бовлар дийхира ас программин кху декъехь Баталов Аптига, Вачагаев Майрбеке, Алиев Идрисе.

Хьалхарчу тΙамехь массех бΙе новрхо, теркахо, кхечу меттигашкара кΙентий тΙьахьа а хΙиттийна, летта, халкъо Масхадов Аслан президент хаьржича, кхерамзаллин урхаллехь а, шен Масхадовн администрацин куьйгалхо а лаьттира Баталов Апти.

Нохчийчоь -- Оьрсийн эпсарца машаран къамел деш ву инарла Баталов Апти, 31Деч1996

Нохчийчоь -- Оьрсийн эпсарца машаран къамел деш ву инарла Баталов Апти, 31Деч1996

Ткъа шолгΙачу тΙеман юьххьехь тешнабехкца оьрсаша, аьлча а, ФСБ-но, лаьцна Москох дΙавигина, ша цхьана петарахь кхобуш, баккхий хьакамаш а Ιехийна, веддачех ву хΙинца Ингалсехь веха Баталов Апти.

Масхадов Асланах дуьххьара шен бΙаьрг бузуш нисделларг дагалоьцу цо.



Стеган мах хадабо цуьнан шена гонахарчу хΙуманашка, рицкъане, бахаме болчу хьажамо. Оцу тΙехь Масхадов Аслан цхьа а къестамаш болуш адам дацара, аьлла, хилам бовзийтира Маршо Радиона Парижехь вехачу историн Ιилманчас, къоман лидеран пресс-гΙоьнча лаьттинчу Вачагаев Майрбека. Иштта дагалоьцу цо цхьа самукъне сурт.




Франци --Нохчийчоьнан зIенан министр лаьттина Алиев Идрис

Франци --Нохчийчоьнан зIенан министр лаьттина Алиев Идрис



Ткъа муха баьчча вара Масхадов Аслан? Атта дарий-те цунна хΙора а къонахчунна ша инарла хетачу тΙеман аренашкахь коьртехь латта боху агΙо йовза лууш, ас доьху лидеран гоне дагадогΙург дийцар.

Университетехь физика хьехар тΙамо шегара даьккхича, Нажи-Юьртана гонахарчу ярташкара кегий нах шен гоне а озийна, царна хьалха а хΙоьттина, бΙаьхочун новкъа велира сесанхо Алиев Идрис 1994-чу шарахь. Ткъа шина тΙама юккъехь лаьттира зΙенан министр. Цуьнан бу хΙара дагалецам.







Стаг, хуьлда иза паччахь я жаΙу, гайно вовзуьйту. Цхьабосса мацлуш ву тΙемало а, цуьнан баьчча а. Дуьйцуш томе дацахь а, гайца муха вара Масхадов Аслан дийцар тΙедожадо ас айса къамел дечарна. Баталов Аптин дагалецам.



Аптис а санна, Масхадов Аслана муха доккхура шел бораха шена ца хетачу тΙемалошна юкъахь шен гайна дакъа цхьа самукъне дагалоьцу Алиев Идриса а.



Хьалхарчу тΙамехь уггаре хала беъначу муьрех цхьаъ бара Ичкерин бΙаьхошна 1995-чу шеран аьхкенан юьххьехь оьрсийн эскарш, гара а девлла, Шуьйтанний, Ведананний агΙор цхьана дийнахь чухьалхар. Оцу деношкахь, жимма дакъа бен лаьмнашкахь ца дуьсуш, тΙамах бевддера дукхахберш.

Масала, Веданара БΙаьчи-Юьрта, оьрсий болчухьа, боьдучу ломан некъан йистошца кийланашкахь Ιохкура уьдучу нохчийн тΙемалоша охьаяьшна мажош. Духар хуьйцуш, Веданахь оьцучу трико-хечин мах бара автоматанчул кхузза беза.

Мел воьхна гора оцу дийнахь Масхадов Аслан? Дагалоьцу Баталов Аптис.



Кремль хьовха, дерриг дуьне а инзардоккхуш нисделира цΙеххьашха лаьмнашкара охьабевллачу нохчийн тΙемалоша махкахь бΙеннашкахь блок-посташ а, эзарнашкахь оьрсийн салтий а, километршкахь тΙеман техника а лаьтташ, Соьлж-ГΙала мостагΙчух мукъаяккхар.


Франци --Нохчийн историк Вачагаев Майрбек, Париж, 2012

Франци --Нохчийн историк Вачагаев Майрбек, Париж, 2012


Оцу деношкахь стенгахь вара Масхадов, цуьнгара хьал-де муха гора? «ДжихΙад» операци йолийначу 1996-чу шеран Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь Масхадовна уллехь вара Вачагаев Майрбек. Иштта бу цо бовзуьйту хилам.







Дерзош, Масхадов Асланан аз карладаккхархьама, цо Маршо Радионехула деш хиллачу къамелийн цхьа фрагмент ялайо ас. ТΙаьххьара хезаш а дац вайна цуьнан аз, ала дац дΙакъаьстар ву иза къоман ойланех.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG