ТIекхочийла долу линкаш

ГIаттамхошца гIиллакх лацарна - набахте


Нохчийн лаьмнаш - ГIаттамхойн хIусам

Нохчийн лаьмнаш - ГIаттамхойн хIусам

Нохчийчохь тахана тΙом бечу а, бинчу а гΙаттамхойн гергарнаш хилла ца Ιаш, Ιедална гергахь бехке бу Умаров Доккин бΙаьхой гича мотт ца тоьхнарш а, нохчалла а дитина, тΙемалошка дIа а ца хьожуш, ведда къайла мел ца ваьлларг а. ХΙинца рогΙера кегийрхойн тоба ю кхеле озийна, церан гΙаттамхой дог а лезна, царна хьошалла а лелийна аьлла.




ТIаьххьарчу шерашкахь, хIора кIирнахь аьлча санна, тIемалошна гIо дина нах гучубоху махкахь. Уьш дукха хьолехь гойтуш а ца хуьлу телехьожийлехь.

Тахана тIемалошна гIо деш ву аьлла, низамхойн тидаме вожа хала дац. Тоьаш ду, урамехь, ниисархошлахь тIемалойн агIо лоцуш къамел дар а. Амма наггахь цхьаболу бахархой гучубовлу гIаттамхошна кхоччуш гIо деш, ян гIо дина.

Кху деношкахь мехкарчу кхеле хьажийна тIемалошна гIодина бохучу ялх вахархочун дов. Талламо къастийна, цара Соьлжан кIоштахь, шаьш беххачу Аьхкинчу-Борзехь тIемалошна юучуьнца а , духарца а, ахчанца а гIодина хилар.

Дийцарехь, цара 40 эзар сом а гулдина, тIемалошна дIаделла хилла. Ишшта, царех цхьаъ, ша а тIемало хилла аьлла, бехкво.

Тахана тIемалой дийна кара ца боьлху Нохчийочхь. Цундела царна гIодийраш къастор жигарадаьккхина низамхоша. Амма наггахь нисло, ша тIевеанчу тIемалочо, шайна гIо деш берш гучубохуш.

Ишшта хилира, масала, Веданан кIоштахь. Вежарийн ГакаевгIеран тобанехь Iийначу 23 шо долчу Темишев Ислама, хьаннашкара ведда, Iедалшна ша тIевахча, цIерашца дIабийцира шайна гIо деш мел хилларш.

20 сов стаг вара уьш, схьа а гулвина, телекамершна бухахIоттийна. Царалахь Iедалан болхахой а нисбеллера. Цхьана ишколан директор а, цуьнан гIовс а вара цаьрца.

Темишев Ислама хIораммо мичахь, стенца гIодина дуьйцура лецначарех лаьцна.

Цхьана стагна тIекхойкхура иза. «Ахь тхоьга телефон а тухуш, полисхой цига бахана, я цигара богIуш бу, бохуш, ма дуьйцура. ХIинца хIунда лечкъадо ахь иза?!» - воьхначу цхьана воккхачу стаге къамел дора Темишевс.

Кадыров Рамзана, ша и нах дIахецале, цаьргара а дош даьккхира, кхин тIемалошна гIодийр дац, аьлла. Амма и гIодийраш дIалоьцуш белахь а, Нохчийчуьрчу тIемалойн гIортор йолуш ю – иза гойту деношкахь йолалцуш йолчу кхело а.
XS
SM
MD
LG