Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIорто йийр ю Европана
Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице президенто Пенс Майклс Мюнхенерчу Кхерамзаллин конференцехь Европан куьйгалхошка дIахьедира, Iамерк Европан уггар а йоккха бартхо хир ю аьлла. Цо кхидIа а элира Цхаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоь жоьпалле озор ю Украинан гIуллакхашна юкъагIертарна. Цу юкъана, Москохца бартбан бух а лохур бу, аьлла тIетуьхира цо. И къамел цо дира кху шеран Чиллан-беттан 18-чу дийнахь.