ТIекхочийла долу линкаш

Уггаре а оьшуш говзанчаш бу ...полисхой


Нохчийчоь -- Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана полисхойн караделла ах сов къашташкара Iедал.

Нохчийчоь -- Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана полисхойн караделла ах сов къашташкара Iедал.

Деношкахь Нохчийчуьрчу полицин дакъошкара хьаькамаш Ιедалан даржашка хΙитторца шен режиман кхерамзалла лагΙъеш нисделлера Кадыров Рамзанан. ХΙинца цо полицехь мукъадевллачу даржашка а хΙиттийна шена оьшу хьаькамаш.


ХIара кIира дагалацаме хилла дисина Соьлж-ГIалин а, Теркйистан а кIоштийн полицин белхошна. Церан хьакамех цхьаберш Iедалан урхалле баьхна, кхиберш даржашкахь лакхабаьхна.

Керла хьаькамаш хIиттош, кIошташкахула чекхваьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан. Цкъа хьалха цо, низамхошна вовза а вовзийтина, Соьлж-гIалин кIоштан полицин коьрте хаийна майор Закриев Сайд-Хьасан. Теркйисте а кхаьчна, низамхойн хьаькам хIоттийна подполковник Ахмаев Муса.

Соьлжа-ГIалин а,Теркйист а кIошташкахь гIантдай хIиттийначеран метта полицин урхаллийн коьрте ши хьаькам дIахIоттош Алхановс шина а кIоштехь дина къамел чIогIа тера догIуш ду. «Ахмаев Мусана хаьа, мехкан куьйгалхочо, Оьрсийчоьнан турпалхочо Кадыров Рамзана Iедалан белхошка жоп доьхур дерг хIун ду. И ду юкъараллехь низам, бахархойн кхерамазалла ларьяр».

ХIоразза а, оцу кепехь мехкан куьйгалхо а хьахош, дIахьедарш дира мехкан коьртачу полисхочо.

Цул совнаха, Теркйистехь Алханов Руслана дакъалецира гIаттамхойн карах белла низамхой а, Кадыров Ахьмад а дагалоцуш хIоттийначу хIолламна тIехь доIанаш деш а.

Нохчийчохь керла дац полицера хьаькамаш лаккхарчу Iедалан даржашка а хIиттош, церан метта кхиберш хьалхатеттар. Дукха хан йоццуш ТIехьа –Мартанан а, Хьалха-Мартанан кIоштийн гIантдай хIиттийна полицехь урхалла деш хилла Айдамиров Хьусайн а, Дадаев ИбрахIим а. Хууш ма-хиллара, Шелан кIоштан низамхойн коьртехь лаьттина ву махкан куьйгалхойх цхьаъ волу Даудов Мохьмад а.
XS
SM
MD
LG