ТIекхочийла долу линкаш

Гай бале долуш ду нохчийн полисхошна


Оьрсийчоьнан полицин гIайгIа бу дилхалахь белхахой алсамбовлар

Оьрсийчоьнан полицин гIайгIа бу дилхалахь белхахой алсамбовлар

Белхан меттиг стагера дΙаяккха йиш ю Нохчийчохь муьлххачу а хьакамийн, низамаша хьоьху бакъонаш а ца юьйцуш. Ишттаниг нисделла деношкахь некъан полицехь болх бечу кхаа стагца. Изза нислойла ду муьлххачу а белхахочуьнца, иза баккхийчу хьаькамийн бакъонехь а доцчу омранашца вуьззина ларавеш вацахь...



РогIера мехкан белхий а кхайкхийна, цIаньян йолийна Соьлжа-гIалин Октябрь-кIоштера 20-гIа дакъа-куп олу меттиг. Мехкан куьйгалхочо дIакхайкхорца, 2013 шо тIедале дIадерза дезаш ду цигара белхаш - нехаш, кхаьллий, новкъа мел долу хIума дIадоккхуш, урамаш битаме далор а, сир-кир деш, керташ югIуш, хIусамаш йина йовлийтар а.

Шайн-шайна меттигаш дIаса а екъна, хIоккхал аьлла цIе а тоьхна, хIусамаш йогIа а, цIано ярна а декхарийла йина ю кIошташ а, министараллаш а. Цу маьхаза бечу балхах хьалха вуьтуш вац махкахь Iедалан балхахь волу цхьа а цхьаъ, ур-атталла некъан низам лардеш болу полисхой а.

Соьлжа –гIалахь дIахьош долу цIанонан белхаш чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло мел жоьпалле лору гойту аьлла хета кху деношкахь кхоъ низамхо балхара дIаваккхаро а. Уьш дIабахаран бахьана ду йиллинчу хенал уьш гIала дIакхача 15 минот тIаьхьабисар.

Балхара вохийна кхуьй а Теркйистера ву . Уьш юха балха дIахIитта дегайовха хиларна церан цIерш ца йоху ас. Царалахь цхьаъ, балха тIехь дика лараваларна, буьйранчаша дина дуккха а совгIаташ а долуш, 12 шо ду некъан низам лардечу урхаллехь къахьоьгуш волу.

«ДIа-м атта ваьккхи со, ас дуьйцург, леташ долчу жIаьлел башха тергал а ца деш, - боху цу кхааннах воккхаха волчо. - Тхуна и Соьлжа-гIала бIе сов чакхарма ма ю. Новкъахь чIург хуьйцуш хьеделла тхо, кхин минот яйина а яц. Цу тIе, шозза-кхузза а зIе а йиттина, тхо дIадогIуш ду-шуна, бохуш.

Яан дог хиллачу чено кIорни ченала хьакхийна бохург ду аьлла хета низамхочунна шайца лелориг. Цо дийцарехь церан ур-атталла рапорт яздян а ца дезна. Уьш хьалххехь бертаза яздайтина, охьадехкина лаьтташ ду, цо дийцарехь.

Кхеторхьама аьлча, тахана, масала, полицин некъан урхалле стаг балха дIаоьцуш велахь, цо балха дIаэцийта яздина ца Iаш, со, хьенех-минех, сайн лаамехь балхара дIаволуш ву, олий, шолгIаниг а яздо рапорт, бухахь терахь а доцуш. Хьоьгара цхьа ледарло йоллушехь, хьаькамо буха терахь а дуьллий, хьан рапорт гучудоккху, низамаца нийса а догIуш, хьо хьайн лаамехь балхара дIаваьлларг веш. И ламаст кхузахь лелаш долу дуьххьара шо дац бохуш дуьйцу Соьлжа- гIаларчу цхьана низамхочо.

Некъан низам лардечу белхошлах хала бен лела ца луш, дилхана берстина, гайла белхахой дукха бу, цара шайн догIмийн дола ца дахь, рапорташ охьаяздайта, аьлла мехкан куьйгалхочо. Цо и алар бахьанехь яздайтина цаьрга уьш бохуш дуьйцу кхечу полисхочо.

Меттигерчу бакъонашларьярхоша даре а деш, и тайпа нийсадацарш, кIоршаме низамаш талхор Нохчийчохь могIарера гIуллакх ду. Хуучара дийцарехь, масийтта шо хьалха, Къилба ХIирийчохь тIом иккхича, цига баха ца лиинчех иттаннаш низамхой балхара бохийна, цу кепара бертахь а, бертаза а яздинчу рапортех пайда а оьцуш. Бохийна, Оьрсийчоьнан низамца могIарера низамхо, гIаролхо цига хьажор нийса доццушехь.

Иза а, кхин а, кхузахь лела морзахе, Оьрсийчоьнан низамца бIоста нисло хIуманаш Москох ца хаьа аьлла хетарш вуно кIезиг бу. Дукхахберш тешна бу, цигахь, Кремлехь, ца а хууш, кхузахь когга-м стенна буьйцу, са а ца доккху аьлла хетарш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG