ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алапа хир дац декхар хилахь


Коммуналан хьаштех, ахчанаш дIа ца делча, Iедалан белхахоша арз дол, шайна алапа схьаэцар ца хуьлу бохуш. И хIума Iедалша, официала гIара а даьккхина деш дац, амма, мьулхачу вахархочуьнна Iедалшца йолчу юккъметиган лаьтташ ю цигара и справкеш.

Iедалан белхахоша и бала хьоьгу, масех шо ду. Алапа схьаэцарца боьзна а ца Iаш, муьлхачу вахархочо, Iедалца цхьа гIуллакх Iоттаделча, къаьстина кехаташца доьзна долу, иза дIагIурту, коммуналан урхаллашкара справкех. Ахь, цигара, коммуналан хьаштех ахча дIаделла аьлла, и кехатан чкъуьйриг еъча, хьуна йоххург дIало, амма, иза яцахь-гIуллакх ца хуьлу. Боккхачу кхерамца, шайна магийна дац, и справка ца хилахь, я алапа, я кхидолу гIуллакх дан олу, хазарна кхоьруш санна цигарчу белхахоша.

Белхан меттигашца ледарло йолчу меттехь, цхьана агIора ахча кардогIуш ца хилча хIетте а, ка ца йолу, хIора баттахь, зил тоьхча санна, хIора баттахь аьлча санна, коммуналан хьаштехь тIекхеташ долу ахча дIадала. Цундела, дукхачу наха, ка-мIара тосий а, шина-кхаа баттахь, гул а дой, дIало иза.

Ткъа, Iедалан ца тов, шена дала дезаш долу декхар хьедича. Иштта хьал, шай балха тIехь а дара боху Нохчийчуьрчу цхьана министраллехь болх бечу Айзана. Тахана шайга цуьнах олуш хIума дац, амма, шен гергар стаг, ша санна Iедалан балхахь йолчуьнга, аьлла ду алапа дезахь, коммуналан хьашташ дIало аьлла. Дашан аьлча, петар чохь, масла, кхо стаг валахь а вазийна, ахча дIа ца далар, бIостнехь доьрзу царна массарна а.

Айзан: «Алапа схьаоьцуш справка яла езара, иза коммуналан хьаштех декхар дац аьлла. Хьалха уьш йогIуш и хIума дора оха. ХIинца, хIокху муьрехь ца ехна тхоьга уьш. Массара а и справкеш яхьара, декхар дац аьлла. Сан маьрйиша а , тхан петар чохь дIаязйина яра. Цуьнга балха тIера ехнера и справка. Тхан петар чохь декхар дара, цундела оха, цунна бала ца хилийтархьам дIаделира, иза дала таро йоццушехь».

Коммуналан хьаштех, ахча нахера дIаоьцуш, иза схьадоьхуш а башха къа ца хьоьгу Iедалша. Дукханахь ю иза дIалуш меттигаш, амма, яьккхий рагIанаш хуьлу цигахь а. Интернетехула шайна тIера декхар дIадаккха а таро яц, ерриге а Оьрсийчохь санна. Цхьацца ца хуучу бахьанашца, и аьтто ца ло, коммуналан урхаллаш. Цхьаболчу нехан, шеко ю, оцу ахчанца бозбунчалла лелорхьам, ца до иза. Цулла совнах, газах, цхьаннахь, тоьках кхечанхьа, хинах а, нехаш дIаяхарх, кхозлогIачу меттехь луш ду коммуналан хьаштех ахчанаш.

ТIом дIабирзича, махкахь, къепе дIахоьттича, талучу дахаран, баркаллана санна, наха, шайгахь далахь а , дацахь а дIадала долийра и ахчанаш. Уггаре а жигаралла лакхъелира, дIадаханчу шина шарахь. Администрацийн лаккхара белхахой хьалха а бовлуш, и декхарш схьагулдора, Нохчийчоьнана куьйгалхочуьнна Кадыров Рамзанан омра кхочуш деш- коммуналан хьаштехь долу ахчанаш гулдар I00 проценте хьалдаккха аьлла.

И дика гайтамаш а болуш схьадогIуш дара гIуллакх, амма, хIара шо доладеллачу дуьйна, цIеххьана телхина и куьцехь долу сурт. Болчу хаамашца, нахана я ца лаьа и ахчанаш дIадала, я царна тIедогIучу ахчанца догIуш дац, дIадала дезаш дерг. Мухха а далахь, цкъа хилла а ца Iаш, Iедалша хаийтина, шайна дала дезаш долу декхарш, шаьш дуьтург ца хилар. КестолгIа юха а лела тарло хьакамаш, хIора петарах хан йоццучу хенахь, уллехь герзхой а болуш, ахчанаш схаьдоьгIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG