ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь «ша мохк» боцийла хаийтина Умаров Джамбулата кинорежиссерна Сокуровна


«Ника» совгIат схьаоьцуш Петарбухахь вевзаш волчу кинорежиссерна, цо «Нохчийчоь ша-тайпа сектор ю, Оьрсийчоьнца цуьнан дозуш хIума дац», аьллачу Сокуров Александрна жоп делла Нохчийчуьра.

Кадыров Рамзанан Iедалехь Къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министр волчу Умаров Джамбулата дIахьедина шен резавацар.

«КIеда аьлча, режиссера тIехваьлла. Эр дацара ас иза политиках ца кхеташ стаг а ву, ца хууш ву, Нохчийчоь Оьрсийчоьнах къастадойла доцу дакъа дуйла», аьлла Умаровс прессехула.

«Хила тарло, цунна Оьрсийчоь иштта ган лууш. Къаьмнаш, динаш шайн-шайн петарчу а хевшина. Iамерко хастор дара иштаниг», - аьлла Умаровс, яздо «Вечерний курьер» газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG