ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Орца кхочур дуй те къена маре ца деш яла гIоьртинчунна?


Нохчийчоь -- ГIабалеш юхкучу туьканахь нускалан духар хоржуш ю нус хила кечлуш йолу йоI, 10Заз2011
Нохчийчоь -- ГIабалеш юхкучу туьканахь нускалан духар хоржуш ю нус хила кечлуш йолу йоI, 10Заз2011

Хьалха хила йиш йоцу хIуманаш хилар алсам даьлла нохчийн юкъараллехь кху тIаьхьарчу хенахь. Къаьсттина иза хьакхалуш ду зуда ялорах а, йитарх а. Иштта кху деношкахь шен кхоллам ша кхолла луучу йоIа ша шена тIе куьгаш даьхьна Невра-къоштIахь. Цхьаболчу хаамашца, иза маре йига гIерташ хилла масийтта зуда йолу цIеххьана карабеанчу бахамо карзах ваьккхина волу хан тоьхна лаамча -милицера хьакам.

Невр-кIоштан Рубежни юьртахь масех дийне а даьлла дийцаре деш ду цу юьртара Закриев Мовладан йоI куьйгийн пхенаш а хедийна,кху беттан 13-чу дийнахь яла гIортар.

Юьртахоша дийцарехь, бахьана цхьаъ ду – цавезачу стаге маре яхийтар. Ялаза яьлла 17-18 шо долу йоI Невр-кIоштан дарбанан цIийнехь Iуьллуш а йолуш, цуьнан хьокъехь иштта дийцира Рубежни эвларчу сан цIе йоккхийла доцучу цхьана вахархочо.

Цадеза маре ца дан дуьхьало йина йоI лоьрийн тергонехь йоллушехь, юьртахоша дийцарехь, йоI маре дIаяхийтар марздеш, захало хаздеш, вуно боккха тIеIаткъам бина ЗакриевгIарна кIоштан муфтиято а, къаноша а, Iедалехь болчара а.

Билггал хIуучара чIагIдарца, юкъалелачеран кхиам хилла-тIедогIучу 19-чу, Кхаарийн дийнахь, маре дIалуш ю къармазалла гайтина йоI. Иза а, цуьнан цIераниш а берта муха балийна хууш дац, бакъду, юьртахоша дечу мукIарлонца, тамана аьлла деана, йоьIан гергарчаьрга делла ахча.

Цу ахчанан дукхалло я кхечу кхерамо сте берта балийна захалш хила гIертарш хууш дац. Мухха делахь а юьртахоша билгалдоккху селхана яла гIиртина йоI ца лаахь а лууш санна маре дIалуш хилар.

Цу захалонан гIуллакх маслаIате дIадерзо гIерташ, каде хьийзинчу муфтиятан белхоша а,къаноша а, Iедалдайша а чоьте ца эцна,караелла хIума а йолуш йоьIан йиллина хан хилар а,и йига тохавелларг масех зуда а йолуш хенара стаг хилар а.

Делахь а цхьаболчу бахархошна хетарехь,и маре юьгуш верг кIоштан коьртачу хьаькамех цхьаъ хиларе терра оьшуш хIума а доцуш,цIе тоьххарг долаяккха, цIерачеран аьтто бан йиш йолуш ехийла ду ЗакриевгIеран йоьIан.И мел ирсе хир ю боху хаттар тидамза дуьсуш ду.

Дерзош ала ду Нохчийчохь таро йолчу наха, ма-дарра аьлчи Iедалехь болчара,шолгIа а, кхоалгIа а зударий кхийлар шуьйра даьржина хIума ду.Тахана бахархошна тамаше ца хетало цара шайна хазьелла йоI долаяккха муьлхха а дуьхьало эшаяр а, ахча ца кхоош,миллионашкахь харжаш яр а.

МогIарерчу наха ишта билгалдоккху Iедалехь болчара юх-юха а шайна магош берш а, зударий бан буьгурш марехь хилла боцу кегийра мехкарий хилар, халкъалахь ма аллара аьлчи йоIстагрий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG