ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхан цIийнан хьостано а, Мирзаев Султана телевизионехь ша а дIакхайкхорца могушалла бахьнехь цо шен лаамехь охьадиллина шегара дарж. Цхьана ханна муфтиятан коьрте хIоттийна цьунан хьалхара гIоьнча лаьттина Хийтанаев Мохьмад.

Тергамхоша билгалдаккхарца Нохчийчоьнан куьйгалхошлахь, нагахь белахь а, дукха бац Мирзаев Султан санна оццул лакхарчу гIантахь хьебелларш. Иза коьрта молла лаьттина 2005 шарахь дуьйна. Кадыров Рамзана хьалха таттарца, 2010 шеран аьхкенан тIаьххьарчу беттан 31-чу дийнахь валлалц аьлла цу даржехь чIагIвинера Мирзаев Iеламнехан гуламехь.

Мехкан куьйгалхочо шен оццул лерам бича, Мирзаев Султана шен дашехь багарбира бусалбан дин марзбарехь, чIагIбарехь баьхна кхиамаш, динан маьждигаш, схьайиллина тайп-тайпана доьшийлаш…» И берриге кхиамаш ,-элира цо,- Делан къинхетамаш бу цкъа делахь хьалхара президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьнехь, шолгIа Кадыров Рамзан бахьнехь тIебиссина.

Ас сайн вешега президенте, Кадыров Рамзане, гечдар а, къинтIера валар а доьху, оццул чIогIа, каде цо гIо дешшехь муфтиято кхин даккхий гIулкхаш дина цахиларна». Цу кепара дIахьедар динера Мирзаевс диъ шо хьалха ша гуттаренна а цу даржехь магийча.

Велла дIаваллалц аьлла, динан урхаллин коьрте хIоттийначу стага, могушалла бахьна долуш цIеххьана дарж дитар тамаше хета могIарерчу нахана. Еккъа могушалла хилла Iай те и дIаваларан бахьна бохуш хеттаршка буьйлу бахархой. Царна дага а догIуш диъ-пхи шо хьалха, чехийний, етташ ницкъ биний бохуш, махкахь йоккха гIовгIа лаьттира Мирзаевна гонах.

Цул тIаьхьа чIагIвира иза даиманна а аьлла цу жоьпаллин даржехь. ХIинца а дац цуьнан хьокъехь деш долу къамелаш, цхьабосса ду аьлла, цхьана «кепа тоха» йиш йолуш. Бакъду шаьш а бовзуьйтуш дош ала луурш боцу хьесап ду. Делахь а цуьнан хьокъехь Iедална гергахь бехке доцу къамелаш дийраш кIезиг бац. Иза дIаваьлла новкъа деънарш а бу, могIарера хIума лоруш берш а бу.

Майрбек: «Суна чIогIа новкъадеъна и дIаваьлла. Могуш воцуш дIаваьлла боху. дала маршала дойла цунна. Хаза нехан санна Iеламстаг а вара,нохчийн мотт дика хууш а вара».

Сатай: « ..коьрта молло дIаваьккхина хир ву-кх. Коьрта мола мила ву ца хаьа хьун? Рамзан ву-к-х. Цо шена кIорда мА виннехь вахво-кх милла а».

Мохьмад: « Вела дIаваллалц муфтий хила аьлла а мА дац. Кху итт шарахь цу телевизион чохь ву-кх иза. ГIелвелла а хир ву. кIадвелла а хир ву. Къена цахилархха-м могушалла дика ца хила а там ма бу. Муфтий бохург хала болх бу. Нахаца а, динца а болу болх атта мА бац. ГIелвелла-кх. шен могушалла мА яц и болх дIакхехьа бохуш цо дина къамел хезза ву-кх со. Ишта хета-кх суна. Со тийшар-кх цунах цо цу кепара бохуш хилча»

Мирзаев Султана шен дарж дитар а,цуьнан меттан цхьана хана декхарш кхочушдан Хийтанаев Мохьмад хIоттор а дIакхайкхош, Динан урхаллехь дIаехьначу кхеташонехь, муфтиятан болх тергонехь латтош, мехкан куьйгалхочун гIовс волчу Джовтаханов Адама билгалдаьхна динан дайша тидаме эца догIу хьалхара декхарш: « Вайн массо агIор болх марсабаккха беза.

Уггаре хьалха дIадаха деза муфтията чуьра цхьана эшшара болх дIабахьа новкъарло мел еш долу хIума. Белхан меттигаш а йитна, кест-кеста чуьра ара а дуьйлуш, хьасане юкъаметтигаш лело еза нахаца. Кхетамца,хааршца лакхенаш а йохуш, вайн урхаллин хаза нехан санна лерам хила беза юкъараллехь. Цу кхиаме вай кховчур ду нагахь вай хьасартне къахьегахь…»

Ишта дIахьедар дина муфтиятехь хийцамеш бечу 3-чу дийнахь Джовтаханов Адама. Цо къада а дина, жоьпаза дитна, цхьана эшшара болх дIа ца бохуьйтуш динан урхалллин чохь хIун хилла те бохучу маьIнехь, шен къамело кхоьллина хаттар.

Мирзаев Султана шен дарж муха дитанехь а, шеко йоцург ду, и коьртехь а волуш, кху тIаьххьарчу иттех шарахь нохчийн муфтият вайнехан дахарна вуно чIогIа тIеIаткъам беш чекхъяьлла хилар, цхьа ницкъаллин структура йолуш санна. Цо дахаре берзийна цхьаболу хийцамаш ишта бу.

Цхьаболчара тIаьхьло йолуш ца ларахь а, хьалханча динан урхалла а йолуш, Нохчийчохь бIеннаш довхой куьйга балош, маслаIаташ дина. Юкъара дIадаьлла хьесап дуй те аьлла, сацийна зударий идор а. Муфтият бахьнехь. карарчу хенахь ден-ненан пурба доцуш маре яха йиш йолуш яц йоI, стенна аьлчи цкъа делахь лоьрашкара испаравка олу, могуш хиларан тоьшалла- кехат даккха деза, шолгIа и кехат а, ден-ненан пурба а ца хилча моллано мах беш бац.

Изза муфтият жигархо а йолуш шуьйра даьржина ду махкахь, таро хиларе терра,Iедалехь болчара шолгIа а, кхоалгIа а шайна зударий долабахар а. Кху тIаьхьарчу шерашкахь муфтиято чIагIдина зударшна йовлакхаш а, дегI хьулдеш бедарш лелор а. Дукха бахархоша резабоцуш тIе а оьцуш, челакха, лартIа доцу хIума санна кхеточех ду, хIайттархо муфтият а йолуш, къайлах- къулах бен махкахь маларш цадохкийтар.

И сонта чIагIам бахьнехь, бахархошна хетарехь,махкахь шуьйра даьржаш ду,корта дIугIаз баккхар Iалашонца кегийрхоша тайп-тайпанчу дIаьвшечу молханех пайдаэцар а, лоьраш маггане а магош доцу мерза хиш мийлар а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG