ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: «Роснефть» ши б1аьрг а биллина хьажа лууш яц Нохчийчоьне


«Цара тхуна 12,5 миллиардах бахам бохкар – иза беламе ду, сов бестийна мах, - резавац Кадыров Рамзан «Роснефть» корпорацин президенто Сечин Игора Нохчийчуьрчу «Грознефтегазан» 51 процент акцех мехкан дола лург оццул дукха ахча дехарна.

«Суна ца хаьа церан менеджменто муха лору. Ас къуьйсурш регионан интересаш ю. Оха лоьхур ю нийсо. «Роснефть» ши бIаьрг а биллина хьажа лууш яц Нохчийчоьне. Йоккхачу политикера веана Сечин бизнесе, ган мегар дара Нохчийчоь тШамах яьлла, шен экономика денъян гIерташ регион юйла» - аьлла Кадыровс "Россия 24" телеканалехь къамелдеш.

Маршо Радионо хьалхо довзийтира "Роснефтан" аукционан хьелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG