ТIекхочийла долу линкаш

Кху баттахь а бу лецнарш а, байъинарш а


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу гайтамехь шен таронаш йовзийтира нохчийн полицино, 09Сти2012

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу гайтамехь шен таронаш йовзийтира нохчийн полицино, 09Сти2012

Нохчийчоьнан гΙаланашкахь а, ярташкахь а Ιедалан ницкъаша ца хеддаш дΙахьош ду тΙемалой а, цаьрца уьйр йолу а нах лехар, лецар, хΙалакбар. И болх шаьш дΙахьош цара алссам тΙеΙаткъам бо бахархошна низамехь доцу тΙедахкарш дарца а. Шаьш ломан хьаннашка гΙаттамхой леха а, байъа а доьлхуш, Кадыров Ιедалан тΙеман дакъоша юкъ-кара лаамза буьгу шайца хьаннашкарчу кегийрхойн гергарнаш а.


ТIемалойн агIончаш лецарца а, шайн лаамехь уьш Iедална тIеэхарца а билгалбаьлла бара Нохчийчохь чекхбаьлла Мангал-бутт. Схьагучу суьртехь, цу декъехь эшна хир болчух тера дац карабеъна Товбецан-бутт а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорабохучу хаамашца хедаш яц, шаьш лелийнарг нийса цахилар кхета а дина, дохко а бевлла, Iедална тIеоьхуш болчу гIаттамхойн агIончийн тIийриг.

ВорхI-бархI шо хьалха тIемалошна гIо дина, аьлла, бехк а кховдийна, 54 шо долу зуда лаьцна Веданан кIоштан Эластанжара. Талламхоша чIагIдарехь, цо мукIарло дина шега кховдийна бехк бух болуш бу, аьлла.

Полицин урхаллин хьостано гIардаккхарца, шегара даьллачунна къаро а йина, низамхойн каравахана Соьлжа-гIалин кIоштан Iалхан-Калара 24 шо долу жима стаг. Цо дередина, хьашт-дезарш листарехь гIаттамхошна гIодар доцург, ша тIеман декъашхо хилла вац, аьлла. Цо дуьйцург мел бух болуш ду хаа зераш ду долийна.

Масех шарахь баха-бахка а, кхачанца а тIемалойн аьтто бина вахархо лаьцна Хьалха-Мартанан кIоштан Шалажехь. Официало дечу дIахьедаршна тIе а тевжина аьлча, иштта гIаттамхойн агIончаш Iедална тIеэхарца а, лецарца а къаьсташ ю байначу беттан чаккхе а, карабеъначу Товбецан-беттан юьхь а.

ТIемалойн агIончаш лецар хьокъехь мехкан куьйгалхочо Кадыровс чоьхьарчу гIуллакхийн министрца Алханов Русланца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь баркалла кхайкхийна ДегIастанехь талор дан араяьлла ГIебарта-Балкхаройн махкара йоI лаьцначу полицин белхошна.

Ала догIу, и тайпа бехк цу йоIе кховдор харцдо цуьнан гергарчара. Цара бахарехь, иза яха кIорда а дина, яла араяьлла а ца хилла, мелхо а, деша хIотта Iалашо йолуш, йоьдуш хилла ДегIастана. Муьлха агIо бакъ ю, хууш дац.

Амма и бахьнехь, само йинчу низамхойн лаккхара мах хадош дIахьедар динчу мехкан куьйгалхочо юха а билгалдаьккхина, гIаттамхой дукха бисина цахилар а, царна халкъо наьIалт кхайкхийна хилар а, бисинарш кхела хьалха хIиттийна я байина дIабаьхна, цхьа йист йоккхур хилар а.

ТIамца боьзна и тайпа хиламаш боцуш, маьждиг чохь, хьуламехь латтош къайле гучуяьлла Соьлж-гIалин кIоштан Керла- юрт цIе йолчу жимачу, нохчашлахь 2-гIа отделении олучу эвлахь. Цигахь лаьтта тоьхначу аннаш бухахь, хьуламехь латтош, карийна тайп-тайпана молханаш а, урс а.
Низамхошна хетарехь, цуьнан долахой бу, шайн цхьа тоба а кхоьллина, Умаров Доккин накъостий-агIончаш болу кеп а хIиттош, зуламаш деш лелаш болу меттигера бахархой. Цу юкъара шиъ ши кIира хьалха вийна, ткъа цхьаъ Iедало лохуш ву, боху официалан хьостано.

Маьждига чохь и тайпа тIаьхьалонна дIаIалашдина молханийн аптека латторна, юьртахоша тоьшалла а деш, цкъачунна Iедало цхьана а агIор бехке лоруш вац маьждиган имам. Амма кхана-лама и хьажам хийцалур бац ала хала ду.
XS
SM
MD
LG