ТIекхочийла долу линкаш

Ирзошкахь ширлуш ю ...минанаш


Нохчийчоь -- Шайн эскарша лаьттах йоьхкина минанаш лохуш бу оьрсийн сапераш, 2011

Нохчийчоь -- Шайн эскарша лаьттах йоьхкина минанаш лохуш бу оьрсийн сапераш, 2011

ТIейогIучу бIаьста меттахΙоттор бу Нохчийчоь минанех мукъайоккху болх. Берриг а мохк минанех дIацIанбийр бу 2015-гΙа шо чекхдалале, бохуш, чΙагΙдо Ιедалша.



ХIокху цхьан шарахь, минанех 700 сов гектар цIанъян дагахь бу оьрсийн эскархой. Цара хIинцале хаамийн гIирсашкахь а гIаръяьккхина шайн и Iалашо. Гарехь, кхин а шерашна бахбала мега Нохчийчоь минанех цIанъяран болх. Мехкан Iедалшна ма хетта сиха боьдуш бац иза. Бахьанаш а хууш дац оцу хIуман. Шаьш бIаьста болх болор бу, аьлла, хаам бина республикан тIеман комендатурано.

Стохка эскархоша 2015 шо тIекхачале цIанъян билгалъяьккхина меттиган цхьа дакъа цIандира. Цхьа эзар гектар ца кхоччуш латта ду иза. Куьршлойн, Хьалха-Мартанан, Шелан, Соьлж-ГIалин, Шелковский кIошташкахь бира и болх.

2012-гIа шо тIекхачале минанаш дIайохуш Нохчийчохь хьийзинарш бара чолхечу хьолан министраллерчу лерринчу центрера говзанчаш. ТIаьххьарчу маситта шарахь цара а, тIеман сапераша а лаьттара схьаяьхна мел лаххара а 5 эзар оьккхург. 2015 шо тIекхачале - и шо ду билгалдаьккхина Iедалша - минанийн кхерам Нохчийчохь дIабаьккхина хила безаш бу. Еррриг 16 эзар гектар аренашкахь а, 7 эзар сов гектар лаьмнашкахь а ю церан цIанъян езаш.

Стохка Оьрсийчоьнан тIеман министралло федералан Iедале дехнера минаш дIаяхаран балхана 2 миллиард сом. Оцу ахчанан доккхаха дакъа дуьненаюкъарчу Iедалх йоцчу компанешна кхачо Iалашо яра Нохчийчоьнан, нагахь санна уьш и болх бан реза хилахь. Цу тIе, министралло а дIахьединера, оцу балхаца ларалур яц ша, аьлла.

Амма Оьрсийчоьнан экономикан министраллера хаам беара, оццул боккхачу барамехь ахча, харц кехаташ а кечдина, лачкъо мега, аьлла. Оьрсийчохь Iедалан кисана куьг дахийтар, муьлхачу а тIегIан тIехь, даржхошна дукха марзделла а, церан кайолуш а хIума хиларна, сел дукха ахча далар сацийна. Гарехь, ца дала а тарло иза.

Минанийн бала Нохчийчохь, федералан Iедалшна лиича, дукха сиха дIабаккхалур бара. Иза дукха дийцина хIума ду. Цхьаннах а лачкъийна хIума а доцуш, лаьттах йохку лелхаза минанаш, дукхахъерш, шаьш оьрсийн эскархош, махкахь жигара тIемаш боьлхучу хенахь йихкина ю. Низамашца доггIуш ма хиллара, шаьш дIайоьхкинчу минийн, уьш мичахь ю хоуьйтуш, карта хIоттадо эскархоша, амма, Нохчийчохь дукхахдолу и картанаш дайина. ГIарабовла ца луучу тергамхойн -уьш кхоьру бакъдолчунна дуьхьал бан тарлучу бекхамах - шеко яц, минанаш дIаяхар леррина дахдеш хиларан.

Шера аренашкахь вайзаманахь минанаш леха сапераш арабаха а ца оьшу. Латта тIехула техника дIасахохку, хьалха гIагIадиллина гIирс а болуш. Куьйга болх сапераша и техника лела ца ялучу лаьмнашкахь бо, элира ша а цхьана юкъанна чолхечу хъолан министраллехь болх бина волчу Соьлжа-гIаларчу вахархочо. Дехарх а, шен къамел дIаяздайта а ца лиира цунна.
XS
SM
MD
LG