ТIекхочийла долу линкаш

Гергарчу тIемалочунна гIо дарна лаьцна Веданара яхархо


Нохчийчоь -- ХIусамда (тIемало) вуьш йохийначу шен хIусам чохь байлахь дисинчу бераца хиина Iаш ю цуьнах йисина зуда. Соьлж-ГIала, 21Гезг2007

Нохчийчоь -- ХIусамда (тIемало) вуьш йохийначу шен хIусам чохь байлахь дисинчу бераца хиина Iаш ю цуьнах йисина зуда. Соьлж-ГIала, 21Гезг2007

Нохчийчура Ведан-кIоштара яхархо лаьцна меттигерчу Iедалша вежарин ГакаевгIеран тIеман тобанна юкъахь хиллачу стагана ахчанца гIо дина аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Кавказский узел олучу бакъонашларъярхойн интернетан портало. Юьйцург ю Сулейманова Арубика.

Нохчийчура прокуратуран векалша чIагIдарехь, 2010-чу шарахь Сулейманов Руслан цIе йолчу жимачу стагана 10 эзар сом ахча делла хилла цо.

"Кавказский узел" агенталло бечу хаамца, Сулейманова лаьцна хилла Iедалша 2013-чу шарахь Iай, ГакаевгIеран тоба тIамехь кхелхинчул тIаьхьа. Дагадоуьйту 6 дийнахь-бусий бIеннашкахь го бинчу Iедалан ницкъашна дуьхьал тIемаш а бина, герз кхачийча шаьш лелхийтинера вежарша ГакаевгIара – Хьусайна а, Муслима а, церан бархI накъосто а.

Вежарийн ГакаевгIеран тобанехь Iийначу 23 шо долчу Темишев Ислама, хьаннашкара ведда Iедалшна ша тIевахча, цIерашца дIабийцинера шайна гIо дина болу нах.

20 сов стаг вара уьш, схьа а гулбина, телекамершна хьалха хIиттийна. Царна юкъахь бара Iедалан болхахой а, школан директор а, цуьнан гIовс а.

Темишев Ислам бохучу стага дийцира царах хIораммо а мичахь, маца, муха дира шайна гIо, лаьцначу нехан бIаьргашчу а хьоьжуш.

Кадыров Рамзана битира и нах, царгара тIемалошна кхин гIо дийр дац аьлла дош а даьккхина.

Царна юкъахь хиллачух тера ду Сулейманова Арубика а. Кадыровс алар бахьана долуш йитинчух хилла тера ду иза, цу хенахь жоьпе а ца озош. Амма тахана цхьа ца кхетачу бахьаница прокуратуран белхахоша юха а меттах даьккхина Сулейманован гIуллакх.

Кхузахь жима-тIама кхеташ ду хилларг. Iедалшка и зуда а, кхиберш а дIабийцинарг ву цара селхана бепиган юьхк йелла стаг. Иза шуьйра схьаоьхьуш вара Iедалша меттигерчу телевизионехула.

Ткъа муха нисло цхьа а теш а воцуш кхача белла а, я тIе юха бедар, я мача елла стаг шераш даьлча а бехке вар. Муха хаьа Iедалшна цо тIемалошна гIо дина хилар?

Дакаев Муса харц тоьшаллаш а дина шолгIа Нохчийчура тIом болалуш оьрсийн эскархоша а, милцоша а лаьцна йоццучу хенахь талламан изоляторехь латтийна ву. Цо дуьйцу.

Дакаев Муса:

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG