ТIекхочийла долу линкаш

Мисляевс тапча шена ца тоьхна, Iедална тоьхна...


Нохчийчоь -- Ша шерашкахь дIахIоттийна хIара бензинан станци Iедалша йохор ю аьлча, ша-шена тапча тоьхна бизнесхочо Мисляев Руслана, ЧIуьлга-Юрт, 26Feb2013

Нохчийчоь -- Ша шерашкахь дIахIоттийна хIара бензинан станци Iедалша йохор ю аьлча, ша-шена тапча тоьхна бизнесхочо Мисляев Руслана, ЧIуьлга-Юрт, 26Feb2013

Теркйистан кIоштахь кар-кара а оьцуш, шуьйра дийцаре до деношкахь кIоштан гIантдена тIе а вахана, шен хIусаме кхаьчначул тIаьхьа, хIусамнене Iедалдеца хилла къамел ма-дарра дIа а дийцина, бизнесхочо Мисляев Руслана ша-шена тапча тохар. ХIетахь дуьйна кхин кхетамчу ца вогIуш, Соьлжа-гIалин 9-чу дарбанан цIийнехь Iуьллуш ву коьртана чов йинарг.



Гергарчара дийцарехь, цунна чолхе операци йина. Карарчу хенахь цо дIадуьйцург кхетадо аьлла дегайовха бу гергарнаш.Стенна аьлча, цхьа хIума дIааьлча куьг я ког меттахдаккха гIурта боху лазархо, амма вист ца хилало. ЗIенехула ишта дийцира шен гергарчуьнгахь долчу хьолах лаьцна Бена-юьртарчу цхьана вахархочо.

Мисляевн гергарниг: «Кхузахь, лазарне уьйтIахь лаьтташ-м ду тхо. Лоьраша этIийначул тIаьхьа цуьнгара хьал хаъал битаме деъна бах. Меже-хIума меттахъяккха а гIерта боху. Дикане са-м туьйсу оха. И даьндарг-м коьрта чохь йисна а ца хилла. ЭтIийначул тIаьхьа лоьраша коьртах йоллуш яц аьлча, цIахь схьакарийна. Жимма хан яьлча лоьраш эр хир ду-кх дехьа-сехьа ваккха хьашто елахь а, яцахь а».

Юххерчу гергарчара а,бахархоша а дийцарехь, ша-шена тIе куьг даххьал Мисляев Руслан бIарзвалар бахьна ду кIоштан префекто цуьнан долахь йолу ягориг ютту станци а, кхузза тIекалйина гIишло-туька а Iедало дIайоккхуш ю аьлла, шийла кхаъ баккхар. Кхин церан девне къамелаш хилла я ца хилла хуур дац, дархо кхетамчу валлалц, амма Iедалдас аьлла боху, зен меттахIоттор хьехо оьшуш а дац, ЧIуьлга Юьртахь федералан некъаца лаьтта гIишлош дIайохуш ю, аьлла.

Бахархоша чIагIдарехь, хIинца долчу Iедало чоьте оьцуш дац, некъана шина а агIор, хиш-ишалш лаьттинчу меттигашкахь вуно дукха йохк-эцаран гIишлош йоьгIна хилар а, уьш йогIа пурба делларг Нохчийчохь уггаре коьрта ларалуш йолу Кадыровн цIарх орден елла волу Ахметханов Султан коьртехь лаьттина Iедал хилар а. Ткъа хиш дIа а дохуш, ишалш лаьттина меттигаш якъаеш, цигахь Iаламат дукха харжаш йина наха хIусам-гIишлош югIуш.

Бахархоша кхеторехь, цхьана а низамца догIуш хIума дац, Iедало бакъо а елла, миллионашкахь харжаш а еш, долийна йохка-эцаран гIуллакх сел эвхьаза, бахархойн хам-пусар а, я лерам а ца беш, буххера дуьйна дохийна дIадаккхар. Цу хьокъехь дуьйцуш ву ЧIуьлга-Юьртара вахархо Деналбек.

Деналбек: «КIоштахь чIогIа дуьйцуш ду цу бохамах. ТIаьхьакхиа воьлча, и стаг цара, Iедалехь болучара, валийна-кх цу Iожаллин зиле. Герз тоххал ша-шена, холча хIоттийна-кх цара иза. Цхьана а динехь магош дац ша-шена тIе куьг дахьар. Дан хIума а ца хила дина-кх цо иза. Iедало валийна-кх иза цу тIе. Ша бакъо елла латта я гΙишло Iедало схьайоккхуш хилча, оццу Iедало цунна харж меттахIотто ма йогIу. Харцо ю-кх цу стаге кхийдош ерг. Шена и латта дезаш хилча, Iедало цуьнгара схьаэца ме еза цуьнгара и меттиг. Хьаннал, массо бакъо а йолуш, иттех шарахь къахьегна стаг ма ву иза. И гIуллакх зен дезаш ду».


Дукхахболчу тергамхоша а,бахархоша а кхеторехь, Мисляев Руслана ша-шена герз тохар, Iедалехь болчарна реза цахилар гойтуш, дуьхьалонан шатайпа гIулч ю. «И тапча цо ша-шена тоьхнехь а, - боху цхьаболучара, - иза Iедалехь болучарна кхетта».
XS
SM
MD
LG