ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха досту де билгалдаккхаре ладоьгIуш бу Нохчийчура бахархой


Нохчийчоь --Теркйист,05Тов2013
Нохчийчоь --Теркйист,05Тов2013

Бахархоша тоьшалла а деш,кху тIаьхьарчу иттех шарчохь ладегIам а боцуш, нехан са а ца гатдеш нисделла дац махкахь дукха хьолахь марха лацар а.дастар а.Цунна къеггина масал ду хIара юьххье болуш болу перза бутт а.

Карладаккха аьлча,марха лаца диъ-пхи де хьалха,телерадиохь кхайкха а деш Нохчийчохь хааме даьккхира товбецан беттан 9-чу дийнахь дуьйна болалуш бу мархин бутт аьлла.Официалан Iорадаккхарца и сацам бинера къеданийн,Iеламнехан кхеташонехь 4-чу дийнахь.

“Кху шарахь Рамадан беттан хьалхарниг 9-гIа де нисло. Цу сацаме баьхкина шайн кхеташонехь мехкан къаной-къеданаш. Цу дийнахь марха лацар нисло кхечу бусалбан пачхьалкхашкахь а.И мехала хаам халкъе дIакхачийна рузбанан дийнахь маьждигашкахула а,хаамийн гIирсашкахула а.»

Герггарчу барамехь цу кеппара дIахьедар дира мархин баттах къеданийн Кхеташонан коьртехь волчу Кадыров Хожа-Ахьмада а. мма хууш м-хиллара и аьллар-сацам дахаре ца а берзош юхабаьккхира. хан марха лоцу аьлла кхайкхийначу.

Товбеца-беттан 8-чу дийнан буьйсанна 2-3 сахьт даьллчхьана Iуьйра ламазан хан хиллалц маьждигашкахь кхайкхош дара марха тахана мА лаца,I0-чу дийнахь дуьйна бен хила дезаш дац марха бохуш.

Вуьшта аьлчи цхьана гуш боцчу,ондачу ницкъо бохийна,дамар цу бина,аьтта дIабахийтинера къеданийн а,Iеламнехан кхеташоно бина сацам.КIезиг бацара де делкъанга лестинчул тIаьхьа и хаам лере а кхаьчна марха дохийнарш а.Бакъдерг аьлчи дуккха а бара Iедалехь болчара лелориг тергамза а дитна шайн марханаш кхаьбнарш а.

И мархин бутт болабаларе терра нислуш ду кхузахь ,схьахетарехь,и дIаберзар а. Ма-дарра аьлчи, йиснарг йоккха юкъ яцахь а бахархошна хууш дац марханаш дастар маца ,муьлхачу дийнахь нислуш ду. Цу хьокъехь ас дукха хеттарш дина нахалахь.

Цхьаболчара беламе хьу ялош забаре жоьпаш ло,кху баттахь даста декхарра-м ду марханаш бохучу кепехь,кхечара марханаш дастар дузу стенна делахь а,шайнне кема а лаьцна, жима хьаьжа дехка Iаьрбойн пачхьалкхе бахана цхьаболу бу боху,таро йолу беза-баккхий махкахой а,церан гергарниш а цIабахкарца.

ХIора шарна а марха лацарна а,дастарна а гонаха нисло цакхетарш дийцаре дан эшна дац могIарерчу бахархошлахь. Цара и деш хIумма а хастаме ца валхаво нехан сагатдарна куьг бехке верг а. Бахархоша дуьйцучуьнан маьIна дан хала дац.» Кхо некъ бу боху дешначу наха марха досту де къасто таро луш.

Муьлхханиг харжий а.тхан са ма даахь. Кхо-диъ де,кIира хьалха схьаалахь,са а ца дууш,кху дийнахь, махкахой, вайн марха досту шуна. Ца хуьлчу далахь 31 дийнахь а кхабийтахь и марха, амма хьалххехь бина къастам хилийтахь».

Герггарчу барамехь ишта къамелаш до бахархоша шайна бечу Iаткъамах.Марха дастарх а хьокъехь Нохчийчохь лелочух дуьйцуш ю Соьлжа-гIалара зударий Умалатова Тумиша а,Зармаева Буча а.

Цхьаболчу могIарерчу бахархошна хетарехь Iедална коьртехь болчара шайна ма тов, шайн аьллар-лааме хьаьжжа дIаберзош бу махкахь дуккха а мехала хиламаш. Цара кхеторехь цу юкъара болуш бац ур-аттал перза мархин бутт а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG