ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIоле юй те Нохчийчоьнан прокурор нохчо хилар?


Низаман васт
Низаман васт


Ткъеха шо дара Кремло Нохчийчоьнан прокурораш тIаьхий-хьалхий хуьйцуш латтабе а, оцу дарже оьрсий бен хIиттош боцу а. ХIинца и хьал хийцаделла - нохчо ваийтина оцу дарже.

Ма-доггIу теллина бехкаш а боцуш, дукха нохчий набахтешка хьежийна Iедало. Хаьдда дац "евзаш йоцчу" герзахойн тобанаша махкахь нах идор а, доьза байъар а. Амма и тайпа зуламаш совцон гунахь долуш бацара хIинццалц Нохчийчуьра прокурораш. Шуна хIун аьлла хета, тоьлий мехкан прокуроран меттехь нохчо хилар? ХIун сатийсамаш бузу аш прокуратуран коьртехь хиллачу хийцамашца? Йовзийта Маршо Радионехула шайн ойланаш.

Къамелехь дакъалаца лаам болчо зΙе тоха мегар ду иштта. Юьхьанца Чехин код +420, цул тΙаьхьа 724 019 832. Боцца горгали схьахьажийча а тоаме ду тхуна, тхо тхаьш девр ду духьал зΙене. SMS яийта таро ло тхан Мегафонан лоьмар тΙе: + 7 926 23 60 4 65. Циггахь шайн къамел дIаяздайта а аьтто бу шун. ЗΙе тхоьца карайойла ду имейлехула а: nc@rferl.org

XS
SM
MD
LG