ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь "тийна" ду...


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалин битамех цхьаъ, Зазадоккху-бутт, 2012

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалин битамех цхьаъ, Зазадоккху-бутт, 2012

Бахначу беттанашкахь а санна, чолхе хьал лаьтта Къилбаседа Кавказехь. Дехьа-сехьара сурт тидича, Нохчийчоь мелла а маьрша ю кху деношкахь тIемех. Амма даима а санна лаьтта гIаттамхойн уьйраш Iедало лехар, уьш карор коьрте а дохкуш, нах лецар.



Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло бечу хаамца кхушеран исс баттачохь Нохчийчохь лаьцнарг 80 сов тIемало а, церан агIонча а ву. Юккъерчу барамехь схьаэцча, хIора баттахь лоцург иттех стаг велахь а, даима а бохург санна, лоьцучийн тIийриг хедаш яц. И тIечIагIдо хIора денна а полицин урхалло гуларехь хааме дохучу терахьаша а.

ТIемалошна гIодина аьлла, шеко йолуш, Соьлжан кIоштара 21 шо долу вахархо лаьцна Соьлжа –гIалахь Заводан кIоштан низамхоша. Цара билгалдаккхарца, Iедало иза бехке веш ву 2009 шарахь дуьйна тIемалошна цо кхачанан сурсаташ а латтош, жигара гIодарна. Лаьцначо къаро йина, дийцарехь, ша бехкевечу зуламна.

Ишта гIаттамхошна тIелестарна бехке еш 40 шо долу зуда сацийна ШуьйтIан кIоштан Варандахь а. Низамхоша дуьйцург бакъ делахь, цо даре дина хIинцачул ворхI шо хьалха гIаттамхошна напха а латтош, царна хене бовла гIо дина ша аьлла.

ТIеман хьу йолчу хиламийн, гIайгIанийн чулацам базбан санна, вер-ваккхар нисделла Хьалха- МартантIехь. ТIеман омранато гIарадаккхарца, ларамза маса топ а яьлла, коьртах шокъали кхетта велла цхьана ханна Нохчийчу гIуллакх дан веъна хилла чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин белхахо.

.
XS
SM
MD
LG