ТIекхочийла долу линкаш

​Марха достучу дийнахь дукха оьрсий баьхкинера Нохчийчу гергарчу нехан кешнашна тIехIитта


Керста динехь болчеран марха досту де тIекхача цхьа бутт сов хьалха дуьйна леррина цхьанатохаран тоба а кхоьллина, кечам беш бара Нохчийчохь оьрсаша марха достучу денна. ХIеттехь дIакхайкхина дара, ма-дарра аьлчи ,кIоштийн, яртийн хьаькамашна тIедожийнера керста динехь болчеран кешнаш, цIандеш,боцчохь го беш, битаме далор.

ТIедехкина декхарш цара кхиамца кхочуш дира Iедалан балхахь мел берш рогI-рогIана кешнашка а кхуьйлуш. Цу кеппара ца довззал битаме далийна Новр кIоштан Ищери юьртара кешнаш а. Циггара яхархо яра со къамеле яккха гIоьртинарг, амма цо дукха къовзийна элира марха достучу дийнахь тергалделлачух.

«Марха досту де даздира. Гергарчийн каш тIехIитта кхечанхьара тIе баьхкира. Хьалха санна дукха-м ца хийтира суна кхушара баьхкинарш!

Теркана гена доццуш ду Ищерера оьрсийн кешнаш. Цига боьдучу некъаца Iаш ву 6I шо долу Зайда. Цо дуьйцу марха дастарх а, цу дийнахь шайн юьрта листинчу адамех а.

Зайда: «Дукха адам деънера. Тхан урамехь Iедал-Iедал долуш I-чу майхь муха хуьлу даздарш ишта адам схьаоьхуш. Массо маьIIера схьа-м ихи. Сан керта баьхкира,со волчу Ростовера а, Тихорецкера а, Новориссийкера а. Тхо цхьана даьхна ца Iаш, со цхьаболчаьрца дешна а мА ву, 17 шарахь соьца болх бина сан накъост а веънера. Самах а, гIенах а Ищери ю боху шена дагахь.

20 шо хан ю хьуна иза дIавахна. Кхузара дIаихна оьрсий бехачу юьртах Чечен аул олу боху. Уьш мелла а къаьсташ ма бу бухарчарех. Хьуна бакъдерг дезахь оьрсийн дIабахчахьана кхузара къепе дIаяьлла-кх хьуна.

Деллахь ас сайга боху-кх, ткъа шо хьалха гIазкхий кешнаш цIандийр ду аьлчи бакъ хьанна моьттур дара. Цхьа тешар вацара. Нохчаша цIандеш лелош-м ду. Телевизар чухула тахана а баркаллаш бохуш бара. И дика ма ду. Кхин цхьа доттагI а ву сан оьрсий. Кхушара цуьнан вогIийла ца хили. Стохка веъна кхо де-буьйса даьккхина вахнера…»

Карарчу хенахь Нохчийчохь коьртехь мозгIарш а болуш болх беш кхоъ килс ю: Соьлжа-гIалахь а, Новр, Шелковск кIошташкахь а. Тахана а белларш дIа а берзош болх беш ду 60 гергга кешнаш а. Царех дукхахдерш, хIинца а бехаш алсам оьрсий болчу Новр а, Шелковск а кIошташкахь ду. Iедалдайша тIедожорца пхи шо сов хан ю керста динехь болчара марха досту хан герга еъча, белхеш а беш, меттигерчу бахархошка нехех, кхаьллех уьш дIацIандойту.

Цхьаболчарна чIогIа товш дац бертахь а. бертаза а Iедалан балхахь болчаьрга уьш куьце даладайтар. Вайнахана юьхькIаме хIума ду-кх оьрсий кешнаш цIена латтор. Ишта хьажам берш а бац кIезиг. Бакъдерг дийцича шуна хIун лаьа, муха лаьа бохуш, хеттаршца церан сагатдеш бац Iедалехь берш а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG