ТIекхочийла долу линкаш

БархI шо даьлла машаран некъ лоьху Масхадов Аслан вийна


Оьрсийчоь -- Масхадов Аслан вийна де дагалоцуш бу Москох юкъараллин жигархой, 17Заз2011

Оьрсийчоь -- Масхадов Аслан вийна де дагалоцуш бу Москох юкъараллин жигархой, 17Заз2011

8 шо хьалха 2005-чу шарахь, Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь Девкар-эвлахь вийра Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан. Иза веран бахьана хIун дара аьлла, хаьттира оха дуккха а шерашкахь цуьнца болх бина волчу Нохчийчоьнан парламентан депутат хилла волчу Исханов Хьусайне.


Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо хаам бира, Масхадов Аслан волу меттиг йийцинчу нахана догIуш долу 10 миллион доллар дIаделла шаьш аьлла. ФСБ-н векало динча дIахьедар тIехь аьлла дара, цу нахана эшахь кхечу махка дIабаха гIо дан кийча ду шаьш аьлла.

И кхин мохк «бусулба пачхьалкх» хилар билгалдаккхаро, ФСБ-на хетарехь, гайта дезаш дара Масхадовна тешна бехк бинарш нохчий хилар. Масхадовна тешнабехк бинарш цунна улле бевлла лелла болу нах хила мега аьлла, хеташ ву Исханов Хьусайн а.

Масхадов Асланан дакъа хIинца а цуьнан гергарчу нахе дIаделла дац. И дIавоьллина меттиг йийца реза ца хуьлу Оьрсийчоьнан Iедалш, иза террорахо хилла бохуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG