ТIекхочийла долу линкаш

Европерчу кхелехь, шен хьокъехь дов юха листар тIедожийна, Тангиев Тимура, шен куьйга пхенаш хедийна. Иштта дуьхьало йина цуо Соьлж-ГIаларчу талламан изоляторна чохь шена бечу ницкъана.

Итт сов шарахь набахтехь, чIагам бинчу рожехь чохь а ваьллина, Европерачу кхело, цунна тIехь Iедалша терго ца яр бахьнехь гIело еш ю аьлла сацам а бина, волу Тангиев Тимур, тахана а, хало хьоьгуш ву, Соьлжа-гIаларчу талламан изолятор чохь. Цуьнан хьокъехь рогIера дов ду хоттуш. Цунна бехке дуьллуш ду, цуо цхьана дийнахь Соьлжа-гIалахь, ворх стаг верна. Ша Тангиев Тимура, и бехк аьттехь ца буьту шена тIехь.

Тахана, цуьнан хьокъехь долу гIуллакх, юха листа долийна Нохчийчуьрчу кхело. Бехкъастархойн кара дIалура болуш бу цуьнан кхоллам. Ша бохучуьнна тIера, чохь валлаш волу Тангиев Тимур ца ваьлча, цунна тIе Iаткъам бан а, къизалш ян йолийна талалман изолятор чохь, бохуш арз до цуьнан нанас Тангиева Людас. Дашца а, ницкъаца шена тIехь еш йолу гIело ла ца елла, Тангиев Тимура, ши кIира хьалха куьйга пхенаш хедийнера шен, элира цуо Маршо радиога цуьнах йистхуьлуш.

Люда Тангиева: «Куьйгаш хедийна цуо. Цхь арз оха прокуратуре чуелла. 20 дийнахь, и арз дIакхаьчначулла тIехь, цуо шен тIехь и хIума дина. Цунна I5 де –буьйсий а диллиина карцер чохь даккха. Буьйсана ша верг дIавижинчу хенахь, иза волчу чу а оьхуш, кхерамаш а туьйсуш, шаььш вуьйра ву бохуш. Цуо мацалла дIакхайкхинчулла тIехь дина хIума ду иза».

Ша набахтехь чохь валлаш, Тангиев Тимура, маситтаза, куьйгийн а, когийн а, пхенаш хедийна. Харцо ла ца елча, до иза, дукхачу хьолехь набахтерачу тутмакхаша. Амма, гарехь, набахтешкахь кхетачух тера дац, адам сел къар ца даларан бахьнех. Цундела, шен кIант коьртан лартIехь вуй хьажа, экспертиза йиллина цара. Ша тешаш яц боху Тангиева Людас, цунна лучу молханех а, цара дарб дийра ду бохучуьнах а.

ХIора кIирнахь аьлча санна, хуьлуш ю Тангиев Тимуран тIехь дIахьочу кхелан кхеташо. ХIоразза, шен гуш дерг ду, бехк буьллучу агIора прокурораш, бехккъастархошца, къамеле буьйлуш хилар. Ша иза дийца долийча а, цунна терго ца йо, аьлла тидам бира Тангиева Людас.

Тангиева Люда: « Тахана тIе а яхана, ас суьдхочуьнга дIа аьллера, ас, прокурор а, зе хилларш бу бохурш а, бехккъастархошца къамелаш деш бу аьлла. Тхуна, низам хуьлу, телефонаш ца латайойтуш. Ткъа, кхъечу агIоне иза йойуьйтуш а яц. Сан кIента суьрташ а догIу цара. ХIунда догIуа ца хаа. Цунна доьхьала хилар, мелла а лахделла. Оцу нехан а бехк бац. Иза ву шуна бехке, оха схьавалийна шуна аьлла царна дIагойтуш ву иза. Цундела, уьш реза боцуш бу. Оцу зал чохь-м кхин кхерам а бацара, амма, тхуна ган а ца гуш, оцу талламан изолятор чохь, Тимурина тIехь ницкъ беш бу-кх. Ма хуьллу, вахьтаIош ву цара иза».

Прокурораш бехкъастархошца цхьа уьйранаш хилар тидам бина, Тангиев Тимуран адвокат волчу Аветисян Григора а. Шаьш и хIума айдира долуш ду, аьлла хаам бира цуо.

Аветисян Григор: «Тхоьгахь и информаци йолуш ю. Цунна оха таллам бийра а бу. Iедалшка а хоуьйтура ду. Хала хеташ далахь а, иза иштта хуьлуш ду, иза Тимуран хьокъехь хинболчу кхелан сацамна тIехь хаадала мегаш а ду. Тхуна гуш ду, и къамелаш бахьнехь, бехккъастархойн ойланашна Iаткъам бан а мега цара. ГIуллакх хала ду. Нагахь санна, бехкъастархойн ойланаш Iаткъам бина хилахь, вайна гуш дерг ду, йозуш йоцуш кхел шена тIехь дIаяхьар Тимурийн и бакъо йохош хилар. Суна хетарехь,Iедалша а, кхелан системан белхахой а, цуьнах кхеташ а бац».

Тангиев Тимур, 2003 шарахь дIалаьцнера Соьлжа-гIалахь, шен цIахь. Цунна бехке дуьллуш дара, цуо, тIемалойн тобанна юккъахь нах байина хилар. Ша Тимура, и хIума аьттехь а ца дитина. I0 шо Оьрсийчоьнан цхьана кIоштехь чохь хан йоккхуш валлачу цуо, Европерачу адамийн бакъонашкахула кхеле арз динера, ша бехк боцуш чохь валлош ву аьлла. Цигахь, бинчу сацамца, 45 эзар евро дара пачхаьлкхан гIуда тоьхна, иштта цуьнан и гIуллакх юхлистар а тIедожийнера. ХIета дуьйна, керла кхел дIайолийча дуьйна, ловш бу оцу жимчу стага и бала. Лаккхарчу тIегIант тIера, и хIума тергонехь далахь а, юха а даккхий гIалаташца дIахьоош ду цуьнан хьокъехь долу и дов.

XS
SM
MD
LG