ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн арме бита хьалхе ду нохчашна


Оьрсийчоь -- Оханан беттан хьалхарчу дийнахь Оьрсийчохь доладелла бIаьстенан эскаре бигар. 2012
Оьрсийчоь -- Оханан беттан хьалхарчу дийнахь Оьрсийчохь доладелла бIаьстенан эскаре бигар. 2012

Оханан беттан хьалхарчу дийнахь Оьрсийчохь, эскаре бIаьстан кхайкхар доладелла. Нохчийн кегирхой юха а юккъера боьвла цунна. Амма, гуьйран и гIуллакх хийцадала мега. Ткъа, оцу юккъолгIа наной реза бац, амма, кегирхошна лууш ду эскаре баха.

Оьрсийчоьнан эскаре нохчий, шуьйрачу барамехь буьгуш боцу 20 сов шо хан ю. ТIаьххьара цига кхайкхинера 1990 шарахь. Уьш а, дукха хье а ца луш цIа хьажийнера цигара. Цхьаберш шаьш цIа а баьхкинера. Амма, хIора шарахь, эскаре кхайкхор дуолалучу хенахь, юккъараллехь къамелаш самсадовлу, дукхачу хьолехь, наношкара. Цара цхьана озаца олу, нохчийн кегий нах Оьрсийчу эскаре бига ца беза.

ХIора бIаьста а, гуьйрана а дийца долало уьш. Тахана а ду иштта. Амма, гарехь, нохчий хIокху бIаьста буьгучух тера дац эскаре. Гуьйре кхаччалца синтеме Iан мегар ду нохчийн нанойн. «Ненан орц» цIе йолчу юккъараллийн цхьанатохараллийн куьйгалхо Межидова Зайнап, махкахь, эскаре кегий нах эскаре бига мега бохург уггаре а чIогIа емал дечарах цхьаъ ю. Цуо иштта дийцира Маршо радиога.

Межидова Зайнап: « Эскаре бахийта ца беза вай нохчий кегий нах. Бахча а , царна тIехь деш дерг вайна гуш ма ду. Вай кегий нах, шаьш миччанхьа дIабахча, шай доьнал а, оьздангалла а гойтуш хуьлу. Тъка, цигахь уьш хьийзор бу. Вай Нохчийчохь а бахийта мегар дара уьш эскаре. Амма, дозаналла ара ас-м бовлуьйтура бацара».

Кхечу регионе баха беза аьлла омра делча, ца бахча боьвра ма бац уьш. РОссиянаш ду бохуш дац вай?.

Межидова Зайнап: «ХIунда боьвра бац? Россиянаш ду дера. Кехат тIехь. Оьрсийчохь долу низамаш, вай долчохь долу низамаш-стигал а, латта санна башхалла йолуш ду. ХIирийн махкахь, бархI сахьтехь вовшех герз тоьхна. Иза тIом хилла. Вай долчохь хилларг-операци ю.

16 шарахь дойуш лаьтташ долу вай, хIинца а дайина ца даьлла вай. Башхаллаш йоккха ю. Кехат тIехь-м цхьаъ ду».
Тахана Нохчийчуьра ара а ваьккхина эскаре вуьгуш цхьа а стаг вац.

ХIора шарахь аьлча санна 150 ца кхоччуш жима стаг хуьлу, махкахь йолчу «Къилба» а, «КъилбаСеда» а, батальонашка эскаре вуьгуш. Иза а контрактаца деш хIума ду. Тамашийна а дац, оццула дай-наной доьхьала болшехь, кегирхошна, лууш ду шаьш шуьйрачу кхайкхаршна юккъе шаьш бахийтар. Iальви цIе йолу хIара 30 шарелла тIехваьлла стаг, моссуьйтуза ваха гIоьртина эскаре.

Iальви: « Суна-м лаьара эскаре ваха. Шозза вахарн со тIеман коммисариате. Амма, шозза а ца вигира цара. Бахьанаш а ца дийцира. 2007 шарахь а, университет айс яьккхинчулла тIаьхь а вахарна со, амма, юха а гIуллакх ца хилира. Суна жоп ца делира цхьаммо а».

Шозза-кхузза хьо эскаре ваха гIоьртина. ХIун бахьан долуш дора ахь иза?

Iальви: « Вай дайш а ма хилли эскарехь. Оцу бахьанца лууш вара-кх со а. Кхин хIун бахьан ду ца хаа суна-м».

Шен накъостийн а, эскаре бахарна йолу дог-ойланаш а екъаелла яра боху Iальвис. Амма, омра хилча, цхьа а лечкъаш хира воцийла хаара шена боху цуо.
Iальви: «Цхьаберш лууш, вуьш ца лууш бара. Амма, бигча гIура болуш бара, дIоггара богуш ца хиллехь а. Доцца дийцича, шаьш бигча гIура болуш бара. Уьш хIунда ца буьгу а ца хаа суна. Ша, кхузахь тIом хилла аьлла дацахь.

И хIума дагдеънера суна. ТIом бу кху чохь, тешаме бац, аьлла. И ду суна хетарг».

Гарехь, хIара шо тIаьххьара хила мегаш ду, нохчийн кегирхойн паргIатехь, дайн-нанойн Iуналлехь. ТIеман коммисариатера болчу хаамца, гуьйрана шуьйрачу кхайкхаршна юккъе яха мега Нохчийчоь.

Коммисариатан белхахо: «ХIинца бIаьстенан кхайкхаршна юккъахь яц Нохчийчоь, амма, гуьйранан хила мегаш бохуш дуьйцуш-м ду. ХIинца буьгуш боцийла-м хаа суна. Кхо де ма ду кхайкхарш доладелла».

Нохчийчоьнан юккъараллехь, хетта долийча, дукхах болчарна ца хета кегий нах эскаре бига беза аьлла. Эскаре хьов, Оьрсийчоьнан регионашкара а, деша, я балха бахханчуьра йиттина а, байина а цIа кхоьхьуш болу кавказхой цIахь бита беха аьлла хета царна.

Ткъа, вай Оьрсийчоьнан дуьззина дакъа ду, цундела, лаххьийна, вай эскаре бахийта беза, бохучарах, дукха берш хIоттахь тамаш бу шай чуьра бераш Даймехкан декхар дIадала цара бахийтахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG