ТIекхочийла долу линкаш

Путин хоржуш Нохчийчохь леллачу харцонашца къийсало Навальный Алексей


Оьрсийчоь -- Харжамашкахь леллачу харцонашна дуьхьал хIоттийначу гуламера лецна нах бохку полицин машена чохь, Moскох, 6Сти2012.

Оьрсийчоь -- Харжамашкахь леллачу харцонашна дуьхьал хIоттийначу гуламера лецна нах бохку полицин машена чохь, Moскох, 6Сти2012.

Вевзаш волчу блоггера Навальный Алексейс, кху бΙаьста президентан харжамашкахь лелла харцонаш Ιорайохуш, прокуратуре арз дира Нохчийчуьрчу Симсарахь видеокамераша гойту харцонаш таллар а, бехкечарна таΙзардар а доьхуш. Нохчийчуьрчу Талламан Комитето харжамаш бирзина бутт баьлча жоп делира Навальныйна харжамийн цΙийнахь лелларг дацаре деш. Амма хΙинца а къарвелла вац важа – цо юха а яздина прокуратуре оццу хьокъехь арз.


Нажи-Юьртан къоштарчу 236 ноьмар долчу Симсарарчу школа чохь болх бина харжамийн дакъа ду гоьваьллачу оппозиционера, блоггера Навальный Алексейс талламчашка Путин Владимир президент а хΙуттуш бирзинчу харжамашкара схьаэцна далхийнарг.

Навальный вуьззина бакъ вуйла го хΙетахь, харжамаш боьлхучу дийнахь Симсарарчу харжамкахь видеокамераша дитинчу тоьшалле хьаьжча. Чуволуш, харжамийн дайшна тΙевоьдий, цхьа паспорт дΙалой, кхожан кехат схьаоьцуш, юха араволий, тΙерачу Ιаьнан духарх паргΙат а волий, вогΙий, кхин паспорт дΙалой, юха а кхаж схьаоьцуш хΙийза ткъе иттех шо долу меттигера вахархо.

Иштта пхоьазза кхаж тосу оцу къонахчо.ТΙаьхьо Навальныйн аьрзана жоп деллачу Нажи-Юьртан къоштан Талламан Комитето вовзуьйту бозбуанчалла лелориг. Иза ву Симсарара Исаев Ιадлан

Оццу Симсарарчу харжаман декъера ду шолгΙа харцо йовзуьйту сурт а. Яхархочо Гиримбиева Полас а тосу шозза кхаж. КхозлагΙа харцо ю оццу сохьташкара – чохь низаман терго ечу меттигерчу жигархочуьнга Айнаиловга паспорт дΙало, ша кхаж тесна яьлча, кхечу харжамхочо, Автаева Язмана.

И харцонаш листар доьхуш, Навальныйс гΙаттадайтина гΙуллакх дерзош, Нажи-Юьртарчу талламчаша хаам бо, пхоьазза кхаж тесначу Исаев Ιадлана а, шозза кхаж тесначу Гиримбиева Полас а шайн гергарчарна хьалхара и гΙуллакх дина, олий.

Харцонех жоп луш Навальныйна низамлардархоша делла жоп беламе ду. Исаев а, важа ши зуда а жоьпе озийна яцахь а, цара бакъдо наха лелийнарг харцо хилар. Ткъа и бахьанехь таΙзарш бехкечарна къасточу меттана, низам довзуьйтуш лакхарчу хьакамаша кечбина бацара харжамашна, олий, бехказа боху харжамийн комиссе хевшина Ιийна нах а тΙехь.

Талламан комитетерчу говзанчаша Навальный Алексейна деллачу жоьпехь и доцург, кхин а ду Ιедалх тешам бойъу хΙума. Шаьш левинчу Исаевс а, кхечу шина зудчо а тесна ворххΙе а кхаж, цара хьанна дΙабелла а тΙехь яздо талламчаша – Путин Владимирна.

Навальныйс шен блога тΙехь ма-баххара, арз толлучу муьлххачу а Ιедалан охΙланашна беш хаам бу из, хьовсалаш, ларлолаш, аш жоьпе кхайкха мега нах бен-башхачех бац шуна, уьш Путинан харжамхой бу шуна, хьебойла а дац шуна аш уьш, бохуш санна.

Нажи-Юьртарчу Талламан комитетан жоьпана реза ца хилла Навальный. Ши бутт бу цо шозлагΙа а оццу хьокъехь арз лакхадахьийтина. Амма жоп цкъачунна доцуш лаьтта и дов.


Нохчий бΙе процент гергга бахара харжамашка, оцу наха массара а санна Путин Владимир президент хилар лууш кхаж а тесира, аьлла дара Нохчийчуьра харжамийн жамΙаш. Оцу суьрто ша а гойтура мел моттаргΙане бу махкахь муьлхха а харжамаш. Цунах кхаьрда, йоьлу Оьрсийчоь тахана а.

Симсарахь санна харжамашкахь гΙурт лелла хиларан тоьшаллаш шен агΙор гулдира Маршо Радионо президентан харжамашкахь а, царел хьалха чекхбевллачу парламентан харжамашкахь а.

Парламентан харжамаш а бирзира Ιедалехь йолчу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партина Нохчийчоьно бΙе гергга процент дΙаяларца. Кехаташа бохура иштта. Амма цигахь а лийлира бозбунчаллаш. Тхан корреспондента Терйистерчу Ιели-Юьртахь, харжамаш боьлхучура йира хΙетахь шен репортаж. ХΙара кийсиг цигара ю.

МР: Масанна теси ахь кхаж, хΙинцца араваьлла хьо?

Харжамхо: «Сарсарина а тесна, сайна а тесна, Ириский,

Хедий, Хадижаттий... ас ворхΙанна тесна-кх уьш».

МР: ТΙаккха, церан паспорташ хьогахь дара?


Харжамхо: «Дацара дера!»

МР: Паспортан билгалонаш хила ца еза цигахь?!


Харжамхо: «И-м шайна луъург дийр дара цара!»

МР: Хетарш ноьмарш язйо-кх цара, йой?


Харжамхо: «Йо хир ю-кх».


МР: ЦΙена а, хΙунаьхдина а бу бохуш болу, паспорташ а доцуш хьоьга кхаж муха тосуьйту тΙаккха?...

Харжамхо: « Со тешаме стаг ву церан».


Амма цхьа а ю ала харцо йоцуш бирзи харжамаш, дерриг а дика ду, Путин Владимиррий, цунна тΙекарло ен партий вуно чΙогΙа оьшу, еза нохчашна. Цара цундела цхьана даггахь кхаж а тесна, аьлла, дирзина официалехь дерриг а. Ткъа Ιораяьхна харцонаш хьулъян-м дуккха а кепаш а, адамаш а долуш ду Оьрсийчохь а, оццу Нохчийчохь а.

ХΙун хир ду Навальный Алексейс Симсарарчу харжамашкара кийтарлонаш Ιорайохуш гΙаттийначух? ХΙумма а хир дац. Иштта бен карадац жоп. Делахь а дикане сатийса бакъо цхьаммо а ца яьккхина вайгара дΙа. Хьовсур-кха муха хуьлу Навальныйс дΙахьажийначу шолгΙачу леткъамна дуьхьал догΙу жоп.


XS
SM
MD
LG