ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«ПетIамат-зезаг - 2012» операци йолаелла Нохчийчохь а


 Оьрсийчоь -- ПетIамат-зезаган хIуш леладо наркоманаш шайна оьшуш долу дIаьвше молха кечдеш.
Оьрсийчоь -- ПетIамат-зезаган хIуш леладо наркоманаш шайна оьшуш долу дIаьвше молха кечдеш.

Нохчийчохь наркополисхоша дIайолийна "ПетIамат-зезаг-2012" цIе йолу операци. Цо дика жамIаш дохьур ду аьлла, хета оцу урхаллерчу говзанчашна.


Мангал-беттан хьалхарчу дийнахь йолийна йолу «ПетIамат зезаг-2012» цIе йолу операци, гурралц дIахьур ю наркотикаш яржорна дуьхьала къийсам латточу урхаллин Нохчийчохь долчу декъо. Оцу юкъана наркополисхоша жигара боккху аренашца шаьш беш болу болх.

ЖамIаш а хуьлу церан. Гарехь, кIомал дIаер а, цуьнах пайда эцар а, дIадаьлла дац Нохчийчохь, цу тайпа операци дIаяхьаро, пайда бохьар бу бохуш далахь. Маршо Радиога оцу операцех а, махкахь наркотикашца долчу хьолах а лаьцна дийцира оцу урхаллан зорбан-секретара Гайраханов Мовлас.

Гайраханов Мовла: «ХIора шарахь дIахьуш ю и операци. Нохчийчохь петIамат-зезаг а, кIомал а кхиийна, ян дIайийна меттигаш лоьху оха. Ишшта хуьлуш долу массийта шо ду. Наха шаьш кхиош меттигаш а хуьлу. Царна таIзар деш а хIума хир ду иза. Нохчийчоь, хIума дика кхуьуш меттиг ю. КIомал а, хIу охьадоьжчхьана, ша хьалайолуш ю.

Еккъа кIомалх пайда оьцуш бац наркоманаш. ТIаьхьарчу хенахь, аптекашкахь духкучу молханех кечйо цара, шайна тоха хIума. Дезоморфин олу цуьнах. И дIовш кечдар 3-4-зза дорах хуьлу, героин оьцучулла. Цундела таронаш ледар йолчу наркоманаша цуьнах пайда оьцу.

Дукха хан йоццуш, Соьлж-гIалахь, БухIан-юьртахь цхьана петар чохь дIалаьцнера молханаш духкуш болу цхьа доьзал. Баккхийчу барамашкахь, республикана чу дохьуш хилла цара тайп-тайпана молханаш. Уьш меттигерчу телевизионехь а гайтира. Амма оцу доьзалера цхьаьна зудчунна дуьхьала бен бехк такхаман гIуллакх схьаделлар ца хилла. Иза а, Iедалша магийна доцу молха лелош хилла аьлла, ду».

ХIокху беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь, лоьрера кехат а доцуш, эца йиш яц, кодеин юкъахь долу лазар дIадоккху молха. Ала догIу, кодеин ду нурофен а, пенталгин а, ишшта кхин долчу а моханашна юкъахь. Шаьш и кодеин юкъахь долу молха низаманна кIел даладе боху дукха хан яра аьлла, кхин дIа а дийцира Гайраханов Мовлас.

Гайраханов Мовла: «Охъа и кодеин юкъахь долу молх сацаде боху массийта шо а дара. Иза оха даиман а делхош дара. Цуьнах даккхийн зуламаш долу. Нохчийчохь тIаьхьарчу шерашкахь и молханаш бахьана долуш даьржина доккха зулам дара. Героин а, кхин йолу наркотикаш а юхаяьккхинера-кх оцу молханаша».

Тахана Нохчийчохь билггала хууш дац маса наркоман ву. И статистика къоьвлина ю. Амма иза гIаряьккхина хилча а, и терахь официала долчулла 5-6 -зза лакхадаккха дезар ду, бах цхьаболчу говзанчаша.

Оьрсийчохь дийца долийна ду, наркоманашна набахтехь таIзар дан деза бохуш. Тамашийна далахь а, оцу тIеэца мегачу низаманна дуьхьала ю наркотикашна дуьхьало латтош йолу урхалла. Нохчийчохь долчу цуьнан декъан зорбан-секретаро Гайраханов Мовлас ишшта дийцира цуьнах лаьцна.

Гайраханов Мовла: «Оцу стаганна, я цуьнан гергарчу нахана хаьлхахь, набахте воьду хьо, я дарбан хIусаме воьду хьо олий, хаттар хIоттадо кхело. Нагахь иза набахте вахийтича, цу чуьра тон а велла ара ца волу иза. Цулсовнаха зуламийн кхин а къоршаме хIуманаш а Iемий, я махкана а, ян шен нахана а пайдехь а воцуш, ара волу иза. Ишшта оцу хьокъехь тхайн хетарг оха хаийтина».

«ПетIамат-зезаг- 2012» цIе йолу операци гурахь дIайирзича къаьстар бу цуьнан жамIийн барам. ХIинцале ала мегар ду, кIомал дIайийна, я ша ларамаза иза кхиина меттигаш махкахь дуккха а ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG