ТIекхочийла долу линкаш

ХIунда гIерта нохчий, вовшашца къийса а луш, Марха достучу дийнахь стоьлаш кечъян?


Малхбузерчу Европехь хIоразза а дезденош тIекхочуш массо а аьлча санна хIуманийн мехаш охьадохуш Iедал ду. Изза хуьлу Гергарчу Малхбалехь йолчу бусулба пачхаьакхашкахь.

Ткъа Нохчийчохь марха досту де тIекхочуш сурсатийн мехаш хаа а луш хьаладовла. Амма, цуьнга хьажна доцуш, декхарела бахана а, цу дийнахь кхачанаш бан сурсаташ оьцу вайнаха. Цуьнца доьзна ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Стенна гIерта аьлла хета шуна нохчий, вовшашца къийса а луш, марха достучу денна стоьлаш кечъян?
Телефон тоха Маршо радиога я СМС хабар даийта хIокху номерна тIе.
Нохчийчура тухуш номер ишта хир ю: 10 42 07 24 01 98 32

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: 8 926 23 604 65.

Хаттаран хьокъехь коммент йита тхан сайта тIехь: www.radiomarsho.com

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG