ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паччахьера къинхетам хир болуш санна...


Оьрсийчоь -- Бутырка-набахти, Москох, 07Заз2011
Оьрсийчоь -- Бутырка-набахти, Москох, 07Заз2011

Нохчийчохь бераш дайна болчу нохчийн наноша, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам бина, лар йоцуш байначу нехан хьокъехь талламаш байта, аьлла. Иштта доьху цара тΙемаша дакъаза баьхначу нехан гΙайгΙа баре а.


Ши кIира ца кхоччуш хьалха, Соьлж-гIали юккъехь пикете арабевллачу бераш дайначу наношца цхьаьнакхетар дIадаьхьира меттигерачу Iедалан дайша, хьалха ваьлла республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш. Оцу цхьаьнакхетаре сатесна бара и зударий. Амма республикан куьйгалхочуьнга а ца даладелла церан хаттаршна жоьпаш. Цул тIаьхьа оцу зударшна кхин хIума дуьсура, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам банний бен. И гIулч яьккхаран бахьанех лаьцна дийцира бераш дайначу наношна хьалхаяьллачу Межидова Зайнапа.

Межидова Зайнап: "Бераш дайна наной лела дуккха а хан ю. Уьш леш а бу. "Хьо харжа а хаьржинера оха. Ахь гIо дийр ду аьлла хеташ а ду тхо", - аьлла ду оха цуьнга бичну кхайкхмна Iтехь. Маситтаза яздина оха цуьнга. ХIинца президент иза хаьржинчул тIаьхьа дуьххьара яздо.

Маршо радио: Шуна шайна хIун бахьанаш ду аьлла хета, ишшта байна болу нах, мича бахана аьлла таллам ца барна?

Межидова Зайнап: "Рамзанан карахь иза делахьара, цо тоххара уьш схьалехна хир бара. Тхан цуьнца хиллачу цхьаьнакхетарехь, цо элира, и доцург, шега мьулха а гIуллакх чекхадаккхалур ду, аьлла. Шен карахь иза доцийла хаийтира цо. Шадерриг Путинан карахь ду. ДIадигина бераш ма ду уьш, «мочить в сортире» а бохуш".

Маршо радио: Пикет дIаяьлча хиллачу цхьаьнакхетарехь аш дийцира-кх, нохчийн цхьацца метигашкахь чохь бахкош бу, аьлла...

Межидова Зайнап: "ХIирийн махкхахь бу уьш чохь бахкош. Суна сайна хаьа, кхаа гIаларчу набахтешкахь уьш латтош буйла, хIоранне ноьмарш а елла. 243 стаг цхьана набахтехь бу. Итт набахти ю иза. Ас хIинца билггал мичахь ю алахь, цигахь хIуъа а дан тарло. 12 шо долуш вайна, 16 шарахь лехна кIант цIавалийнера оха. Иза а, цуьнан нана а тешаш бу".

Межидова Зайнапа шаьш цIавалийна бохург ву Индербаев Iела. Хьалхара тIом болабелча дуьйна цIера вайна волу иза стохка бен ца карийра цуьнан нанна. Иза генахь а ца хиллера - ГIебарта-Балкхаройн махкахь, коьртаца цамгар йолучийн дарбан цIийнехь. Оцу 16 шарахь кхечу цIарца, ша мила ву а ца хууш, цу чохь ваьллина иза. Тахана шен вайна я дIавигина волу кIант я йоI лоьхучу нохчийн нанойх хIоранна а луур дара шайн лехарш ишшта дерзийта. Амма царах билггал хIун хилла хиъча а тоам бийр болчу хьолехь бу и зударий.
XS
SM
MD
LG