ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марханаш лацарца боьзна юха а цакхетамаш хилла Нохчийчохь


Къеданаша а, Iеламнаха а цхьаьна дIаяхьначу кхеташонехь сацам бина,-бохура официалан хьостано,-мархийн беттан хьалхара де уьссалгIа де хир долуш. Цу дийнан дозаллин сий-лерам беш сагIийна хIума а луш, марха лаца кечамаш бира бахархоша.

Царна бакълена а кхаъ хилларг дара махкахь,хьалххехь дIа а кхайкхийна, массара а цхьатерра мархийн бутт болабар.Цу безачу,Дала къурIан доссийначу баттаца махкахой декъалбеш дIахьедар дира динан урхаллин коьртехь волчу Мирзаев Султана а.

Кхузахь тергаллучу суьртаца муфтиятан лаам а.цуьнан хьажам а кхузахь коьрта а, я тIаьххьара а цахилар гучудаккха санна,дукха дах ца делира бахархойн хазахетар.

Цу буссехь Iуьйра ламаз хан тIеяле гIаланашкахь .ярташкахь маьждигашкахь кхайкхо долийна марха лацар I0-чу дийне дIатоттуш ду аьлла.

Делахь а и ца хеззарш махкахь вуно дукха бу.Царех ву Соьлжа-гIалин Старопромысал кIоштера ши хьаьжимурд а.ГIала чубогIучу боккхачу некъан йистехь нисделира тхан марха лацарх къамел. Цу шимма муфтиято дуьххьала кхайкхийна мА-хиллара лаьцна хиллера марханаш.

КIезиг бай Нохчийчохь марха лаца а лаьцна юха дохийнарш а,муфтиято лелочунна шаьш реза цахилар хьулам а ца беш хоуьйтуш берш а.Иштачех бу бен-бечу кIошташкахь сан къамелаш деъна хIара бахархой а.

Ткъа Новр-кIоштера Муслим цIе йолу вахархочунна хетарехь вайнахалахь бекъамаш хилийта а,барт ца хилийта а цхьа билггала Iалашо а хIоттийна леррина лелочу хIумнех тера деттало хIора шарна и мархийн бутт бахьнехь нисло цакхетарш.

Цхьаболчара кхеторехь жайнаш Iамош,кегош,лаха оьшуш а,кхолла оьшуш а хIумма а дан а дац. Эзарнаш шо хьалха дуьйна а кхоьллина тIеэцна хенаго олу календараш ю.Цара боххург дичхьана корта кегго хьашто яц марха маца лоцу бохуш.

Иштта хьажам болчех ву дезткъара ваьлла Теркйист кIоштера къано Солтамурадов Хьусайн.Кхечу мехкашкахь хIуъу а дахь боху цо,бекъамаш а ца беш,марха лацар а,дастар а Нохчийчохь мукъане а цхьана хенахь хилийта дезаш дара. Хьусайн ву дуьйцуш.

Нохчийн муфтиятехь а,Iедалхошлахь а барт цахиларан,уьш вовшех кхеташ цахиларан тоьшалла лору дукхахболчу бахархоша,масех де хьалха цхьа де билгал а даьккхина,марха лоцу хан тIекхаьчча,цIеххьана бахархой собар зе ,я царна хIуттаре ян санна и де хийцар.
XS
SM
MD
LG