ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалахь полисхо вийначун беза мах


Нохчийчоь -- Полисхо вуьйш дIаязйинчу видеонан сурт, Соьлж-ГIала, 22Манг2014

Нохчийчоь -- Полисхо вуьйш дIаязйинчу видеонан сурт, Соьлж-ГIала, 22Манг2014

КIира сов зама яьлла Соьлж-ГIалин юккъехъ, Кадыров проспектехь, лаьтта тIехула некъана дехьаволийлехь, бIаьрнегIар ца тухуш эвхьаза, кIесаркIаг чу тапча а тоьхна, полисхо вийна. Дийна я вийна куьг бехкениг карор тIедиллина ницкъаллин структурашна. Iедалан массо хьукхамат –урхаллашкахь, адам мел лестачу меттигашка дIаоьхкина ду зуламхочун суьрташ.

Бакъду, цуьнан сурт вуно дика къаьсташ делахь а, Допаев Ахьмад вийна шолгIа кIира доладеллехь а, тешнабехкаца цIий Iанийначун лорх кхуьуш бац низамхой.

Иза лаьттах вахча санна къайлаваьлла. Низамхошца а.ницкъаллин структурашца а зIе латточу департамента директоро Дакаев Ахьмада дийцарехь, сацам боцуш, дийнахь-буса а лохуш ву зуламхо.

Цуьнгахь хиллачу боккхачу тIоьрмигца доьзна, цхьаболчу говзанчийн шеко ю, сел эвхьаза стаг вийнарг дозанал дехьа хан а яьккхина, хIинцца-хIинца цIа веъна аьлла. Леррина могIарера полисхо вех веъна хир ваций иза?- хеттаре буьйлу кхиберш. Мел бехке хIума хила еза цуьнан тIоьрмиг чохь моза берал башха ца хеташ стаг вен?- ахкаме буьйлу кхиберш.

Шен хьажам бу цу вер-ваккхарца боьзна цхьаболчу политологийн а, бакъонашларьярхойн а. » Полисхо вер чоьхьарчу гIуллакхийн министараллина йина эхье кхоссар санна лара догIу,- боху политолога Мартагов Руслана.

- Мел паргIат, сиха воцуш и зуламхо леларо гойту цо стаг дуьххьала вуьйш цахилар. И карор, юьхьIаьржонах ларбалар санна, перза декхар ду полисхойн… Кхузахь ахча кхайкхор коьрта ду ала а хIуттур вацара со.

Шайна тIе бехк беъна лору низамхоша. Цул сов, гIалин юккъехь, видеокамерш чухула ган а гуш, полисхо вер, юххера бохам санна халонга даьлла Iедалдайшна а. Стенна аьлчи Нохчийчоьа а, Соьлж-ГIала а кху тIаьхьарчу некъехь, уггар тийна, синтеме меттигаш санна хьехош яра ерриг Оьрсийчохь а.

Ткъа кхузахь, цу юккъехула, цу кароза волчу стага, шен цIахь-кертахь котам юьйчуха, сих а ца луш, оццул зевне полисхо вийна. Цундела кхайкхийна Кадыровс цуьнан хьокъехь мехала совгIаташ». Цу кепара хьажам-ойла хааме яьккхина политолога Мартагов Руслана.

Масех де хьалха а хьахийна а.дийцина а ма хиллара, Нохчийчохь массарна а цхьабосса - могIарерчу нахана, Iедалехь болчарна а чIогIа новкъадеъна, кхин гуш бахьна а доцуш, шен балха тIехь волу полисхо Дапаев Ахьмад вер. Кхузара, политолога Мартанов Руслана билгал ма даккхара, кхайкхийначу дезачу совгIаташка хьаьжжа а доцуш, зуламхо лахарехь каде хьийзар бу низамхой хьовх бахархой а.

Ишта ойла йолчех ю адамийн бакъонашларьярхо Сатарова Хеда а. «Цу боьхачу, эвхьазчу зулам дас стаг веро бендоцуш, юьстах ца витина цхьа а. Iедалдайша и ахча ца кхайкхийнехь а шайн ницкъ мел кхочург дийр ду могIарерчу бахархоша и куьг бехкениг схьакаро. Сайх аьлчи ас и цIий Iанийнарг каро дийр доцуш хIума дацар-кх»,- боху бакъонашларъярхочо Сатарова Хедас.

Бахархойн дагалецамехь ду, полисхо вийначу деношкахь, ницкъаллин структурашца ша дIаехьначу кхеташонехь мехкан куьйгалхочо, цуьнан гергарниш муьлш бу а хьовса, цаьрца къамел а де аьлла, дина тIедиллар. БархI де-буьйса дIадаьллехь а, юкъараллехь гIардаьккхина дац, оццул сапаргIат, бIо ца къажош, Соьлж-ГIалин юккъехь полисхо а вийна къайлаваьлларг кхузара я дIогара ву аьлла.

Цхьаболчара бакъдарца цу Iаткъамечу бохамо гайтина Нохчийчуьра хьал мА-дуьйццу, кхин дIоггара синтеме цахилар а, мичча меттехь, хьаьнцца а хIуъу а хила тарлуш хилар а. Официалан хьостанаша даре а деш, Соьлж-ГIалахь, некъана дехьаволийлехь полисхо Дапаев Ахьмад вийначул тIаьхьа, герзаца дуьхьало йинера аьлла шиъ вийна Хьалха-Мартанан Гихта эвлана юххехь. Ишта кху дкеношкахь карийна герзан къайле а, лаьцна мацах цкъа тIемалошна гIо дина вахархо а.

Нохчийчохь тергаллучу хиламашна юьстах ца Iийна Оьрсийчуьра бакъонашларьярхой а. «Болх беш низамаш а доцчу, шайна луъург деш ницкъаллин структураш а йолчу Нохчийчуьрчу хьелашца куьг бехкениг вийцинчунна ишта совгIаташ кхайкхор нийса ца хила а тарло.

Доьхуш жоп а доцуш, низамхошна хIуъу а могуьйтучохь ишта совгIаташ кхайкхор кхераме ду». Цу кепара дIахьедар дина бакъонашларьечу Мемориалан центран кхеташонан декъашхочо, «Горячие точки» программа хьаькамо Орлов Олега.

Низамаца догIуш а доцу лецаршший, ницкъ баррий, харц тIеIаткъам баррий долчу Нохчийчохь оццул даккхай совгIаташ кхайкхор кхераме хIума лоручех ю бакъонашларьярхо Локшина Татьяна а. Бакъду царна а, кхечарна а хетарш а, цахетарш а Iе...

Татьяна а. Бакъду царна а, кхечарна а хетарш а, цахетарш а Iедалехь болчара кхузахь хьесапе оьцуш дан а дац, цара Iорадохурш мел бегашена хIуманаш дацахь а.

XS
SM
MD
LG